Финлянди Оьрсийчоьнца доза долуш хиларна а, ткъа иштта Европехь Нохчийчуьра бевддачарна уггаре а атта тховкIело лучу пачхьалкхех цхьаъ иза хиларна а, тIаьхьарчу шерашкахь дуккха а вайнах гулбелла Финляндехь. Царех цхьаболчарна Европе кхача г1одарна бехке вина совдегар а, адамийн бакъонаш ларъхярхо а волу меттигера вахархо Стурше Микаэль.
Масех эзар нохчийн мухIажир ву карарчу хенахь Финляндехь вехаш. ТIаьхьарчу шерашкахь Европехь тховкIело лоьхуш болу Нохчийчуьра бевдда нах дукхахьолехь цу шийлачу махкахь совцаран бахьанех цхьаъ цигара Iедалш Нохчийчуьрчу мухIажиршца кIеда хилар ду.
Цул совнаха, нагахь санна Iедалша политикан я гуманитаран тховкело ца луш цхьаъ витахь, тIаккха а Финляндехь виса аьттонаш дуккха бу - цигахь белхан меттигашца шорто хиларна, масала, белхан виза а яькхина, легала болх а беш, саца йиш ю луучеран.
Цу мухIажирех цхьаболчарна Финлянде дехьа бовла гIодарна кхеле озийна кху деношкахь цу махкахь вехаш волу совдегар а, адамийн бакъонашларъярхо а Стурше Микаэл.
Стурше бехке вина, ткъе пхеа нохчочунна Туркойн махкара Финлянде ваха схьаван гIо дарна. Цкъа хьалха Iедалхоша чIагIдора, цо бIе сов стаг Европе валийна, бохуш, амма цу хIуманна бало бух ца карийна прокуратурана.
Бехкталламан гIуллакхехь бийцаре бинчу совдегаран бехкех уггаре а беза ларалуш берг цо Финлянде дехьабовла гIодинчу мухIажирашна юкъахь Басаев Шемалан гергара лоруш волу Мациев цIе йолу стаг хилар ду. Iедалхоша чIагIдарехь, и стаг цхьана хенахь Бесланера школа дIалаьцна хиллачу террорхойн тобанера ву.
Бакъду, цу хIуманна а тIечIагIдар ца карийна кхелахошна. Тергамхошна хетарехь, цу Мациевна гонахьа долу чIагIдарш деккъа цIена Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисерчу хьостанашна тIе а тевжина, вовшахтоьхна хиллачух тера ду. ХIунда аьлча, таллам бинчу кхелана деккъа цхьа анониман мотт тохаран арз бен, я Мациев Бесланехь хиларан а, я иза Басаев Шемалан гергара хиларан а тоьшаллаш ца карийнера.
Иштта тоьшалла доцуш дисина Стуршес Финлянде балийначу нохчийн мухIажиршца террорхой я террорхойн гIоьнчаш хилла боху арз а. И дерриге а тидаме а эцна, Стурше бехке вина деккъа цхьаъ бен доцучу къепедацарна – цо иллегалехь мухIажаршна гIо дина хиларна. Цу бехканна Стуршена биъ бутт хан тоьхна, маьрша арахь баккха.
Ала догIу, Стурше Микаэль, цо нохчийн мухахIаршна гIо дар бахьана долуш, хьалха а Финляндерачу кхелехь бехке озон гIоьртина хилар. Амма хIетахь Вантаа олучу гIалин кхело Стурше бакъвира, цо гIелонехь болчу нахана гIо дина гуманитаран бахьанашца, аьлла. „Кхерамехь болчу нахана гIо дар бехке дац, мелхо а, дика амат ду“ , - аьлла сацам бинера хIетахь хьалхарчу инстанцин кхело.
Амма Оьрсийчоьнца гергара уьйраш хиларца а, Малхбузенна дуьхьал пропаганда ярца а вевзаш волчу меттигерчу жигархочо Бекман Йохана а, ткъа иштта шен скандале репутацица гIараваьлллачу мозгIара Юха Моларис а пачхьалкан лакхарчу кхеле аппеляци яр бахьана долуш, и гIуллакх юха а листа дийзира кхелахойн.
Хьахон догIу, и оьрсийн хаамийн гIирсашкахь „Финляндера антифашистийн комитетан куьйгалхо“ санна вуьйцуш волу Бекман Йохан, ма-дарра аьлча, Финляндехь шен гаррехь Оьрсийчоьнца озамбезаме йолчу юкъаметтигашца бен вевзаш вац. Цо куьйгалла деш ю бохуш йолу „Антифашистийн комитет“ ур-атталла официалан декъехь Финляндехь регистраци йина а яц, деккъа цхьа цуьнан шен дешнаш доцург, цу комитетан болх а, цуьнан Iалашонаш а, я иза янне а йолуш хилар а тIечIагдина дац.
Делахь а, оьрсийн хаамийн гIирсашкахь Финляндера нохчийн мухIажирийн хьал дийцаре дечохь, даима а оцу стеган дешнашна тIе а тевжаш, дуьйцу оьрсийн журналисташа. Цу хIуман бахьана бозуш боцчу аналисташна Бекман Йоханан оьрсийн къайлахчу сервисашца йолчу уьйрашкахь го.
Мухха делахь а, кху деношкахь нохчийн мухIажиршна гIо дарна бехке леринчу Стурше Микаэлан гIуллакх дийцаре мел дечохь коьрта хьоста санна хьехош верг а изза Бекман вара.
Бакъду, цо хьаха ца деш дуьту шен комментарешкахь, тIаьхьарчу масех шарахь Финляндехь Iедалша тIеэцна волчу виъ эзар сов нохчийн мухIажирех доккхачу декъана Оьрсийчохь къиза таIзарш дина хилар цу пачхалкхан кхелашкахь официалехь тIечIагIдина хилар а, дела денна аьлча санна, цу таIзарех бевдда Финлянде оьхучу мухIажарийн терахь алсам долуш хилар а. Амма уггаре а коьртаниг, цо ца хьахадо, кху лаьттахь муьлхачу а меттигера гIелонех веддачу мухIажиран, Стурше Микаэлан гIо ца хилча а, Финляндин низамашца цигахь тховкIело лаха бакъо хилар.