Чернобыль: шуран а, мезан а мохк?
Зарратан реакторан сурт, дуьйне инзардаьккхина эккхийтар хилла 30 даьллачул тIаьхьа.
Зарратан реакторна гонахара нах дIабахана, дIатесначу оьхкучу ярташка хIинца самукъдаьлла туристаш оьху, хиллачу бохамо хIаллакдинчунна суьрташ дахархьама.
ХIара берийн газана дуьхьал лело маскаш (Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIелатарх ларваран Iалашонца латтош хилла) цIаьнкъанехь дIасакхийсина яра бохам хилла еха хан яьлча. Чернобылан гидо Егорово Владимира боху и цхьана "cуртдиллархочо" цIий гIордойту васт кхуллу а, апокалипсах бIаьрг тухийту сурт хIотто лууш дина ду.
ДIаьвшечу, ваха дихкинчу меттигехь адаман дага чохь, коьртачу декъана, сингаттаме синхаам кхоллало. Шайн гIалахь цхьана хенахь дозалла дина нах, инзаре вон урхалла дина, бохам баьккхинчу нахах дIахьакхабелла бацара. Сирла басар тоьхна, пионеран садаIа лела меттигийн фрескаш цхьацца яхкалуш ю хьуьнахь.
Амма ю кхин тайпа Чернобыль а: инзаре хета сел хIумма а ца хилча санна, хаза иза хетаялар. Сокриненко Василан долахь ду хIара цIа. Иза гергарчу барамехь 160 кхечу меттигерчу Чернобыле юха а веана, пенсина ваха хаа сацам бинчарех цхьаъ ву.
Хилла полисхо, иза Чернобыле дуьххьар ваха 1990-чу шарахь веара. Алапан дуьхьа веанера: цо кхечу меттигехь доккхур долчул шозза алсам дара иза. БархI шо Чернобылехь даьккхинчул тIаьхьа иза шен Суми гIала юхавахара, амма цигахь вехха ца вахавелира.
"Cо пхоьалгIачу гIатта тIехь йолчу хьусам чохь хиина Iаш вара, арарчу некъахьара схьахезачу гIовгIане ла а доьгIуш," дуьйцу цо. "Мийларий, телевозире хьежарий бен" кхин дан хIума ца хиларна, Васила сацам бира юхаван. Чернобыль цуьнан дагах летта хиллера.
Цуьнан кху гIаланца а, Iедалхошца йолчу уьйрийн бахьанехь, цунна бакъо елира юхаван. Амма иза хIинца чохь веха цIено, цуьнан цIено дац.
Цхьана жоьжахатих терачу кепехь, Васила эххаре а хаьржира дIатесначу хьусамех шена цхьаъ. Иза урамашкахула волавелла лийлира, шена оьшург карадаллалц. Безаме коттедж карийра цунна, хастоьмаш а, зезагаш а, накхармозий а лело йоккха меттиг а йолуш.
Васила шен 21-х цхьана накхаре бIаьрг тухуш ву. Хьалха хилла, хIинца ГIирмехь беха цIийнан долахой баьхкира шайн хиллачу хьусаме. "Цара неI туьхира... цхьа а проблема яцара ... нисса бIостане, уьш чIогIа самукъдаьлла бара, со кху хIусамана чукхелхина." Иза кхузахь вацхьара, Васила боху, цIено хIинца доьхна Iуьллуш хир дара.
ТIехь каранаш доцуш, шен накхаршка бIаьрг тохаро гойту Васил дукхачу хIумано кхахка ца вар, радиционо кхин тIех сов цуьнан ойла дIа ца лацар а. "Оха зийна хIара меттиг, хIара меттиг цIена яра. Аса айса мел юург зоь, шаерг дика ю."
Амма радиациана зийна аьлла билгало яц, цо тхуна бакъийна чIара кховдийча. Кхунах тера а болуш, цо иза арахь ванни чохь кхиина бара.
"Cуна кхузахь маьрша хета... Аьхке тIекхаьчча, беш зазадаьккхина лепаш гича, дийца ца дезаш, шуна хуур ду аса кхуза юхаван сацам бина хIунда хиллера." Гонаха дека олхазарш а долуш, стоьмех юьзначу Василан бешахь хиина Iаш, цо дуьйцург бакъ хетара, оха Iодика а йина, тхо нахана баха дихкинчу меттигера арадовла гIортталц.
ХIара ю-кх и юкъ, муьлххачу а Чернобылан хьешан дага чу кхерам тоссург. Колчински Дмитрий (аьрру агIор) радиацина зийначул тIаьхьа, аларм ека йолало. Цунна хьалха летачу цIе чIиркхо гойту цуьнан накха болчохь радиаци хилар.Цо хьешан хьалхауллург дIаяьккхича, жамI - иза радиацих цIена хилар ду. Амма иза кхеравелла хилар бIаьрла гуш ду; цIа догIучу хенахь цо шен зудчуьнга тилпон тоьхна, шена тIера мел йолу бедар хийцарна кечам бе олу. Коч дIакхуссур ю. "Суна ца лаьа хIара хIума сан берана гергга цхьанхьа а хуьлийла." Цо дагадоийту, хан чекхъяларх, Васил санна болу нах дог тешна хиларх, Чернобыль хIинца а дIаьвше латта хилар.