2022-чу шарахь Оьрсийчуьра дIабахначу нохчийн терахь доьазза лакхадаьлла

Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

2022-чу шеран жамIашца Оьрсийчуьра дIаоьхучу нохчийн терахь доьазза алсамдаьлла. Дийнна дахначу шарахь Нохчийчуьра кхечу мехкашка дIавахна мел кIезиг а 1300 вахархо - 2021-чу шарца дуьстича, и терахь доьазза лакхара ду. Доккхачу декъанна СНГ-н пачхьалкхашка дIаоьху уьш.

Росстатан дуьззинчу зерашкара, 2021-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахна 329 Нохчийчуьра вахархо, стохка 1273 вара. Царех 1128 СНГ-н мехкашкахь сецна. Иштта кхузза лакхадаьлла генарчу мехкашка дIаихначу нохчийн терахь а – 2021-чу шарахь официалехь 43 вара дIаваханарг, стохкалерачу жамIашца 150 ву.

Нохчийчохь болх бечу бакъаларйархойн, демографийн, журналистийн хаамашца, республикера статистикана тIетевжина Iойла дац – терахьаш цхьана агIор, йа вукху агIор хаздина хила тарло, Iедалхошна товчу кепехь. Масала, возуш воцчу демографо Ракша Алексейс билгалдаьккхира регионерчу демографийн гIеххьа лахдина ларарш, билггал йолу миграци кхин а лакхара хила тарло аьлла хета цунна.

  • Украинехь тIом болийчхьана а, цул тIаьхьа мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа а Оьрсийчуьра дIабахна болх бан хан йолу бIеннашкахь эзарнаш бахархой. Казахстане вахана 400 эзар сов Оьрсийчоьнан вахархо, Гуьржийчу – 700 эзар сов стаг, оцу хIора а пачхьалкхехь висина 100 эзар Оьрсийчоьнан вахархо.
  • Официалан хаамашца, 2022-чу шеран дечкен-баттера марсхьокху-батте кхаччалц кхечу пачхьалкхашка дIавахана Нохчийчуьра 948 вахархо – и терахь кхузза сов ду, стохка оцу хенаца дуьстича. Иштта республикехь кхиъна йогIу чоьхьара миграци а – Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан кхечу регионашка дукха дIаоьху, юхабогIучул а.
  • 2022-чу шеран хьесапашца, Оьрсийчоьнан бахархойн сингаттаман жамIан индекс 2,2-зза лакхайаьлла цул хьалхарчу шарца дуьстийча. Цуьнан коьрта бахьана ду – Украинана дуьхьал болийна тIом. Цунах лаьцна дуьйцу КРОС-н коммуникацин агенталлин рапортехь.