Цамгаршца долчу берашка хьажа Iамеркера къинхетаме жухарг веана Соьлж-ГIала

Нохчийчоь -- Жухарг Пэтч Адамс а, цуьнан тоба а Соьлж-ГIалахь. 27Лахь2013.

Дуьненахь а вевзаш волу жухарг-лор Пэтч Адамс веана Нохчийчу. Цигахь цо берийн а, гIаддайначу нехан а самукъадоккхур ду. Цуьнца йоккха тоба а ю, 50 иттех стагах лаьтташ йолу. Уьш а бу жухаргийн духарш доьхга.
Цкъа а ца хилла Нохчийчура дарбанан хIусамашкахь кху тайпаниг. Жухаргийн духар а доьхна, тIелетийна цIе марош а долуш, яьккхий можа мачаш а йолуш болу нах бара Соьлж-ГIаларчу 2 берийн дарбан хIусамехь лелаш.

И тоба дуьненахь вевзачу жухарг-лор олу Пэтч Адамс коьртех верг яра. Цу юкъахь мехаза лелачу наха, цомгуш бераш долчу а лелаш, церан самукъадоккху. ХIинца берийн чоьнаш чу а оьхуш, забарш еш бара хьеший.