Ханты-Мансийскера йохка-эцаран центрехь хасстоьмаш бухкучу нохчийн зудчунна йиттина Ханты-Мансийн гонан ДУМин депутата, коммунистийн партин цигарчу декъан хьаькамех волчу депутато. ХьастагIа шена вуон помдораш йоьхкинера ахьа аьлла, маьттаза къамелаш деш, месашна тIера лаьцна, зудчунна йиттина гIеметта хIоьттинчу стага.
Нохчийн зудчо дIахьедар дина меттигерчу полице а, Нохчийчура омбудсмене а. Оьрсийчухула дIасабоьлху кавказхой а, нохчий а сих-сиха Iиттало ишттачу гIуллакхашна юкъа.
Дика ду хIинца массо аьлча санна нахехь, видео яккха а, аз дIаяздан а йиш йолу мобилан телефонаш йолуш. Ханты-Мансийск автономан гонехь коммунистийн партин декъан хьалхара секретар волу Валеев Виктор, хасстоьмаш бухкучу Коцуева Заремина йиттина ваьллачул тIаьхьа, реза воцуш туьканна чухула волавелла лела, маьттаза мотт буьйцуш.
Юха цо тIедуьллу, хьастагIа шен «яхкаелла помдораш» йоьхкинчу зудчунна, Ленинна хIоттийначу хIоллмана тIе шен верасаш балош дIаяр
Валеев: Кийла апельсинаш йохьур ю ахьа суна, хIара бот йохьур ю ахьа, кийла Iежаш дохьур ду ахьа, кхин цхьа хIума а йохьур ю ахьа... Ленинна хIоттийна хIоллам мичахь бу хаьий хьуна? Со цигахь хир ву. Хьайниш а балабелахь цига. Цхьанненах къинхетам бийр бац кхузахь. Лаьмнашкахь хьайна луъчунна къола дийр ду ахьа.
Валеевна латкъам Нохчийчура омбудсмене Нухажиев Нурдига а, полице а чубелла Коцуева Заремас. Полицино хIун гIулч яьккхина ца хаьа. Ткъа Нухажиевс дIахьедар дина Оьрсийчура коммунистийн партин лидере Зюганов Геннадийга, шайн партера дIаваккха и тайпа депутат, аьлла.
Хууш ма-хиллара, Оьрсийчура массо а партийн векалш билгалбовла кхиабелла кавказхошна а, къаьсттина, нохчашна а маьттаза хIума олуш. Цундела, Валеевна хIун зе хир ду, коммунистийн партера дIаваьккхича, аьлла Нухажиевга хаьттира Маршо радионо.
Нухажиев: "Областан ДУМин депутат а, ва франкцин куьйгалхо а, жима а вац, де хеннара стаг ву, ван а венана, иттех помдор бахьанехь, ницкъ боцчу зудчуьнга цIармат мел болу мотт буьйцуш, цхьана партино - мелла а юкъараллехь шега лерам хилийта лууш елахь - дуьту хIума а дац. Жиринивоскийс-м оьцур а вара иза. Ша и санна хIума йолун дера.
Зюгановга кхакхам бина ца Iийна тхо. Оха инарла прокуратуре а, талламан комитете а арз дина. Оха и гIуллакх толлур дуйла хаийтина. Цо динарг зулам ду."
Цу хиламнаа бухадиллина кхин цхьа хIума го шена аьлла, Нухажиевс тIетуьйхира.
Нухажиев: "Помидорш бахьана ду. Къуйн нехан лаам кхочушбан араваьллачух тера ду иза, йохка-эцаран меттиг цаьргара схьаяккха. Къуй-наха бохкабеллачу депутатех, милцойх а, журналистех а пайда оьцу цу тIехь. Цо цигахь баьхна дешнаша гойту иза - меттиг схьайоккхур ю ша, баьхна цо. Низамашца къастон дезаш ду цо динарг. МогIарерчу стага динчул а онда ду цуо, депутат а волуш, Iедалан даржехь динарг."
Нохчийчохь тIом ма бинера Оьрсийчоьно, нохчашка, шун тхан махкахой ду. Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIа а къастийна, йозуш йоцу пачхьалкх ян гIоьртинчарах террорахой а кхайкхош. Хiунда яц кавказхойн а, нохчийн а Оьрсийчура муьлххачу маьIIехь баха? Гуттар а лаьмнашка хьовсабо уьш могIарерчу нахана тIера полицна а, Iедалан векалшна а тIекхаччалц? Аьлла рогIера хаттар делира Маршо радионо Нухажиев Нурдига.
Нухажиев: "Низам цхьатерра болх беш хила дезаш ду. Цхьа пачхьалкх ю бахахь, цхьатерра, кху пачхьалкхехь бехачу бахархошкара жоп деха деза низамо, цхьатерра таIзар хила а деза.
Цунна (депутатана Валеевна) таIзар дан йиш ю шеко йоцуш. Маситта зулам дина цо.
1) Къаьмнашна юкъа питана тасар.
2) Стаг вен кхерам тасар - шолгIа зулам ду. Шен гIоьнчашка телефон тоьхна, шен герз схьада, ша хIорш бойъур бу, бохуш мохь хьекхна цо. Иза дIаяздина ду.
3) Зудчунна йиттина цо. Стаг лазорца доьзна кхолагIа зулам а ду."
Нохчаша жуьгтийн тактика схьаэца еза аьлла хета нохчийн омбудсменна, шайн бакъонаш ларъярехь.
Нухажиев: Нухажиев: "ЦIийза ца цIийзаш, болх бан дезаш ду вай. Низамийн гурахь тIедовла деза, дуьхьало ян еза. "ХIара жоьпаллин бакъо ю аша йохош ерг", хIара "дуьненаюкъара бакъо ю аша йохош ерг", "юкъараллех ьтIелаьцна декхарш ду аша кхочуш ца деш дерш", бохуш. И гIуллакх системе даккха деза. дина хIума дита мегар дац. Жуьгташа хIун до? Маха Iоьттича, хьостам Iоьттича санна мохь хьокху. Хьостам Iоттабеллехь, урс хьаькхча санна мохь хьокху. И тактика суна дика хета. Аса дерг дерг и ду."
Кавказхойн а, нохчийн а позици лакхаяккхар цхьана стеган карахь ду Оьрсийчохь – Путин Владимиран. Амма цо дош ца олу оцу хьокъехь. Цуьнан урхалла долуш чIагIйелла ю Оьрсийчохь хьагI. Цунна муьтIахь долчу Нохчийчура Iедалша жуьгтийн тактика схьаэцарх гIуллакх хир дуй те?