Компьютерийн ловзар аьлча духьала хIуттуш долу сурт дар дайначу кхиазхоша цхьа а пайда боцуш, хан йойъу ловзаршца доьзна хуьлу, шортта Iенаш цIий а долуш, тIемаш а беш. Амма мехалчу хиламашна тIе тидам бахийта Iалашо йолуш долу ловзарш а хуьлуш хилла компьютерийн ловзаршна юккъехь. Ишттачех цхьаъ кхоьллина Австрерачу говзанчаша.
Ловзар даима а самукъане ца хуьлийла а, ткъа цIийнах-цIарах ваьлла, Европе ваха дагахь схьавогIуш волу мухIажар да хIума доцуш, сагатдала араваьлла воцийла а гойту Венерачу цхьана арт-тобано кхоьллинчу компьютеран ловзаро. „Дозанаш“ ю цу ловзаран цIе, я вуьшта аьлча „Шу Европа гIап йолчу схьакхаьчна“ аьлла а ю.
Цу ловзарехь гойту, цхьанхьа генарчу махкахь дехаш долу адам, мухIажар долий, Европе боьду некъ юхьаралоций, новкъа долуш. Хьаннашкахула а, хиш чухула а, лаьмнашна тIехула а бу и цуьнан некъ. Тайп-тайпанчу пачхьалкхийн дозанхой а, эскархой а, Iедалхой а бу Европа гIопе богIу некъ ларбеш. Дакхий пенош а ду и гIап хийрачарна дIакъевлина латтош.
Цу ловзарехь хIоранна а, шена лаахь, мухIажаран ролехь хила йиш ю, шена лаахь, цу мухIажарх, эцахь иза вийна а, Европа ларон араваьллачу дозанхочуьн ролехь хила а йиш ю.
Итт шо хьалха Нохчийчура Европе некъ бина волу мухIажар, ткъа хIинца Швейцарин вахархо волу Тарамов Ахьмад Маршо радион дехарца левзира „Дозанаш. Шу Европа гIап йолчу схьакхаьчна“ цIе йолчу компьютеран ловзарх. Цунна хетарехь, цу чохь гойтуш долу сарташ а, вастанаш а бакъдолчехь хуьлуш долчу хьелех, цец а воккхуш, тера кхоьллина ду.
Тарамов Ахьмад: «Суна схьахетарехь, тамашийна а, инзаре а хIума а ду иза. ХIунда аьлча, со цунах ловзучу хенахь, итт шо хьалха суо схьавогIучу хенахь сайна мел гина долу хIума: Белоруссехула а, Польшехула а мел хилларг а, тхаьш мел лайна хилла бала а, тхаьш мел хьаьгна хилла къа а, тхайна мел хилла зе а, - и дерриге а карладелира суна.
И дозанхой болчу меттигашкахь тхаьш текхар а, хичухула дийлар а, патрулан машено тIе серло хьажийча, лаьтта охьа а дуьший, иза дIакъайлаяллалца, кхин хьалагIовтта йиш а йоцуш, Iехкар а. Бераш доьлхуш, царна дан хIума доцуш, тхоьца хиллачара хьегна бала а карлабелира. Тхоьца хIетахь хила а хилла, и бала ша а хьегна долчу адамо кхоьллича санна хийтира суна-м и ловзар».
Цхьацца болчарна хета тарло, компьютеран ловзар хIун бен ду, цуо хIун тIеIаткъам бан йиш ю мухIажарийн дахарна я Iедалийн политикана, аьлла. Ткъа и ловзар кхоьллинчу Голд Экстра цIе йолчу Австрерчу арт-тобана хетарехь, и санначу ловзарша бакъдолчу дахарна хазанесанна тIеIаткъам бо. Церан Iалашо Евробертан дозанашна уллехь кхолладеллачу критикаллечу хьолана тIе тидам бахийтар ю.
Ткъа цу дозанашкахь болчу хехойн, хууш ма-хиллара, цхьа кхераме хьал я дагахь доцу ситуаци нислуш хилахь, мухIажаршна герз тоха а бакъо ю. Иштта хьал ду дозанех лаьцначу ловзарехь. Бакъду, нагахь санна хьо дозалардархо а волуш, ахь мухIажарна герз тохахь, хьан дуккъаъ баллаш йов. Цу кепара виртуалехь мукъане а хехой, герз ца тухуш, совцон гIерта ловзоран авторш.
Тарамов Ахьмадна а хета и санна долчу ловзарех пайда бала йиш ю аьлла.
Тарамов Ахьмад: «Иштта бала а хьоьгуш схьабаьхкинчарна шаьш лайнарг диц ца далар а хир дара, и хIума дага а догIуш, цара шайгарчу хьолана хам бар а хир дара. Ткъа и бала бевзаш боцучу кху Европера нах а дикох кхеташ хир бара, тIебаьхкинчеран хьолах а, цара лайначух а, „делахь, ма бала лайна-кх кхара“ аьлла ойла йийр яра, вай дерриш а цхьа вуо а, зуламе а нах хетара дацара царна, мелхо а, мухIажаршца къинхетаме а, царех кхеташ а хир бара аьлла хета суна».
Шаьш шайн компьютеран ловзар кхуллучу хенахь арт-тобан декъашхой лерина мухIажаршца цхьанабеттабелира. Иштта цара дикадаран юкъараллашца а цхьанкхетарш дира, пачхьалкхийн дозанаш лардархошца а, Iедалан векалшца а къамелаш дира, ка ма -доллу бакъдолчу хьолах шайн ловзарера хьал тера хилийтархьама. И хIума цаьрга кхочуш дан делла аьлла хета.
Къаьстина ловзаран тIаьххара дакъа ду дагах кхеташ. Цу чохь хIора а ловзархо, мел кIезга а, 5 минот цхьана леринчу дIакъевлинчу виртуалан хIусамехь яккха езаш ву, мухIажарш бехаш болу хьелаш цунна довзийта а, ткъа иштта цаьрца еш йолу интервьюш цунна хазийта а.
Тарамов Ахьмадна хетарехь, дика хир дара и ловзар шуьйра даржийча. Масала, Европерчу пачхьалкхашкахь политикан я гуманитаран тховкIело йоьхуш болчу мухIажаршца болх беш болу Iедалан белхалой цу ловзарах ловзийтича. ТIаккха гур дара царна, аьлла хета цунна, шайна тIе оьхуш болчу нехан кхолламаш мел Iовжаме бу.
И ловзар даьржиначул тIаьхьа Европе кхача гIертачу нехан а, кхуза схьакхаьчначу мухIажарийн а хьал хийцалур ду алар дукха догцIена хир дара. Амма и санна долчу ловзарша шаьш девзачаьрга, мел кIезга а, шена гонахьарчу дахарех ойла йойту, виртуалера васташ а доцуш, боккъалчу адамех а, церан кхолламех а лаьтташ долчу.