Бозбунчаллаш лелор даьржина Нохчийчохь

Оьрсийчоь -- ДIадаханчу шарахь махкахь коррупци алсам яьлла аьлла, хета Оьрсийчурча бахархошна, 2012

Цхьа доккха ун санна даьржина схьадогIуш ду Нохчийчохь Iедалера бозбунчаллийца ахча лачкъор. Цу тайпа зуламаш динчарна махкахь доккха таIзар деш ду. Амма прокуратуро хIинца талла долийна санна долу гIуллакх цигахь, дага а догIуш, цкъа а хилла дац.

83 миллион соьман зе хир дара Iедална, нагахь санна и бозбунчаллин схема гуча ца яьллехь. Зуламхойн тобано дан гIиртинчу оцу зуламан шен башхаллаш хилла. Нагахь санна и гIуллакх теллича а куьг бехкечаьрна тIехь кхиа хала хир дара. ХIунда аьлча, ахча дала деза аьлла куьг таIийна бохург а, и ахча схьаэцна бохурш а масех шо хьалха белла ларалуш бу.

Грозный кIоштарчу, «Сельлес» цIе йолчу, пачхьакхан урхаллан куьйгалхо 2008 шарахь велла ву. Амма, бозбунчалхоша, кхелехула сацам а баькхкина, иза дийна волуш санна ишшта оцу урхаллехь болх бинчаьрна ахча догIу аьлла, куьг таIийна хилла. Висинчу, белхахой бу бохуш болчу 338 стагана юкъахь а дуккха а бу 5-6 шо хьалха белларш. Церан цIарах делла ду кхеле, шайна алап луш дац аьлла долу арз.

И зулам дан Iалашонехь хилла йолу тоба гуча ца яьккхаелла прокуратурерчу талламхошка. Амма, и ахча лачкъа ца дайтар а кхиаме жамI лору цигахь.

Ткъа цу тайпа хаамаш хезча, цхьаболу тергамхой ца теша, оццула боккхачу барамехь ахча лачкъо гIоьртинчарах цхьа а стаг билгалваьлла ца хилла аьлча. Царна хетарехь, оцу зуламан тIехь лаьттарш, ларамаза а доцуш, къайлабохуш бац талламхоша.

Ала догIу, цу тайпа зуламаш, Грозный кIоштахь хилла ца Iа. Цу тайппа хIуманаш гучудоьвла, Ножай-юьрт а, Ведан а, ТIехьа-Мартан а, Шуьйтан а кIошташкахь.

83 миллион сом лачкъо гIоьртинарш, таIзарх хьалха бевллехь а, иштта, церан санна аьтто ца баьлла, могIарерчу нахана зе дан ара ваьллачу Тепсаев Iумаран. 31 зудчуьнгара нанойн капиталан сертификаташ а гулдина, царна цо зе дина 10 миллион сов соьмана. ХIинца оцу 29 шо долчу стагана догIуш долу таIзар хадор ду, Хьалха-Мартан кIоштарчу кхело.

Муьлха а, бозбончаллийца нахера, ян Iедалера ахча лачкъош хилар, ша нийсачу новкъахь, хуьлуш хIума дац. Тахана, цхьаннах лечкъина хIума дац, цу тайпа финансийн зуламаш дечарна, доккха гIо лоцуш, шайна са яьккхархьам Iедалера даржхой хилар.

Иза ша дерг хIоттало, Къилбаседа Кавказехь яьржинчу коррупцийца. Оцу ун дуьхьала къийсам латто беза бохуш, Iедалан дайша даиман а дIакхайкхош далахь а, иза Нохчийчура дIадаккхалур дац аьлла, хетарш кIезг бац махкахь. Царах ву Аслан цIе йолу Соьлжа-гIалара вахархо.

Аслан: Москох дуьйна коррупцех дIацIанян езаш ю Къилбаседа Кавказ. Гергарлонаш а ю коррупци, иза вайна юкъара дIа а даккхалур дац.

Аслана дуьйцучунна тIе товш ву МаIаз цIе йолу стаг а. Амма, цо бахарехь, Оьрсийчура дукха ширачу заманахь дуьйна схьадогIуш ду, ахчанца кхаъ балар а, финансийн цхьацца бозбунчаллаш лелор а.

МаIаз: Къилбаседа Кавказехь коррупци дIаяьккха лууш далахь, дуьххьара оьрсий дIабаха беза кхузара, цултIаьхьа, ша мел долу къам дIадаккха деза кхузара. Нехан цIийх доьлла долу хIума дIадаккха йиш ма-яц. Ша нах байа а байина дIа ца бахахь. Кхин дан хIума дац. Тахана, цхьана шарахь а, шина шарахь а, итт шарахь дIадера долуш хIума дац иза.

Яккхийчу гIулчашца кхиамечу дахаре йоьдучу Нохчийчоьнан сибат эрча доккху, цу тайпа зуламаша. Амма цхьаболчу даржхоша билгалдоккху, терроризм а, коррупци а , эшаелла хIокху дуьненехь цхьа а пачхьалкх яц олий. Гарехь, оцу хIуманна тIехь а, хьалхарчу меттехь хила Iалашо яц жимчу Нохчийчоьнан.