Коррупци эшон пхи хьехам бо говзанчаша

Масийтта миллиард доллар кредиташ дала дагахь ю Iамерка а, Дуьненаюкъара Валютан Фонд а, Евробарт а Украинина экономикан халонех хьалха яла. Амма иза дале цу махкахь коррупцица къийсам боло беза аьлла хета царна Iедалша.
Евробертаца уьйраш шорйеш барт тIеоьцуш шайн хир болчу декъашхошна коррупцина дуьхьал хьажийна реформаш яр тIедуьллуш Iедал ду цхьаьнакхеттачу Европо. Цу агIор Украинина гIо дан кийча ю дуьненаюкъара финансийн институташ. Цунах лаьцна материал кечйина Маршо Радион корреспонденто Сыновиц Рона.

Коррупци эшо луучу пачхьалкхашна гIо дан кийча ю дуьненаюкъара финансийн институташ а, Transparency International санна йолу, Iедалшца йоьзна йоцу организацеш а. Цу Iалашоне кхача лаххара а 5 хьехар а до цара. Юьйцурш ю, Украина санна йолу, Евробертан декъашхо хила Iалашо йолу пачхьалкхаш.

Хьалхара. Лууш долчуьнца а, Iалашонашца а шалхонаш ца хилийта Iедалан белхахоша гайта безаш бу шайн берриг а бахам. Иза Евробертаца ассоциаци еш кхочуш бан беза биллам бу.

Transparency International организацин куьйгалхочо Долан Карла дийцарехь, лууш дерг а, Iалашо ерг а цхьаьна ца дар хуьлу, нагахь Iедалхочо сацам а бина, ша акционер волчу компанина аьтто беш хилча.

Долан Карл: -Уггаре а хьалха, кхочуш ян еза коьрта реформаш. Мел лаххара а пачхьалкхан сектор хуьйцуш ян езачу реформийн бух биллина хила безаш бу. Iедалхойн бахаман декларацеш кечъяран система а, и декларацеш нийса хилар талла а система

ШолгIа. Пачхьалкхан цIарах йолу контракташ гуш хила а еза, уьш кхочуш ян луучарна юкъахь къовсам хила а беза. Долана дийцарехь, Iедалийн юкъараллан контрол а йоцуш пачхьалкхан контракташ ян аьтто баьлча, коррупци лело аьтто алсам болу.

Долан Карл: -ШолгIа коьрта оьшуш дерг ду пачхьалкхан контракташ яран система хийцар. Тхуна гуш дерг тидаме эцча, политикийн а, Iедалан белхахойн а контракташ екъа йолу бакъонаш алсам мел хуьлу а, коррупци лело мегаш хиларан кхерам алсам болу. И процессаш гуш а, муьлхха а компанин дакъалаца йиш йолуш а хила езаш ю.

КхоалгIа. Коррупци таллар а, коррупци лелош болу нах жоьпе озор а.

Финансашца гIо дечу дуьненаюкъарчу организаийн Iалашо ю коррупци таллуш а, иза лелош а болу нах жоьпе озош йолу йозуш йоцу суьдан система кхоллар. И бакъо лелаш ю финансийн гIо хьанна деш ду (ОвхIанистанна, Африкана, Латинин Iамеркана) бохучуьнига хьажна доцуш.

Руссо Алан Реконструкцин а, Кхиаран а Европерчу банкан кхочушдаран директор ву. Цуьнан декхаршна юкъадогIуш ду Евробертан а, Дуьненаюкъарчу Валютан Фондан а стратеги кечъяр.

Бизнесхошна цхьатерра аьттонаш бар мехала хIума ду бохуш дуьйцу цо.

Руссо Алан: -Цундела ду тхо коррупцина дуьхьал йолу структура кхуллуш, омбудсмен санна болх беш йолу структура кхуллуш, болх беш. Цуьнан декхар хир ду фирманашца юкъаметтигаш лелор. ТIаккха церан аьтто хир бу муьлхха а Iедалан структуро, я бизсен декъашхочо харцо лелош хилча латкъам бан. Йозуш йоцучу органо таллам а бийр бу, харцо лелийначунна дуьхьал хIун санкцеш кхайкхо еза аьлла хьехар а дийр ду.

ДоьалгIа. Политикан партеша лелош дерг гуш хила дезаш ду.

Коррупцица къийсам латточу наха дийцарехь, таро йолчу политикаша а, бизнесан тобанаша а харжамашна Iаткъам бан мега, компанешна къайлаха ахча а луш.
"ГIо дарна дуьхьал гIо дар" олу политикан коррупцех. И коррупци лелош хаьржина болчу политикаша низамашца догIуш доцу хIуманаш леладо ша а, шайн парти а хоржуш гIо динчу нехан лаам кхочуш беш.

«Transparency International» куьйгалхочо Долан Карла хьехар до, политикан партешна ахча мичара долу бохург гайтар дуьхуш долу низамаш юкъадаха деза бохуш.

Долан Карл: -Украинина оьшуш йолу коррупцина дуьхьал йолу реформаш йийцаре еш, билгалдаккха деза, кхечу кху дуьенан массо а меттигашкахь санна коьрта проблемаш цхьаьнайогIуш хилар. Масала, политикан партешна ахча далар гуш ца хилар».

ПхиолгIа хьехам иштта бу. Информацина тIекхача аьтто бар.

Коррупци кхуьуш а, яьржаш а Iедал ду, юкъараллан хуьлуш долчунна тIехьажа а аьтто боцучехь а, журналистийн талламаш бан аьтто боцучехь а. Мьрша информацех лаьцначу низамаша аьтто бо нахана коррупци лелийна меттаг каро а, иза дIаяккха.