„Бож-Iела“ спектаклан кийсакаш а, цу чура декъашхой а, церан башхаллаш а ца евзаш цхьа а стаг хир вац, ткъе итт шарел баккхийха болчу нохчашна юккъехь. Ткъа цу спектакл юкъара забаре аларш-м тоххарехь, ша-ша девлла, нахалахь лелаш ду, кицанийн, куц-аларийн кепе а девлла, классика а хилла.
„Ламанна, аренна юккъехь бIов!“ масала, Бож-Iелас дукха шен шовкъ хьалаяьлча олуш хилла долу. Я Бабацис аьлла долу дешнаш: „Делахь, Бож-Iела, эцца буракаш тIе схьавеънехь, карор ма яра хьуна со“. Иштта кхин дIа дерш а.
Дукха хан йоцуш Берлинехь нохчийн культуран кхерчахь Бож-Iела спектакле хьовса баьхкинчу нохчийн мухIажарийн вуно чIоIга самукъадаьллера массех вайнехан чкъурана уггаре а дукхаезаш хиллачу спектакле хьовса шайн аьтто баьлла. Ткъа и аьтто баьккхинарг Белгера „Европера Нохчийн театр“ цIе йолу тоба яра.
2008-чу шарахь Белгерачу Ойпен гIалахь цигахь вехаш волчу Шерипов Эмилхана вовшахтоьхнера и тоба. Иштта вайна массарна а девзачу гIайгIанечу бахьанашца нисделла, Европерачу пачхаьлкхашкахь, мохо гIа санна, дIасакхийсина могIарера нохчий хилла ца Iаш, вайн къоман исбаьхьаллин тоьлла хилла болу векалш а хилар.
Цкъа мацах нохчийн театран цIеяххана актераш хилла болу нах а бу царна юкъехь дукхаъ. Нохчийн къоман артист, Станиславскийн цIарахчу пачхьалкхан премин лауреат волу Гайтукаев Ахьяд, масала. Я нохчийн хьакъболу артисткаш Минкаилова Зулай, Радуева Зураъ .
И цIеяхнарш берриш а Белгехь бехаш бу. Ткъа Германехула, Францехула, Австрехула, Нидерландашкахула баьржина беха иштта цхьа могIа кхин болу исбаьхьалллин белхахой- нохчийн опералакхархо Хасанов Зайнди, масала, я мукъамча Димаев Iамарбек, Нурадилво Ханпашан цIарахчу театран актер хилла волу Магомадов Майрбек я театран а, кино а актриса Давдиева Фатима. Кхин а , кхин а шорта.
Уьш берриш а „Европерачу Нохчийн Театран“ тхов кIелахь вовшахтоха каделира Шерипов Эмилханан. Шен чотах хIусам а, театран оьшуш йолу декорацеш а, кхин дIа мел болу гIирс а вовшах а тоьхна, дIаболийра цуо Европерачу нохчийн исбаьхьалхойшца болх, аренца, Даймахкана генахь бехаш болу эзарнаш нохчийн театран гIоьнца мукъане цхьажимма а цу Даймахкана герга бахкон Iалашонца , куьлтурин а, исбаьхаллин а гIирсашца церан ДегIастанца а, шайн орамашца а йолу зIе ца хадийта лууш.
Ша кхоьллинчул тIаьхьа даьллачу масех шарахь и театр гастролашца Европехь нохчийн бехачу массо а пачхьалкхехь хилла ала мегар ду. Берлин, Антверпен, Париж, Страсбург, Гамбург, Копенгаген- шуьйра ю цара динчу некъийн географи, карарчу хенахь нохчий бехачу меттигийн географи санна.
Ала а оьший те тIаккха, уьш дIакхаьчча-кхаьччехь театр а, цуо гойтуш йолу спектакалаш а муьлхачу марзонца, самукъадаларца, амма иштта цхьана сирлачу гIайгIанца-маццахехь дIаяьханчу машарерачу Нохчийчоьнах болчу дагалецамийн сирлачу гIайгIанца тIеоьцу наха бохург?
Тамаша а бац. Даймахкана геналлехь бехачу нехан садуткъало заманца, нохчийн эшаршна а, нохчийн театрана, къоман исбаьхьаллийн муьлхачу а кепана сагатдалар, цаьрга сатийсар а алсам долу. Ткъа иттанаш шерашкахь дуьйна классика а хилла дIахIоьттина йолу хьалхалера спектакалш гойтуш хилча-м тешна а зовкх болу цу нахана.
Европерачу нохчийн театран репертуарах лаьцна аьлча, цара дукхахьолехь шайн суьйре шина декъах лаьтташ хIоттайо. Хьалхарчу декъехь гойту театран коллективо керла хIоттийначу белхийн кийсакаш.
Суьйренехь дакъалоцуш хуьлу дукхахьолехь нохчийн пондарча а, мукъамча а волу Димаев Iамарбек а, шен ден Димин Iумарин хиллачу пондар тIехь нохчийн мукъамашца гулбеллачеран догдашон хууш волу.
Иштта опералакхархо Хасанов Зайнди а хуьлу, нохчийн шира иллеш олуш. Ткъа шозлагIчу декъехь театран белхахоша гойту массарна езаш а, евзаш а йолчу „Бож-Iела“ спектакал.
Ала догIу, „Европера Нохчийн Театр“ еккъа цхьа классикан кхетамехь йолу театр яц, иза дукхаъчу тайп-тайпанчу исбаьхьаллин жанрийн синтез ю, мукъамех а, хореографех а, драматургих а, иштта сарташдахкаран исбаьхьаллех а лаьтташ йолу. Цул совнаха, нохчийн мотт ларбаран а, кхиоран а тушпхьа ю иза. Цуьнан и амалш, и башхалла а ю дозанал арахь, къоман исбаьхьаллех хьоьгуш бехачу нахана и театр сел пайде а, оьшуш хуьлийташ ерг.
Цул совнаха, цу театро аьтто ло меттигерачу, Европерачу бахархошна, ша-башха нохчийн культура йовзийта а, царна иза герга ялон а. Амма иштта шерашкахь шайн говзалла иръян а, иза нахана гайта я шайна шаьшна хьалха талла а йиш йоцуш, исбаьхьаллех хаьдда, мухIажарийн дахар дIахьош хиллачу нохчийн культурин векалшна а ду иза мехала.
Ткъа иза, шаьш шайн дахар дIаделлачу говзалла лелон йиш йоцуш шерашкахь баьхначу иттанашна нохчийн исбаьхьалхошна вуно мехала хIума ду.
...Ткъа цу юкъана Бож-Iела, сонталлех воьттина волу Бож-Iела хIилланечу Маймица а, мекарчу Сутарбица а цхьаьна, гIел ца луш, кхин дIа а Европин гIаланашкахь шайн къоман исбаьхьалийна сахьога бехачу нохчийн самукъа а доккхуш, шен некъаш деш ву.