Дагалаьцнарг вон дац, кхочуш хилахь...

Нохчийчоь - Мехкадаьтта доккху меттиг. 17Марс.2002

Genoil цIе йолу Канадера компани дагахь ю Нохчийчура мехкадаьтта доккху меттигаш юхаметтахIитто а, уьш кхиийта белхаш бан а. Цу хьокъехь цу компанин векалша лааман барт бина меттигерчу «Грознефть» компанин куьйгалхошца.

Your browser doesn’t support HTML5

Дагалаьцнарш вон дац, нагахь кхочуш хилахь...

Цу проектаца а догIуш, Нохчийчохь хIора дийнахь доккхучу мехкадаьттан барам хир бу 3,5 миллион черма.

http://www.oilandgas360.com/genoil-signs-us50-billion-letter-of-intent-to-develop-and-construct-upgrading-and-energy-projects-in-russia-and-chechnya/

Genoil компанино лелош ю гидроконверсин олу эвсаре технологи. Цунах пайда эца дагахь ю иза Нохчийчохь. Цул сов, Китайра компанешца цхьаьна консорциусм а кхоьллина, мехкадаььтта чекхдоккху завод кхолла ойла а ю Genoil-ан.

Цу компанин векалша бинчу хаамца, цуьнан аьтто хир бу хIора шарахь 6 миллион черма мехкадаьтта чекхдакхха. И проекташ кхочуш ян оьшуш долу ахча лур ду Китайра а, Оьрсийчура а цу проектехь дакъалаца луучу компанеша.

Оццу компанеша ахча а луш Нохчийчохь йийр ю мехкадаьтта дIакхачо оьшуш йолу биргIанаш а. Цу ерриг а проектийн мах хIоттийна 50 млрд. доллар.

Genoil ю экологин цIена технологи лелорца дуьненна а евзаш йолу компани. Канадехь а, Iамеркехь а хилла ца Iаш, чуьнан офисаш ю дерриг а дуьнентIехь.

Genoil-ло кехат тIехь а ца юьтуш Нохчийчура проект кхочуш яхь, цо республикана вуно боккха пайда бохьур бу. Амма...

Кху тIаьхьарчу масех шарахь Нохчийчохь дуккха а хилла цига инвестицеш ян лууш болу кхечу пачхьалкхашкара бизнесхой.

Иштта 2012-чу шарахь Туркойчура Universal Hospitals Group (Universal Hastaneler Grubu) компанино барт бира Нохчийчура Iедалшца дарбанан хIусамаш ярца йоьзна проект кхочуш ян йоло.

http://www.kavkaz-uzel.eu/articles/I96658/

Цкъачунна и проект кхочуш ян йолийна хиларх лаьцна цхьа а хаам каро аьтто бац. Бакъду, проект лерина ю 30 шаранна. Цундела, тIедогIучу 26 шарахь кхочуш ян а мега иза.

2013-чу шарахь Нохчийчу баьхкинера Къилба Корейра бизнесхой. Церан Iалашо яра республикера цхьамогIа индустрин инвестицин проекташ кхочуш еш дакъалаца.

Нохчийчоьнан индустрин а, энергетикан а министраллан векалша йийцаре йира Къилба Корейра хьешашца цхьамогIа проекташ. Царна юкъахь яра жим а, киралелон а машенаш ярх а, телефонаш йон а, серло лон чиркхаш дон а, цемент йоккху а заводаш яхкарх лаьцна проекташ.

Цкъачунна билггала кхочуш йина хилар хууш цхьа проект ю. Къилба Корейра «Кокам» компанино а, ОАО «Чеченнефтехимпромо» Ташкалахь йина литий-ионан аккумуляторш йон завод. ХIинца коьрта Iалашо ю уьш оьшуш болу нах карон.

Иштта, Нохчийчохь цхьацца проекташ кхочуш ян дагахь бара Китайра а, Словенера а, Iаьрбийн пачхьалкхашкара а бизнесхой.

Дагалаьцна дуккха а планаш хиллехь а, Iедалшна ма тоьтту инвестицеш эцна кхеча пачхьалкхашкара бизнесхой чубало аьтто ца баьлла.

Иза гойтуш ю Нохчийчура инвестицин проектех лаьцна дуьйцуш йолу сайт.

http://chr-invest.ru

Цигахь дуккха а дика проекташ ю, амма уьш кхочуш ян ахча дац.

ДIабаханчу ГIадучу-баттахь Нохчийчоьнан куьгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дира, дуьненаюкъаралло Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийначу санкцеша новкъарло йина Нохчийчура экономика кхиарна аьлла.

http://inforu.news/20I6/I0/2I/kadyrov-rasskazal-kak-sankcii-pomeshali-razvitiyu-chechni/

«Тхан Iалашонаш, планаш хуьлу, амма тхан доттагIий боцучу наха, ма дарра аьлча, тхан мостагIаша цхьацца гIулчаш йоху, санкцеш кхайкхайо. Цундела аьтто ца болу тхан тхайн лаам кхочуш бан», - боху Кадыровс.