ХIинжа-ГIаларчу Советийн кIоштан кхела хьалха пикет ю йоьдуш. Гуламхоша доьху лаьцна лаьттош волу журналист Гаджиев Iабдулмумин маьршаваккхар.
"Черновик" газетин редакцино а, деношкахь кхоллаеллачу юкъараллин кхеташоно а дехна бахархошка журналистан агIо лоцуш хIотточу акцехь дакъалацар.
БIе гергга жигархо ву кхела хьалха. Дукхахболучийн кучамаш тIехь йоза ду: "Со а ву – Тхо а ду Гаджиев Iабдулмумин".
Нах рогI-рогIехь хIуьтту цхьалхачу пикете, кара-кара Гаджиев мукъаваккхар доьху плакат а дIа а оьцуш. Хаам баийтина ХIинжа-ГIаларчу "Кавказ.Реалиин" корреспонденто.
Акцин декъахь бу Кхарачой-Чергазийчуьра Тамбиев Камалан гергара нах а. Программист, бизнесхо Тамбиев, Москох лаьцна валийна ХIинжа-ГIала ницкъхоша. Журналистца Гаджиевца уьйрехь хиларна, иза санна, жоьпе ийзабо кхиболу нах а. Тахана лаца тарло рогIераниг – меттигера вахархо Ризванов Абубакар.
"Кавказ.Реалиино" яздина ма-хиллара, Гаджиевна бехкедо терроризмна ахчанца гIодар а, террористийн тобанехь хилар а. Иттех стаг ву юьйцучу тобан декъахь хиларна жоьпе ийзош – вевзаш волу Iеламча Сиситлинский Абу Iумар (Ахмеднабиев Исраил) а, кхин а иттех стаг а.
Талламан версица, буьйцучара ахчанаш хьийсийна сагIадечу Ахмеднабиевн "Ансар", "Мухаджирун", "Амана" фондашка, и ахчанаш Малхбалерчу терроран тобане ДАIИШе дIахьежор дуйла а хууш.