Аьккхаша шайн латта юхадерзон бутт хан елла Абдулатиповна

Дагестан -- Аьккхийн гулам, 24Чил2013

Кхаа дийнахь лаьттира Хасу-Юьртахь шайгара Сталина дΙадахарх юхадаланза долу латтанаш дIадоьхучу Дагестанерчу нохчийн-аьккхийн митинг. Аьккхаша юха а Ιедало деллачу дешан ларам а бина бохийна шайн протестан гулам. Ткъа иза кхин а марсаболуш гΙоттур бу, кестта шайн аьлларг ца хилахь, бохуш чΙагΙонаш йо Хасу-Юртан а, луларчу Новолакан, Казбековски а кΙошташкарчу вайнаха.


Аьккхаша ханна сацийна Хасу-Юртахь шаьш кхаа дийнахь-буса латтийна митинг. ХΙинжа-ГΙаларчу Ιедалан векалшца оцу протестан боламна хьалхабевллачара цхьанакхетар а дина, бина и сацам. Ιедалхоша дош делла, нохчаша бохург цхьана баттахь дан хьовсур ду шаьш, аьлла.

Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначех ву Хамзатов Рустам, «Вайнах» олучу меттигерчу нохчийн кегийрхойн цхьаьнакхетараллан куьйгалхо.

Хамзатов: «Митинг дIайирзина. Iедалан векалша дош делла, оха бохучун тарго а йийр ю, республикан куьйгалхочуьнца цхьанакхетарш а дийр ду аьлла. Ишшта, цара аьлла, Аух-кIоштахь лаьтта латтанийн нΙуллакх кхочуш а дийр ду, аьлла. Кхеташо кхуллур ю, цуьнан муьлххачу а хенахь йиш хир ю президентна тIекхача. Нагахь санна цхьана-шина баттахь иза кхочуш ца дахь, тхан акци кхин а шорлур ю».

Нах гуламе арабаьхнарш меттигера нохчийн кегирхой бара. Баккхийчара уьш собаре хила, бохуш, сецош ца хиллехь, тоххарехь цхьа бохам баьлла хила а тарлора, боху наха. ХIинца цхьана йисте кхаьчна гIуллакх: ян нийсо тола еза я Дагестанера нохчийн гIовттур бу, элира, митинган декъашхочо Эдилов Олхазара.

Эдилов: «ХIара кегийрхой дIагΙертар бахьана долуш, ...цхьа а хьаькам схьахьожуш а воцуш, ...цара боху, шайна кIордийна хIара гIуллакх. Шайн дайша садиттинехь а, шаьш деттар дац, боху цара. Оцу гIазгIумкашкара латта дΙа а луш, тIебалош бу суьйлий. Царна дIаекъна 900 сов гектар. И латтанаш а юхалур ду, боху. ХIара ду аьлла, цара бохург кхочуш дийр дуй-даций, иза хено гойтур ду».

Гуламна тIехьажа кхайкхина вара Кавказан Къаьмнийн Ассамблеянн президент Кутаев Руслан. Цо а билгалдаьккхира, Дагестанерчу аьккхаша бохург цхьа а тайпа харцо яц, аьлла. Берриг а бехк махкахь а , пачхьалкхехь а шуьйра яьржинчу коррупцин бу, элира цо.

Кутаев: «Дагестанехь а, Москохахь а долчу Iедалша гIазгIумкашна меттигаш а юхкуш, кху чуьра хIорш ара ца бохуш, кхечу гIазгIумкашна латтанаш доьхкина. Дуккха а ахча а дайъина оцу гIуллакхан. Коррупцино деш ду иза. Нохчийн латтанаш тIера кийсакаш а йохуш, цига охьаховшуш бу суьлий. И меттигаш шайгара дIаяьхна йовлуш лаьтта, боху кхара».

Хьал баккъал а талха мегаш хиларх кхоьру Кутаев Руслан. Дагестанехь беха нохчийн кегийрхой, нагахь санна бохург кхочуш ца дахь, шайн баккхийчеран куьйга кIелхьара бовла кхерам бу, элира цо кхин дIа а дуьйцуш.

Кутаев: «Шайна тIехь лаьтта харцо дIа маца йоккху аш, боху хаттарш ду кхара хIитториг. ХIинца со кхузахь а волуш, баккхийчу наха Iедалшца цхьанакхетта. Цара бахарехь, цхьа бутт хан ехна Дагестанан Iедало хьелаш дIанисдан. Ас къамел дечу хенахь, нах жим-жима боьлхуш, дIабоьлхуш бу. БIеннаш машенаш ю кхузахь. Уггаре а карзахбевлларш кегийнах бу. Цара, шай дай Iийнехь а , шаьш Iийр бац боху».


Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн юкъметтигийн чолхалла толлучу Кутаев Русланна хетарехь, цхьана хенахь къаьмнаш урхаллехь латторхьама, царна юкъа дΙадегΙна доьвнаш хIинца бIостанехьа дерза мега Оьрсийчоьнна.

Кутаев: «Кхерам болу пхи шо а, исс шо а ду. Къилбаседа Кавказ, молха чохь долу черма санна, лаьтта. Цхьаццаболучарна иза иштта лаьттар ду моьтту. Лаьттар дац. Нохчийн цхьа кица ду: «Сара тΙех саттийча кагло». Хьал дукха чIогIа гIоьрттина ду Кавказехь».


Дагестанера нохчий бехачу кIошташкахь кхолладелла хьал ца талха а тарло аьлла, дегйовхо луш дерг ду, церан шайн латтанаш тIехь бехачу гIазгIумкашшка хьагI-гамо цахилар а, цкъачунна церан сатийсам кхачонза хилар а. Цара кхетадо, шаьш санна, кхин къаьмнаш а хьаькамаша дIахьочу харц политикан закъалтехь дуйла Амма, хIора стаг, иза хьан ваша валахь а, шен чохь, шен хΙусамехь ваха веза, боху аьккхаша.