UFC-н чемпионан Нурмагомедов Хьабибан масех йеза машен а, ара-чу ца баккхалун бахам а дӀабаккхарх лаьцна хабарш даьржинчу йукъанна Дагестанан спортан министро Сажидов Сажида аьлла йасакх дIа ца йалар "юридикан мIаьргонаш" цахаарна ду аьлла. Цо дегайовхо къадийна, спортхо Оьрсийчу йухаверзаре сатуьйсу ша аьлла. Федералан кхелан пурстоьпийн сервисо дӀахьедина, Хьабибан бахам цкъачунна хьабина бац аьлла.
Нурмагомедовн 79 миллион соьмана мах болу бахам дӀабаккхарх лаьцна хаам бира Кремлехьа йолчу Mash телеграм-канало – хьалхо цо дуьххьара Ӏорадаьккхира Дагестанерчу чемпионан йасакхан декхарш хилар. Нурмагомедовн Дагестанерчу хӀусамера декхарна дуьхьал дӀайаккха мегаш йу бохура цуьнан йезачех кхечу пачхьалкхан йалх машен.
Дагестанехь Нурмагомедовн бахам дӀалаьцна аьлла, хаам баьлча, РИА Новости олучу пачхьалкхан агенталлина комментарий йира мехкан спортан министро Сажидов Сажида. Цо дӀахьедира, ша Хьабибаца и хьал дийцаре ца дина, амма иза "низам лардеш волу вахархо" ву, йасакхех лечкъар волуш а вац аьлла. "Иза кхузахь вара, хетарехь, латаршка дӀавахана иза, уьш чекхдевлла, хӀинца иза цIа вогIур ву. Дерриге а дӀанислур ду, дан дезарг дийр ду цо, цундела оцу агIор цхьа а хаттар хир дац цуьнга", - аьлла спортан министро.
Кхелан пурстоьпаша цкъачунна дӀалаьцна бац Нурмагомедовн бахам, амма 79 миллион сом барамехь декхар схьадаккха кехаташ кечдина ду, хаамбина Федералан кхелан пурстоьпийн сервисо (ФССП). Дагестанерчу кхелан пурстоьпийн лерринчу декъе дIакхачийна документаш. Дерриг а Нурмагомедовс охьадилла деза ахча ду 2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц болчу ясакхийн муьрехь дозанал арахьара схьаэцначу ахчанах 309 миллион сов сом, дийцина Федералан ясакхийн сервисо.
Нурмагомедовна дуьхьал йасакх оьцучу хьукматаша йеш долу претензеш а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан хьаькамаша цунна йукъараллехь йеш йолу критика а йоьзна хила мега иза Украинерчу тӀамна гӀортор йан реза ца хиларца, яздора хьалхо "Проекто". Спортхо вевзаш волчу стага, шен цӀе а ца йоккхуш, зорбане дийцира, Оьрсийчоьнан Федерацин президентан администрацера лакхарчу даржашкахь болчу хьаькамаша Украинана тӀелатар доладеллачул тӀаьхьа сихха тӀамна гӀортор йеш вистхила аьлла, цунна тӀедиллина хиларх лаьцна.
- Трампца къамел динчул тӀаьхьа Нурмагомедовна критика йира президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонехь. СПЧ-н декъашхочо, 2024-чу шарахь хиллачу харжамашкахь Путин Владимиран векал хиллачу Ахмедова Маринас дIахьедира Нурмагомедовс Трампе кхайкхам бинчул тӀаьхьа, цуьнан "Палестинах бен дог ца лозу".
- Дуьххьара дац Дагестанан Ӏедалхой Нурмагомедов Хьабибехь гIо доху. Ахмедоваца хиллачу цу конфликтана юкъагӀоьртира республикан куьйгалхо Меликов Сергей: цо элира, цуьнан кхайкхам "дерриг а къаьмнаш" сийсаз а деш, "хайп" йан гӀертар ду аьлла.
- ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а, Сергокалахь а тӀелатарш динчул тӀаьхьа жигарделира Нурмагомедовна йукъараллехь критика йар. Цул тӀаьхьа гIаттамхошлахь вара аьлла хIетахь гучувелира маьршачу кепехь латарехь спортан мастер волу, Нурмагомедовн Eagle FC промоушенехь хилла латархо Кагиров Гаджимурад. Цул тӀаьхьа президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташоно йуха а экс-чемпион бехке вира, "вахӀабхойн идеологи" йаржорна.
- Дагестанехь дуккхаъчара Нурмагомедовн йасакхийн хьукматашна хьалха декхарш хиларх лаьцна хаам тӀеоьцу Москвара националистийн гонаша цунна дуьхьал шайгара йолийна кампани йолуш санна, кхетийра республикера журналисто Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.