Дагестанехь КТО дIахьош кхо стаг лаьцна. Теракт йан дагахь хиллера уьш боху

Гайтаман сурт

Зазадокху-беттан 31-чу Iуьйранна ХIинжа-ГIалахь а, Каспийскехь а контртерроран операцин раж кхайкхийра – ницкъахоша дIахьедира кхо стаг лаьцна шаьш аьлла. Официалан версица, теракт йан Iалашо хилла церан.

ГIаттамхой бу бохурш масех петар чохь спецназах къайлабевлча КТО кхайкхийра, дIахьедира Къоман антитерроран комитетехь. ТIаьхьо кхоъ лаца аьтто хилира, ницкъахоша чIагIдо, оцу меттигехь шайна герз, патармаш, "пайдаэца кийча йолу" куьйгайина оьккхуьйтург а карийнера бохуш. Официалехь маса зуламхо хилла хууш дац.

Зазадокху-беттан 31-чохь делкъа хан хуьллуш ХIинжа-ГIалин мэро Умавов Юсупа дIакхайкхийра ХIинжа-ГIалахь а, Каспийскехь а КТО-н раж йухайаккхарх. Ницкъахошна тIетевжина пачхьалкхан агенталлаша видео йаржийра, Каспийскера дукхазза тIекIелдинчу цIа чуьра петар чохь йаьккхина, цу чохь хиллера зуламхой. Хаамбира, бахархошна шайн хIусамашка берза бакъо йаларх. Маса стаг лаьцна, вуй царлахь вийнарг, хууш дац.

Дагесанан куьйгалхочо Меликов Сергейс дIахьедина, маьршачу нахалахь а, ницкъахошлахь а вийна-лазийна стаг вац аьлла. Цо иштта тIечIагIдина, кхоъ лацар, кхинболу хаамаш ца бина цо.

  • Цхьана баттахь КТО-н раж кхайкхийна шолгIа хилларг ду хIара. Зазадокху-беттан йуьххьехь оцу кепара барамаш тIеийцира ГIалгIайчохь. Дукхазза тIекIелдинчу цIа чуьра йоьалгIачу гIат тIехь муьлш бу цахуу нах гоне берзийнера ФСБ-но, оцу хIусамашчуьра бахархой цкъа хьалха луларчу школехь дIа а тарбина. Оцу меттигера йаьккхинчу видео тIехь хеза йетта автоматаш – зорбане даьхначу кадрашца, йоккха топ йиттинера оцу цIенна тIе.
  • Масех сахьтехь тIом лаьттинера ФСБ-н оперативникийн гIаттамхошца, сатоссуш совцийра герзаш деттар. Зазадокху-беттан 3-чу суьйранна мехкан урхалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас хаамбира, КТО-н раж йухайаккхарх.
  • Байъинарш бу – Гуражев Iамирхан, Цуроев Зеламха, Цуроев ТIахIир, Чемурзиев Берс, Тутаев Микаил, Баркинхоев Мохьмад. Къоман антитерроран комитетан версица, "Исламан пачхьалкхан" агIончаш хиллера уьш.