Дагестанехь мел кIезиг а 74 стагана кхел йеш йу лелийначу къепедацаршна тIехула

ХIинжа-ГIалара аэропортехь лелийна къепедацарш, 2023 шо гIадужу-беттан 29-гIа

ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь лелийначу къепедацаршна тIухула бехкебечийн хьокъехь дIасабовларх барамаш хийцарх чукхачийна 74 апелляцин иск Дагестанан Лакхарчу кхело лахьан-беттан 24-чохь листина. Кхелан картотеки буха тIехь Кавказ.Реалиин корреспонденто лерина уьш. Билггал маса стаг бухкзуламан гIуллакхехула тIеозийна официалехь хоуьйтуш дац.

Хьалхарчу инстанцин кхелан сайтехь зорбане ца баьхна чохь сацорца боьзна сацамаш, цундела бехкевийриг маса ву хьесап дойла йу Дагестанан Лакхарчу кхеле бехктакхаман гIуллакхехула дIасавадар дехкар хьуйцуш чуделлачу аьрзнашца. Оцу йукъанна керла латкъамаш хIинца а кхеле чулуш бу. ГIуран-беттан йуьххьехь республикин Лакхарчу кхеле апелляцина хьажийна, ХIинжа-ГIалара Советский кхелан сацамашна дуьхьал чуйелла 11 иск.

ГIуран-бутт болабелчхьана республикин кхело хийцаза дитина бехктакхаман гIуллакхан фигурант лацар, нахана йукъахь талораш лелорна кхел йар доцург а, иза бехкево полисхочунна ницкъбарна а. Бехкевечун фамили йоккхуш йац кхелан картотекехь.

Зорбане баьхначу апелляцин сацамашка хьаьжча, кхеле хIиттийначара бехкаш тIе ца лоцу. Царех цхьаммо дIахьедина, къепедацаршкахь дакъа лаца дагахь вацара ша, шен цIа воьдуш вара- аэропортана хьалха гулделлачу адамаша некъаш дихкинера, араволийла доцуш аьлла. Цо бахарехь, къепедацаршкахь дакъалоцуш вацара иза, охьавоьжначу полисхочунна гIо деш вара. Кхечу дагестанхочо Ибавов Джамала кхетийра, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле тIе веанера ша аэропортехь хиллачух лаьцна дийца, лечкъина лела ойла а йацара – кхело СИЗО-хь витина иза а.

  • Дагестанан Лакхарчу кхело гIуран-беттан йуьххьехь дIахьедира, аэропортехь лелийначу талорашна тIехула 240 стаг тIеозийна шаьш "митинган" артиклехула административан жоьпалла тIедожош. Царех 104 лецира 10 дей-буьйсий чохь доккхуьйтуш. Кавказ.Реалии сайто кIоштийн кхелийн сайташкара гулбинчу хаамех къаьсташ йу Дагестанан Лакхарчу кхелан информаци: лахьан-беттан 28-чохь долчу хьолаца кхелашка 400 гергга гIуллакх кхечира, царех дукхахдерш оцу хенахь листина дара.
  • ХIинжа-ГIалин аэропорт дIалецира гIадужу-беттан 29-чохь суьйранна, Тель-Авивера пассажираш балош догIу транзитан кема лаха гIертара уьш. Гулбелларш дуьхьал бара Израило ГIаззехь лелочунна, цара тIедожийра регионера жуьгтий лахка аьлла. ЖIуга аэропортан гIишло чу иккхинера, цул тIаьхьа кема охьадусучу майдане а хьодуш. ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь къепедацарш лелийначу "цхьанна а гечдийр дац" элира Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс йуьхьанца, амма гIурт эккхийтинчарна гечдар доьхуш, кхайкхамаш бинчул тIаьхьа шен риторика хийцира цо:"Хилларг хилла даьлла" аьлла, дIа а хьедеш. Кавказ.Реалиин сайто теллира, муха хийцайелира Меликовн оцу хаттарехула йолу позици.
  • Израилхошна дуьхьал ХIинжа-ГIалара аэропортехь гIадужу-беттан 29-чохь талораш лелор тидаме ийцира дуьненан зорбанан гIирсаша, цигахь хиллачара дуьйцура, эргIад йахначу тобана дан хIума а доцуш бисинера ницкъахой бохуш, ткъа Оьрсийчоьнан оппозиционераша хилларг "эхь" ду бохура. 20 сов стаг лазийра цигахь, бара царлахь полисхой а цхьаьна, ткъа аэропортана динчу зенийн мах хадийра 300 миллион гергга сом аьлла.
  • Йуьхьанца дуьйна Дагестанан Iедалша а, Кремло а дIахьедора, Украино питана динера аьлла. Доккхачу декъанна спикерш тIетуьйжура протестан акцеш йе бохуш, кхайкхамаш бинчу "Утро Дагестан" телеграм-каналана. Хьалхо иза йузура пачхьалкхан думин хиллачу депутатца Пономарев Ильяца.
  • Жуьгташна дуьхьал Къилбаседа Кавказехь лелийначу къепедацарийн Оьрсийчоьнан Iедалхоша йина реакци хиллачуьнца дуьстича адекватехь йац аьлла дуьненайукъарчу бакъоларйаран Human Rights Watch организацино. Iедалхошна критика йен нах совцон гIертачул а, Iедалхоша ницкъ тIехьажон беза ксенофобин тIелетарш ца хилийта, аьлла хета бакъоларйархошна.