Дагетанехь стигалкъекъа-беттан 23-чохь герзашца динчу тIелатаршца доьзна республикехь рейдаш йолорах хаамбина дозанал арахьа бехачу нохчийн оппозиционераша. "Кадыров ларвен йоллу органаш арайаьхна. Дуккха а къона белхахой бу цаьрца 18 шарна тIера 20 шаре гергга хенаш йолуш", - дIахьедина 1АДАТ боламо. Кхечу хьасташкахь оцу информацина тоьшалла дац.
Кху деношкахь Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана тIедожийра "йукъараллехь кхерамзалла латторан, терроризмана а, динца доьзна экстремизмана а профилактика йен болх чIагIбе" аьлла. Цо дуьххьалдIа дуьзира и "Дагестанехь хиллачу бохамца", дIахьедира "леррина тIетаIа" дезарх цхьана "Европан пачхьалкхашкара кхачочу радикалан идеологина". Билгал ца даьккхира, ша дуьйцург хIун ду. Нохчийчоьнан урхалхочо ишта кхерамаш тийсира "ваххабизмана" гунахь болчийн доьзалашна.
Ницкъахошца хиллачу кхеташонехь йаьккхинчу видео тIехь боху Кадырвс: "И стаг [шеконашкахь верг] шайтIанашца воьзна велахь – цуьнан долу тайпана-тукхамна таIзар дан деза. Оцу тайпана хаа деза, доллу жоьпалла шена тIехь дуйла… Вешина тIекховдург (вуьйцург ву полисхо.- Редакцин билгалдаккхар) кхеташ хила веза, чIирца цуьнан берриш а бойъур буйла – да, ваша, деваша…Нохчийн халкъе кхайкхам бо ас – хууш хилалаш, шайн бераша хIун леладо. Вахабизман симптомаш йевза шуна массарна а – оцу сохьта дIахаийта цунах лаций меттигерчу полисхочуьнга. Шен хеннахь оха сацор иза, кхан-лама хьо, хьан кIант, хьан ваша вуьйчул а".
ТIетохар: нохчийн пачхьалкхан "Грозный.Информ" агенталлин гочдарца а догIуш, шайтIанаш дуьйцучу Кадыровс буьйцурш бу "Европехь хевшина Iаш берш". Цо бехкебина уьш махкара бахархой машенаш йаго, гергарнаш байъа тIехьехарна. Амма Оьрсийчоьнан низамаш дохош Кадыровс чIир йоькхур йу бохуш, туьйсу кхерамаш зорбане ца баьхна агенталло.
- Мангал-беттан 23-чохь Дагестанехь цхьа могIа герзашца тIелатарш дира полисхошна а, килсашна а, жуьгтийн синагогашна а. Цигахь вийна 20 сов стаг – МВД-н белхахой, мозгIар, динан гIишлойн хадархой а.
- Нохчийчохь полисхойн декъехь велла меттигера вахархо Магомадов Iабдулла. Цунах лаьцна хаамбира Кадыров Рамзанан критикаша - оппозицин блогеро Абдурахманом Тумсос а, иштта 1ADAT, NIYSO телеграм-каналаша. Церан хаамашца, Магомадов вара стигалкъекъа-баттахь ницкъахоша рейдаш дIахьош лечкъийначех цхьаъ. Бахьана дара, дийцарехь, вевзаш воцчо "Дустум" тIейаздина "Лада-Нива" машен йагош йаржийна видео. "Дустум" цIе лелийна Кадыров Рамзана цхьана заманчохь, хIинца цуьнан кIанта Адама лелош йу и.