Дагестанера адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Алхасов Зарипа дехар дина Смоленскан кIоштара Вадино эвлара номер 2 йолчу колонихь латточу махкара бахархошна хIитточу хьелийн талламбе аьлла. Цунна аьрзнаш дина тутмакхаша.
Бина латкъам зорбане баьккхина меттигерчу "Черновик" гIирсан телеграм-каналехь. Текстаца а догIуш, 60 гергга дагестанхо карцер чу воьллинера, цаьрга "лалур доцу хьелаш а хIиттош", оцу тIехула "шаьш шайн пхенаш хедийна цара". Карцере хьовсоран бахьанаш а, шайна зенаш динчу тутмакхийн цIераш а йуьйцуш йац, иштта билггал муха ледара хьелаш дуьйцу а латкъамехь йаздина дац.
Публикацин тергойира Дагестанера Йукъараллин тергамчийн палатехь. Цул совнах латкъаман талламбар дехна омбудсмено Смоленскан кIоштара шен коллеге – цигахь оцу дехарх лаьцна йина комментарий йац.
Кху аьхка номер 1 йолчу талламан изоляторехь йеттарх лаьцна дина арз зорбане даьккхира Gulagu.net проекто. Проектан векалшка кхаьчначу кехата тӀехь дара, тутмакхашкара кест-кеста ахчанаш дохуш, йарна йетташ хиларх "тӀехьожучо". ТаIзар динарг, колонин куьйгаллина герга волу – Зевадинов Эдем ву. Кхин цхьа а тоьшаллаш дац оцу хааман.
- Стигалкъекъа-баттахь терроран артиклаца таIзар дина Дагестанера вахархо Муртазалиев Омара дIахьедира шен могушалла телхина йогIуш хиларх Курганан кIоштара колонихь, иштта цо далхийра ФСИН-н белхахоша кхерамаш тийсарх а. Цунна хетарехь, дуьхьало йеш мацалла латторна а, колонихь долчу хьелашна латкъам барна а ишта бекхам бан гIерта уьш цунна.
- Дагестанера а, Нохчийчуьра а, Узбекистанера а бехкевинчу пхеа бусулба стага хаамбинера Ульяновскан кӀоштарчу набахтин белхахоша ницкъ барх а, динан синхаамаш сийсазбарх а лаьцна. Тутмакхаша дийцарехь, церан маж нуьцкъала дӀайаьшнера, динан литература а, ламазан кузаш а схьадаьхнера, муьтӀахь цахиларна йиттинера.
- Оьрсийчоьнан таӀзарш кхочушдечу хьукматашкахь даьржина ду бусулба нах хьийзор, билгалдоккху бакъонашларъярхоша, ткъа динехь болчу нехан синхаамаш сийсазбарх лаьцна йолу артиклах пайдаоьцу жигархошна тIаьхьабийла а, уьш леца а.