Дагестанера тутмакхо далхийна Мордовехь набахтехь ламаз ца дайтарх а, гIело латторах а

Гайтаман сурт

Мордовера ФСИН-н номер 1 йолчу колонихь хан токхучу Гаджиев Рамазана дIахьедина, хьукматан белхахоша шена тIехь ницкъбарх. Кавказ.Реалиин сайте дийцина цунах лаьцна Iазапаш хьегначу бусулбачу тутмакхийн гIуллакхаш лелочу Алиева Азас.

Ахчанаш дохуш хилла аьлла, бехкевина таIзар дира Гаджиевна ХIинжа-ГIалахь, йалх шой ахшой такха деза цуьнан набахтехь.

"Со чохь латточу камери чохь хьаштагIа а йац, куьйгаш дила меттиг а бац, хIуммаъ а йац. БархI дийнахь туалете ца вохуьйту со, йа лийча а, хи ца ло, волавала ара ца волуьйту. ХIора дийнахь хлорка йутту суна тIе, буьрчан баллон а, цIе йойург а туху. Аравоккху со, йеттий, йуха а камери чу кхусу", - билгалдаьккхина марсхьокху-беттан 14-чохь дахьийтинчу арза тIехь (кехатан копи Кавказ.Реалиин сайтехь йу).

Цул совнах, Гаджиевс чIагIдарца, колонин белхахоша ламаз ца дойту, дIадаьхна ламазан кузаш а. Цо бахарехь, цо а, кхин а 20 тутмакхо а шайн бакъонаш эшорна мацалла а кхайкхийнера. Оцу хьолана тIе терго озархьама, Гаджиевс а, кхин а йалхаммо а шайн пхенаш хедийра.

Йисина хан йаккхийта ша Адыгей дехьаваккхар доьху таIзар токхуш волчо, нагахь санна, шен валар нислахь, цунна бехке лара боху цо Мордовера ИК-2 колонин белхахой.

  • Нохчийчуьра а, Дагестанера а веа тутмакхо а, Узбекистанера цхьаммо а дIахьедира шайн дин аьшнашдарх а, Ульяновскан кIоштара набахтен белхахоша гIело хьегийтарх а.
  • Оьрсийчоьнан колонишкахь бусулба тутмакхаш хьийзош хиларх дийцира Кавказ.Реалиига Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира а, Гарвардан университетан Iилманийн докторо Миронова Верас.
  • 2021-чу шарахь конфликтийн анализан а, уьш юхайахаран а Центро йовзийтира "Къилбаседа Кавказера бусулбанаш Оьрсийчьура набахтешкахь" аьлла рапорт. Бакъоларйархойн хаамашца, исламан динехь болчаьрца къаьсттина лелайо дискриминаци колонешкахь. Царна гIело йо, йетта, кхечу татмакхашка а цхьана гIело латтайойту царна тIехь.
  • ТIехь ницкъбинчу Къилбаседа Кавказан регионашкарчу тутмакхийн гIуллакхаш лелон адвокат Алиева Аза Саратовн кIоштара адвокатийн палатера Москва дехьайелира, Федералан таIзар кхочушдаран урхаллин (ФСИН) агIор шена Iаткъам барна. Цунах лаьцна ша юристо дийцина Кавказ.Реалиин сайте. Хьалхо урхалло арз динера цунна, цо социалан машанашкахь а, зорбанашкахь а тутмакхийн бакъонаш хьешарх дийцарш зорбане дахарна.