Дагестанера харжамашкахь толам баккха дагахь бу диндай

Дагестан -- Дагестанан динан урхаллан куьйгалхо Абдуллаев Ахьмад-Хьаьжа. 05Товб.2011

Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь Дагестанехь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутаташ хьаржина ца Iаш, хир бу меттигерчу парламентан а, цхьацца муниципалитетийн а куьйгалхойн харжамаш. Цу махкахь хIоьттинчу хьоло гойтуш ду цу харжамашкахь тасалур хилар карарчу хенахь волчу Дагестанан куьйгалхочуьнан Абдулатипов Рамазанан агIончаш а, цуьнан дуьхьалончаш а. Амма кхин цхьа ницкъ а бу кху тIаьхьарчу хенахь цигахь гучуболуш - Дагестанан динан урхаллан декъашхой.

Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь ерриг а Оьрсийчохь харжамийн де хир ду. Нохчийчохь республикан куьйгалхо хьаржина ца Iаш, хоржур ю парламент а. Ткъа луларчу Дагестанехь хоржур бу Пачхьалкхан Думан а, меттигерчу парламентан а депутаташ а, республикерчу цхьацца муниципалитетийн куьйгалхой а.

Дагестанера Iедал коррупцино дукъийна а ду, дохкалуш а ду, нахаца бала болуш а дац аьлла хеташ дуккха а бахархой бу цу республикехь. ТIебогIучу харжамашкахь цу наха Iедалера бохо мегаш бу Абдулатипов Рамазанан агIончаш а, цо хIиттийна болу хьаькамаш а.

Иза гойтуш бара, масала, стохка гурахь Буйнакскехь хилла цу гIалин гуламан харжамаш. Цигахь, 68.8 процент кхаьжнаш а гулдина, толам баьккхира "Оьрсийчоьнан ветеранин партино". ШолагIчу меттехь йолчу «Цхьааллин Оьрсийчоь» партино ца гулбинера 18.5 процент харжамаш а бен.

Ткъа хIинца Дагестанан муфтиятаца уьйраш йолчу наха кхоьллина Оьрсийчура «Халкъ коррупцина дуьхьал» олучу партин дакъа. Церан Iалашо ю Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь хир болчу харжамашкахь толам баккхар.

«Халкъ коррупцина дуьхьал» парти кхоьллина 2013-чу шарахь Оьрсийчоьнан политико Анисимов Григорийс. Цхьаболчара дуьйцу иза Путин Владимирна юххера стаг ву бохуш. Анисимовн партин цхьа лозунг ю «Махкана яххьашца бовза беза шен коррупцин дай» аьлла.

Оццу шарахь цу партин дакъа гучуделира Дагестанехь а. Амма зорбанан гIирсаш иза дийца долийра 2016-чу шарахь Охан-баттахь, цуьнан лидеро Тажудинов Магомедхабиба дина дIахьедар бахьана долуш.

Тажудиновс хаам бира 2016-чу шеран гурахь хир болчу харжамашкахь дакъалоцур ду аьлла Дагестанан муфтийн когаметто Саадулаев Магомедрасула.

Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана и парти гучуялар тидира иза шена дуьхьал хьажийна йолуш санна бохуш яздо шен блогехь Маршо Радион аналисто Фуллер Лизас. Яздина низам санна лелаш ду Дагестанехь республикан куьйгалхо суьйли хилча, цуьнан метта хIуттуш верг даьргIо хилар бохуш дуьйцу Фуллера.

Карарчу хенахь 70 шо кхочуш волу Абдулатипов суьйли ву, ткъа Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонехь Дагестанан векал волу даьргIо Умаханов Ильяс лелар долуш ву ша республикан коьрте хIуттур волуш санна аьлла хета аналистана.

Дагестанера журналисто Гаджиева Зульфияс дуьйцу диндай гIуллакх дац политикана юкъагIерта бохуш вара Абдулатипов Рамазан, Саадулаев харжамашкахь дакъалаца воллий хиъча бохуш.

Гаджиева Зульфия: - Абдулатипов шен къамелехь хоьттуш вара, парламентехь хIун дисина церан бохуш. Диндай шайн маьждигашкахь ламазаш деш Iийча гIоле хир ду, ткъа низамаш кхечара дохур ду. Диндайх бозуш боцучу наха дохур ду бохуш вара иза.

Муфтиято гIортор еш болу кандидаташ вуно кхераме бу «Цхьааллин Оьрсийчоь» партина аьлла хета Гаджиева Зульфияна.

Гаджиева Зульфия: - Цара вуно чIогIа конкуренци хIотто мега "Цхьааллин Оьрсийчоьнна", хIунда аьлча, цу партина тIехIоьттина республикера муфтит ю бохуш дуьйцу наха, ша муфтий иза бакъдац бохуш велахь а.

Амма оццу хенахь муфтиятан белхахоша социалан машанашкахь дIахьош агитаци ю. Дагестанехь вуно дукха мурдаш бу тIарикъатан некъехь болу. Суна хетарехь, вуно боккха къовсам хир бу харжамашкахь.

Нагахь Iедалша, хIинццалц шаьш лелош ма-хиллара, харжамийн жамIашца бозбунчаллаш лело гIортохь «Халкъ коррупцина дуьхьал» партин декъашхой юхабевр бац бохуш дуьйцу Гаджиевас.

Гаджиева Зульфия: - Суна уьш тасалур бу аьлла хета, юха ца бовлуш. Уьш баккъалла а толам баккха дагахь бу. Цунах кхоьруш ду республикера Iедал. Цундела цхьацца дIахьедарш до Iедалхоша. Церан бакъо яц официалан кепара шун бакъо яц харжамашкахь дакъалаца аьлла уьш харжамашна юкъарабаха.

Амма, гуш ду, Iедал лууш ца хилар диндай Iедале кхачийта. ХIунда аьлча, царна хуучух тера ду уьш тоьлур буй. Цулдела цигахь къовсам хир бу. И нах, дика ду тIаккха аьлла, юхабевр бац.

Кхин цхьа хIума а ду цу нехан ницкъ гойтуш. Дагестанехь уггаре а девзаш долчу "Черновик" газето СМС таллам бинера, мила хила хьакъ ду Дагестанан "халкъан президент" аьлла. Цуьнца а догIуш, толам баьккхинарг вара муфтий Абдулаев Ахьмад-Хьаьжа.

Цу хеннахь луларчу Нохчийчохь а йолаелла харжамийн кампани. Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь цигахь республикан куьйгалхо а, парламент а хоржур ю. Нохчийчохь цу даржашкахь мила хир ву хууш ду хьалххе. Цундела харжамийн кампани вовшахъетташ харжаш еш стаг вац республикехь.