Дахначу шерашца дуьстича Къилбаседа Кавказехь зударшна дуьхьал дечу зуламийн терахь тIехъиккхина догIу

Гайтаман сурт

2024-чу шеран хьалхарчу эхашарахь Къилбаседа Кавказан федералан гонехь 10 эзар гергга зуда йу зуламаш лайна аьлла билгалъяьккхина – тӀаьххьарчу 8 шарахь уггар а лакхара терахь ду иза. Къилбаседа ХӀирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а зударшна дуьхьал деш долу зуламаш дикка алсамдевлла хаало. Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан официалан статистикехь ду и зераш.

Официалан кепехь эха шарахь динчу лараршца, гIело хьегначу зударийн доккхаха долу дакъа Ставрополан махкахь ду – 4863 волайнхо. Цуьнца цхьаьна Ставрополан махкахь статистика лахлуш йу: стохка хьалхарчу эхашарахь 5584 стага бала хьегна, ткъа цул хьалхарчу шарахь – 4950.

Дагестан шолгӀачу меттехь йуьсуш ю зуламаш дарна зенаш лайначу зударийн терахьца. 2024-чу шеран дечкен—мангалан беттанашкахь дуьйна кхузахь дӀайаздина ду 1486 гӀуллакх. Рапортехь болчу хаамашна юкъайогӀу 2008-чу шеран статистика, оцу йоллучу хенахь терахьаш цкъа бена лакхара хилла дац - 2014-чу шарахь (1502 зуда). Стохка эха шарахь хиллачуьнца дуьстича, 37% алсамдаьлла Дагестанехь зуламаш динчийн терахь.

Кхарачой-Чергазийчохь хьалхарчу эхашарахь дӀайазйина 820 зуламаш лайна зуда, стохка 586 йара – 40% гергга алсамдаьлла и терахь. Шина а республикехь иза уггар лакхара терахь ду тӀаьххьарчу 17 шарахь.

Хьалхарчу эхашарахь Нохчийчохь 217 зуда йара гIело лайна аьлла, дIайазйина, стохка оццу хеначохь 169 бен йацара. ТIаьххьарчу пхеа шарчохь кху шеран гайтам уггар а лакхара бу.

ГIалгIайчохь 111-на тIера 139-не даьлла зударшна тIехь хьоьгучу зуламийн терахь.

• Къилбаседа Кавказехь низамхоша дукха хьолахь тергал ца до доьзалехь ницкъ бар, наггахь гӀо до цIера гIелонех бевддарш лохуш. Оцу Iалашонца, масала, "тIепаза байна" олий дIакхайкхадо, йа бух боцуш "къола дарна" бехкебо. Кхушара хӀинцале а гӀарадаьлла массех и тайпа гӀуллакх – Кавказ.Реалии сайто бакъонашларъярхошца цхьаьна теллира церан баххаш.

Оханан-бутт бовш бакъоларйархошка гIо дехнера Краснодарера йахархочо Смелая Марияс. Доьзалехь гIело латторна а, хIусамдас, Нохчийчуьра вахархочо Шабазов Чингисхана, шена кхерамаш тийсарх а дарединера цо. Доьзалехь бала хьоьгучу зударшна леринчу шелтерера лачкъийра 33 шо долу Краснодарера Смелая Мария стигалкъекъа-беттан йуьххьехь. Полицига дIахьедан ца лиира цунна, Шабазовс чIагIонаш йо, ша зуда балехь йаллош йац бохуш. Стигалкъекъа-беттан 30-чохь Смелая Марияс видеокхайкхам дIайазбира, цу тIехь цо чIагIдора хIусамдас шегара бер а, документаш а, телефон а схьайаьхнера аьлла. Шабазовна дуьхьал айдина гIуллакх прокуратуро йукъахдаьккхира, делахь а товбеца-баттахь Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра тIедожийра гIуллакх йуха а айдар.

  • 2022-чу шарахь Дагестанера гергарнаш гIоьртинера доьзалехь хьоьгучу баланех йедда, "Крепость" кризисан центрехь лечкъина Хирамагомедова Iайшта лачкъон. Арахь цунна тIелеттера цуьнан да а, ваша а, цул тIаьхьа дас йиттина хиллера цунна полицин декъехь.