Ткъех сов стаг вийна православин килсашна динчу шалха тIелатарехь, синагогана а, ХIинжа-ГIалара а, Дербентера а ДПС-н постана а. Беллачарлахь 15 ницкъахо ву, къано-мозгIар а, кхинберш а. Герзаш деттачу хенахь вийна тIелетта пхиъ, уьш кIоштан куьйгалхочун кIентий хилла, ишта "Нийсонан Оьрсийчоь" партин хилла куьйгалхо а. Ницкъахой профилактикан балхана гунахь цахилар гучудаьлла йуха а, элира Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа.
Мангал-беттан 23-чохь Дербентехь масех стага автоматаш йиттира Келе-Нумаз синагогана а, Покровский православин килсана а, гIишлош чохь цIе йелира. Синагоган керташ тIехь Iаьржа басарца терахьаш дитира йаздина - 2:120 а, 8:39 – КъорIана йукъара суранаш ду уьш. "Иудейш а, керста а реза хир бац хьуна, церан дине хьо верззалц", "ТIемаш белаш цаьрца, церан марздалар а, церан Iамал йар а АллахIана лерина хиллалц" аьлла.
Дербентера синагогана тIелетира суьранна ламаз дан 40 минот йиссинчу хенахь, билгалдаьккхира Оьрсийчоьнан жуьгтийн конгрессо. ХIинжа-ГIалахь жуьгташна дуьхьал къепедацарш лелийначул тIаьхьа цигахь даим ха деш бара полисхой – уьш а байъина.
ТIелеттачохь вийна ишта 66 шо долу Дербентера Покровский килсан мозгIар - протоирей Николай (Котельников). Дагестанан ОНК-н куьйгалхочо Хадулаев Шемала хаамбира, килсера хадархо а вийна аьлла, амма чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, тIелатар хиллачул тIаьхьа Дербентера синагога а, килс а йаьгна.
Килсехь хуьлуш долчун теш хиллачу Дербентера йахархочо ишта дийцира: "Николай – тхан лулахо вара, догцIена, дика адам дара и. Массанхьа дIахьедо, цуьнан логах урс хьаькхнера бохуш, амма цунна герз тоьхнера, ма-дарра аьлча. Цо даим а дуьйцура, шена Дагестан а, дагестанхой а безаш хиларх. Тхоьца масаьрца а – лулахошца-бусалбанашца- дика йукъаметтигаш йара цуьнан, даим а тхан дезачу деношца тхо декъал дора цо. ХIокху хиллачо холчахIиттийна тхо. ХIара дан а хIун ду, синагогана тIелатар. И муха дийр ду?!"
Николайс даим а дуьйцура, шена Дагестан а, дагестанхой а безаш хиларх
Цуьнца цхьаьна ХIинжа-ГIалахь тIелетира ДПС-н постана, полисхошна чевнаш йира. Оццу урамехь йу синагога, иза а йагийра. Baza телеграм-канало видео зорбане йаьккхира, цу тIехь корах араоьху кIур бу гуш.
ХIеттахь информаци йаьржира Успенскан кафедралан килсе веана хилла 40 стаг закъалте лаьцна аьлла, тIаьхьо МВД-н белхахоша бакъ дац элира и. Къаьстина хиллера цу чохь болу нах тIемалойх хьулбелла хиллера бохуш – тIаьхьо ницкъахоша кIелхьарабехира уьш.
ХIинжа-ГIаларчу цхьахволчу вахархочо бохура Кавказ.Реалии редакцига меттигерчу килсехь лазийнарш дуккха а бара: "Килсана уллохь дехаш ду тхо, цу хенахь арахь дара тхо, герзаш дуьйлуш. Полици сиха ца йеара. ТIемалоша хадархо вийнера, кхин дIа а чу баха гIоьртинера уьш, амма тхо кхийтира адамаш чу цохь къайладевллера. Чубаха неI ца карорна бисинера уш. ТIаьхьо кхечира полисхой, вуьйш бевддера, гIала мел йу лехна хиллера уьш. Ницкъахоша корматаллица, цхьа барт болуш болх бар дацара и, церан аьтто балар дар. Ойла йехьа, мел дукха нах бойъур хиллера, уьш маса чукхаьчнехь".
Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс хиллачун тергойира цхьа сахь ахсахьт даьллачу хенахь. Хьалхарчу официалан хаамехь цо билгалдаьккхира "йукъараллера хьал талхон гIортар ду" аьлла.
Хилларг хиллачул тIаьхьа "дера вара" Меликов, бохура КавказРеалиин Iедалхойн могIарерчу хьасто: масех де хьалха антитерроран комиссин кхеташонехь дIахьедира цо йукъара оперативан хьал дика ду аьлла, цу барамехь бара федералан хьаькамаш а цхьаьна - дийцира республике оьхучу эзарнаш туристех".
Цо бахарехь, хIинца йоллу спортан школашкахь а, хьаькамех а талламаш бан дагахь бу "радикалан исламан билгало" лоьхуш.
Хьаькаман кIентий а, "Нийсонан Оьрсийчочьнан" депутат а
МВД-но зорбане даьхначу байъинчийн суьрташ тIехь бара Сергокалинскан кIоштан куьйгалхочун кIентий ОмаровгIар Адиль а, Осман а. ТIаьххьарчо куьйгалла деш хиллера гIишлошйаран ХIинжа-ГIалара компанин, Избербашера кафе а хиллера цуьнан долахь.
Церан да Омаров Магомед хьалхо депутат вара регионан Халкъан гуламан, 2010-чу шарера схьа дуьйна муниципалитетан урхалле хIоттийра иза. Дукха ца Iаш тIелетар динчул тIаьхьа лецира Омаров Магомед, цул тIаьхьа "Цхьааллин партин" могIаршкара дIаваьккхира иза. Кхин цхьаъ ву боху тIемало – Сергокалинскера "Нийсонан Оьрсийчоь" партин куьйгалхо хилла Закариганов Iела ву. Меттигерчу партин декъан урхаллехь вара иза 2022-гIа шо даллалц.
Дербентехь вийна тIемало ММА-н хилла латархо Кагиров Гаджимурад ву, иза а хилла Сергокалинскан кIоштара схьаваьлла. Хаамийн гIирсаша йаздора, иза Нурмагомедов Iабдулманапан школехь хилла ву бохуш, амма Нурмагомедов Хьабиба информаци харц йу элира. Ишта ХIинжа-ГIалахь байъинчарлахь ву "Ров-Строй" компанин гIишлойархо хилла Даудов Далгат а, Омаровн йишин кIант Амадзиев Iабдусамад а.
ТIемалой бу бохурш берриг а цхьана маьждиге лелаш хиллера- Сергокалера керлачу маьждиге, бохура редакцица къамел динчу республикин нмицкъаллин структурашкара хьасташа: "Меттигера салафиташ лестара цига. КIоштан куьйгалхочун воккхаха волу кIант цу чуьра араволуш а вацара, цо вербовка йеш хила тарлора боху верси йу толлуш. Цу тIе цхьана заманахь Туркойчохь ваьхна а ву иза, цигахь, хетарехь, вербовка йина хила тарлора цунна даIишхоша. Иштта толлуш информаци йу карарчу хенахь, тIелеттачьарца боьзна кхин а нах хила тарло оцу кIоштахь бехаш бохуш.
Бехкенаш лоьхура
Буьйса йуккъе йахначу хенахь Дагестанан куьйгалхочо пхеа минотехь видео зорбане йаьккхира, цо дIахьедира, Iедал кхеташ ду, "мила ву терроран тIелатараш дайтинарг"; ишта цо хаамбира республикехь контртерроран операцин "жигара дакъа" дирзина аьлла. "Дозанал арахьарчара" дайтина хIума ду аьлла, тIетуьйхира цо ишта.
"Оьрсийчуьра халкъаш эгIон" дина хIума ду хIара "арахьарчу наха" элира хиллачух лаьцна Дагестанера дуьненан къаьмнашна йукъара гIуллакхашкахула йолчу Комитетан куьйгалхочо Слуцкий Леонида а. Цо бехкейира оцу йукъанна "США а, европахойн сателлиташ" а.
Your browser doesn’t support HTML5
Изза аьлла хила Оьрсийчоьнан парламентехь Дагестанан цIарах депутат волчу Гаджиев Iабдулхьакима а – цо хаамбира, "шеконаш йац" шен, теракташ "мухха делахь" Украинан а, НАТО-н пачхьалкхийн а къайлахчу сервисашца доьзна хиларх. Оцу тайппа дIахьедар дира Оьрсийчоьнан Iедалхоша Подмосковьера "Крокус Сити Холлехь" теракт йича а.
Шена догIучунна адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонехь бахьана карийна тIелатарш даран ММА-н латархошкахула а, церан "синан лидершкахула" а дуьенайкъара терроризман идеологи йаржорца. Иштта дIахьедира СПЧ-н декъашхочо Кабанов Кирилла.
Том зуьйчу америкахойн Институтан аналитикаша хаамбира, оцу тIелетаршна тIехьа лаьттарг террорхойн "Вилаят Хорасан" организацин гара ду аьлла. Ишта хьесап дина, хIунда аьлча, дуьненан терроран даIиш организацин "Iела-Iазим" медиацентро "Кавказера вежарий" декъалбарна.
Кавказ радикализме йоьрзуш йу
"Тийначу гаранашца" билггал профилактикан болх бечу меттана, ницкъахоша туьйсу адамашна гранаташ а, наркотикаш а, хиллачух лаьцна комментарий йира шен цIе къайлайахьар дехначу дагестанхойн йукъараллин жигархочо. Цо тидам бира, тIелатарехь дакъалаьцнарш кIоштан куьйгалхочун кIентий хиларан.
Шен берашна кхетам бала ца хиъначу цо муниципалитетан куьйгалла муха дийр ду?
" Шен берашна кхетам бала ца хиъначу цо муниципалитетан куьйгалла муха дийр ду? ТаIазар доцуш хIума дитар, коррупци хилар, ницкъахоша харц чоьташ йар даржадо кхо. Системехь беш болх бац, йеш профилактика йац, ур-атталла муфтиятан агIор а. Кегийрхоша маьждигашкахь хьехамашка ла ца доьгIу, царна дош ца хета уьш. Амма цара дукха лерина ладоьгIу ка йаьллачу эмирийн хьехамашка интернетехь. Дукха хьолахь уьш ца хуьлу Iилма долуш а, амма хуьлу эмоционале а, радикале а" – аьлла хета къамелдечунна.
ХIара кепара тIелетарш хиларан масех бахьана далийра Къилбаседа Кавказехула талламаш бечу аналитико Чемберс Гарольда.
"ТIелатарш дан къастийначу гIишлоша а тIечIагIдо, царна тIехьа лаьттарг "Исламан пачхьалкх" хиларан. ХIара-м хадам боллу тоьшалла дац, хIунда аьлча, могIарерчу бахархошлахь жуьгташка гамо йу ГIазза секторера тIом бахьана долуш", - билгалдаьккхира эксперто.
Чемберса дийцарехь, ницкъахошна хууш ца хилла тIелетарш кечдеш дуй, хIунда аьлча "Крокус Сити Холлана" тIелатар дале хьалха уьш Украинана тIехь терго латтош бара, цул тIаьхьа зазадокху-батт байча, Йуккъерчу Азера мигранташна тIаьхьабевлира уьш. Ткъа оцу хеначохь лахдинера Къилбаседа Кавказера радикалан гаранашна профилактика йар.
Къилбаседа Качвказехула белхаш бечу талламийн организацийн цхьа могIа аналитикийн дала жоп ца хилира Кавказ.Реалиина, тIаьхьарчу хенахь бозуш боцу талламан болх регионехь беш бацара, йа Дагестанехь кегийрхошна радикализаци йарх дуьззина хууш дац аьлла.
Your browser doesn’t support HTML5
"Дагестанера инзаре бохам цIеххьана хилла хIума дацара: кхул а кIира хьалха Ростов гIалахь закъалтхой лийцира СИЗО-хь, бакъоларйаран органаша шайн болх жигара баккха безара, амма цара и ца дира", - аьлла хета регионера экспертана, шен цIе йаккха дуьхьал хилира иза.
Кегирйхоша ла ца дугIу маьждигашкахь хьехамашка, царна интересе дац
Цунна хетарехь, стен хьалхатеттинера тIемалой и тIелетарш дан- кхуьнан анализ ца йахь, оцу кепара инциденташ йукъахйаха ницкъ кхочур бац. Цу тIе культан гIишлошна тIелетарш социалан лифташ ца хиларна, лартIахь бан болх цахиларна арабевлла къона кегийрхой бац, шайн таро йолуш, баккхий нах бу, цхьаболчийн бизнес а хилла церан.
"Уьш стен арабаьхна къастон деза цкъа хьалха, "Украинан, Малхбузен Iаткъам" бу а бохуш, инцидент дIайайъа а ца гIерташ", - дерзийра эксперто.
- Дербентехь йаьгна Келе-Нумаз синагога 1914-чу шарера схьа дуьйна йара. 2009-чу шарахь цуьнан гIишло тишйаларна, йуха тойан дийзира. 2010-чу шеран зазадокху-баттахь керла тойина гIишло, шен чохь жуьгтийн культурин центр а йолуш, схьайиллира Дагестанан президенто Магомедов Магомедсалама а, Оьрсийчонан коьртачу раввино Лазар Берлас а.
- "Крокус Сити Холлехь" динчу терактах жоьпалла шена тIеийцира "Исламан пачхалкх" шех олучу тобанан гарано. ТIеман а, политикан а аналитикаша дIахьедира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша шайгара йалийтинчу ледарлонеа, ишта Къилбаседа Кавказехь терроризмаца къийсам латтош бу бохуш, сурт хIитторна а.