ДаIишан логотип бахьана долуш айфонах яьлла дагестанхо

Дагестанерчу Кизилюьртан кIоштан кхело бехк кховдийна меттигерчу яхархочуьнга Джамалудинова Усхияте, террорхойн организацин символика гайтарна социалан машанашкахь, ши эзар сом гIуда тIе а дожош.

Кхело билгалдаккхарца, шен телеграм-каналерчу ustina_est_istinna аккаунтехь сурт хIоттийна хилла цо, Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу экстремистийн организацин эмблема тIехь йолуш. Дагестанерчу экстремизмана дуьхьало латточу Центран белхахочунна карийнера и сурт.

Административан жоьпалла тIедожийначо хаам бина, шен агIоне язвелла 24 стаг бен а вац, динх лаьцна материалаш зорбане яхархьама и аккаунт ша йиллина хиларх а. Бехкана къера хилла иза, ИГИЛ-ан сурт "хьекъал ца тоарна а, жима хиларна а" хIоттийнера аьлла, кхета а деш. Джамалудинован жима ши бер хилар чоьте а эцна, кIеда таIзар дина цунна кхело, яздо кхелан сацамехь.

Дагестанерчу яхархочух ши эзар сом гIуда хьарчийна кхело, цуьнгара гаджет схьа а йоккхуш, айфон 6 телефонехула зорбане даьккхина хиллера цо и сурт.

  • Гезгамашин-баттахь Ростов гIаларчу кхело колонехь даккха пхи шо хан туьйхира Дагестанерчу вахархочунна Аликберов Салимханна. Иза бехкевира, Оьрсийчохь йихкинчу даIишхойн тобанна 1 105 сом дехьадаккхарна.
  • 2014-чу шарахь шен юьртахочуьнга ши эзар сом делла хилла цо, Шемахь тIемаш бечу шайна юкъахь вевзачунна дехьадккха аьлла, Ростов-ГIаларчу Къилбан тIеман кхело колонехь даккха 5,5 шой хан кхайкхийра Нохчийчуьрчу Дакаев Мохьмадна.