Гуьржийчуьрчу Ахметан кIоштан пхи вахархо шина баттана лаьцна вуьтуш сацам бина Тбилисин кхело. Пачхьалкхан кхерамзаллин урхаллан (СГБ) карабаьхкинера уьш, террорхойн организацехь дакъалаьцна бу аьллачу шеконашца.
Кхелан кхеташо йолаялале хьалха СГБ-но видео яржийра, керла хаьржинчу "Гуьржийчоьнан эмирна" а, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна а лецначара байIат деш гойтуш. Иштта яржийра шеконашка эцначара "нах беха корпус" эккхийта дагахь къамелаш ден аудио а. Билггал хоуьйтуш дац, стенгахь терроран тохар дан Iалашо хилла церан.
Талламчашна а, кхелана а мукIарло дан дуьхьало йо чубоьхкинчу Мачаликашвили Мохьмада а, Цатиашвили Юсуфа а, Багакашвили Гамзас а, Кавтарашвили Рамаза а, Маргошвили Рамаза а, тIе ца дуьту цара дохку бехкаш а. Церан адвокаташа бина и хаам журналисташка.
Кегийрхой чохь совцош сацам бан кхелан кхеташо кечлучу заманчохь гIалин кхелан гIишлонна гонах ха дара чIагIдина. СГБ-н иттех гергга салти чу витира герзех вуьзна. Къевлинчу рожехь дIаяьхьна суьдхойн кхеташо а. Кхерамзалла Iалашъярхьама дина ду аьлла, дIахьедира прокуроро, адвокаташ реза боццушехь.
Хьалхо хааме даьккхира, карарчу беттан 24-чохь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло гуьржийн ПIаьнгазан чIожехь пхи нохчо лацарх. "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчохь йихкина ю)шех олучу тобанна байIат дина бу бохуш, шеконаш кхоллаеллера царех.