Шемарчу тIемалойх дIакхета лаам берш а набахте хьийсабо Нохчийчохь
Дуьненаюкъарчу пачхьалкхашкара бахархой а цхьана Шемарчу тIамехь дакъа лоцуш хилар къайле яц цхьанна а гергахь.
Амма царлахь къаьсттина дукха бу Советан пачхьалкхан хиллачу мехкашкара нах, доккхачу декъанна Оьрсийчуьра бахархой.
Гергарчу Малхбалерчу тIемашка кхача лаам болучарна дуьхьал бехктакхаме гIуллакхаш ду ийдеш махкарчу Iедало.
"Дозанал ара а буьйлуш, жихIадхойх бетталу нах интернетчохь мониторинг ечу хенахь гучубуьйлу".
Масала, Нохчийчохь зуламаш дан кечам барна а, Шемарчу тIеман конфликтехь дакъалаца лаам хиларна а аьлла оршотдийнахь Соьлж-ГIаларчу вахархочунна Эльсанукаев Ахьмадна 3 шо хан кхайкхийна.
Талламчийн версица, Эльсанукаев Туркойчу вахана хилла, цигара дIа Шема дехьа а ваьлла, «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхета Iалашонца.
Туркойн-Шемин доза хадочу заманчохь лаьцна, Оьрсийчу кхачийна Эльсанукаев Ахьмад.
Гуш ма-хиллара, зулам дарна ца тоьхна Iедало цунна хан, Шемарчу оппозицех дIакхета гIортарна йина ю кхел.
Иштта, шинарийдийнахь Нохчийчуьрчу Октябрск кIоштарчу яхархочунна Чатаева Хедина а тоьхна кхо шо хан.
Шемарчу ДаIишах дIакхета Iалашо а кхобуш, харцонца кехаташ кечдина аьлла, ши гIуллакх дуьхьал айдира Чатаева Хедина дуьхьал.
Стохка гуьйренан баттахь Нальчикехь лецира иза.
Билгалдоккху, Шема дIа а ца кхаьчначу йоIана 208-чу артиклца тIе теттина бехк низамашка диллича, харцо ю.
Ала догIу, Iедало ойла тилкхаза а юьйлуш, Шема дог-ойла лаьттачу кегийчу нахаца мелхо а уьш нийсачу новкъа бохуш, кхеторан болх дIа ца хьош, 3 шарера 6 шаре кхаччалц хенаш а етташ, набахте хьийсош хилар.
Нагахь санна, Iедало и нах Шемахь хилла аьлла чIагIо яхь, бахархошна етта хенаш кхин а лакхара хуьлийла ду.
Прокуратуран хаамшца, дозанал ара а буьйлуш, жихIадхойх бетталу нах интернетчохь мониторинг ечу хенахь гучубуьйлу.