"ЦIена кхолларалла хилийта къийсам" бу Нохчийчохь дIахьош, масех шо хьалха дуьйна дIакхайкхийна болу. Кху деношкахь республикехь доллу мукъамийн боларна дозанаш туьйхира – и керла хаам дозанал арахьа а цхьаьна бийцаребинчул тIаьхьа. Кадыров Рамзана дIахьедира, дозанаш нохчийн мукъамех бен хьакхалур дац аьлла. Баккъалла а нохчийн культура Iалашйан хьийза-те Iедалхой, муха дIанисйина йу Нохчийчуьра эстрада, хIун халонаш Iиттало артистех – Кавказ.Реалии сайтан материалехь дуьйцу.
Мукъамийн чехкаллина дозанаш тохарх охан-беттан йуьххьехь дIакхайкхийра Нохчийчуьра культурин министро Дадаев Мусас. Минотехь мукъамехь 80 тохарна тIера 116 тохар бен хила йиш йац аьлла, барам хIоттийна цо. Дукха хьолахь 40-на тIера 200 а, со в тохар хуьлу минотехь, 80-116 тохарш долу диапазон йогIуш йу гIеххьачу барамна тIера жигаралле даллалц.
Дадаевс дIахьедина, дозанаш деттарх сацам тIеэцна "Кадыровца дагадевлла" аьлла, ткъа артисташ декхаре бина барамашца йогIуш йоцу шайн композицеш марсхьокху-бутт карабале йухайазйан. Ца хуьлчу далахь, нахана йукъахь иллеш, эшарш алар царна доьхкур ду. И сацам мича низам тIехь бина бу – хууш дац. Иштта къастанза дуьсу низам дохийначарна хIун таIзар дийр долуш ду а.
Нохчийчохь кхиаме хила лаахь, Iедал хестон а деза, "паччахьана" эшарш лекха а йеза
Делахь а, кIира даьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, керла низам – нохчийн иллиалархошна бина "хьехам" бу, халкъан кхолларалла Iалашйархьама аьлла. Йиллинчу хьасташкахь редакцина ца карийра нохчийн халкъан мукъамех хьакхалун темпах лаьцна хьахор – минотехь 80-116 тохар муха лерина а, хууш дац.
Меттигерчу артисташна диттинчех дуьххьарлера дозанаш дац хIорш. Масала, 2011-чу шарахь иллиалархошна а, эшаршлакхархошна а дихкира фонограмица концерташ йала, нагахь санна, артист дуьххьара гучуваьллехь кхаа баттахь доьхкур долуш дара цунна иллеш ала, шолгIа а лацахь – гуттаренна а. Цхьа наггахь бен магош дацара фонограммица болх бан; нагахь санна, артист цомгаш велахь, йа цхьа йаккхийчу майданашкахь иза болх беш велахь.
2019-чу шарахь нохчийн иллиалархошна тIедиллира шайн репертуар комиссешца йийцарейан. Кхин а ши шо даьлча Нохчийн пачхьалкхан филармонин директоро Шагидаева Динас дIахьедира, "социалан машанашкахь гIарабуьйлучу кхолламаллин артисташца къийсам латтон" Iалашо хиларх.
"ХIинца кухни чохь бен ца локху ас йиш"
Нохчийчохь артисташлахь боккха къийсам лаьтта, йоккхачу сцени тIе вала аьтто массеран а ца хуьлу, хIунда аьлча, мехкан куьйгалхочун тIаьххьара дош хезначул тIаьхьа бен цу тIе вуьтуш цахиларна. Иллиалархо Iедалхошна ца тайнехь, сцени тIе некъ боьхку цунна: телехьожийлехь, радиохь эшарш, иллеш алар дихкина ца Iаш, ур-атталла эвларчу ловзаргахь а йиш ца локхуьйту цуьнга.
Къона иллиалархо Лариса йу (цуьнан цIе хийцина кхерамзалла ларйеш. – Билгалдаккхар) – баккхийчу хьаькамшана сцени тIехь ца тайначух. Лариса махкахь чIогIа йезаш, тIеоьцуш йишлакхархо йара, йаккхийчу концертан хIусамашкахь а, ловзаршкахь а, корпоратиашкахь а эшарш лоькхура цо. Оьрсийн нохчийн, ингалсан меттанашкахь йара цуьнан репертуар, ткъа цуьнан эшарш даим а хезара Соьлжа-гIалин радиочухула - цIеххьана дерриг а хийцаделира – Ларисера лицензи схьайаьккхира.
Тхайн ахчана тIера 30% дIайала декхаре хуьлура тхо
"Доллу дуьненахь иллиалархочун рейтинг ладогIархоша билгалйоккхуш йу, ткъа Нохчийчохь – цхьана а кепара музыкех кхеташ воцчу цхьана стага. Кхузахь кхиаме хила лаахь, Iедалхой хестон беза, "паччахьана" иллеш баха деза – соьга и хIума ца лелало. Цул совнах, Iедалхошна ца тайна хиллера ас йиш лакхар, сан духарш, репертуар, сцени тIехь хьиджаб цалелор. ЭргIад оьхуш хиллера оцу тIехула цхьаболу хьаькамаш, гуттар а сан аьтто хиллачу заманчохь, суна дихкира йиш лакхар. Аса дукха ахча дайъинера эшарш дIайазъйеш, аранжировкаш йеш, духар оьцуш, цхьана дийнахь доллучух а хадийра со. ХIинца йа сайн бераш дIадуьйшош, йа кухни чохь лоькху ас эшарш", - дийцира цо.
Цкъацкъа "Iаьржачу тептаре" хьуо хIун динчунна ваьккхина а ца хууш, лела вуьссу хьо. Масала, ишта нисделира ДимаевгIеран доьзалца а: Нохчийчохь дуьххьара къоман рок тоба "Зама" кхоьллинчу Димаев Iелица а, цуьнан воккхаха волчу вешица, композиторца СаьIидца а, жимахволчу вешица- пианистаца Iамарбекца а. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь Москва дIабаха дийзира церан Нохчийчуьра, цигахь белхаш бира цара.
2013-чу шарахь республикин зорбанан хаамашкахь йаздора "нохч-гIалгIайн эстрадин дийна легенда" хилла Димаев Iелих бохуш. Цул тIаьхьа диъ шо даьлча Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь цо дийцира тIамо дохийна Нохчийчуьра шайн цIа дендан а, цхьахволу ваша Германира цIа валон а, эстрадин театр кхолла а шен лаамш хиларх. Делахь а, билгалдаьккхира Димаевс, "цIелиг чуьра зарзар" хир дац ша аьлла, и бохург дара Кадыров Рамзанна там бер-берриг лелон цалаар.
КХИН А ХЬАЖА: "Пондаран аз"– заманна хIоттийна хIолламМасех шо хьалха Европе дIавахначу нохчийн иллаиалархочо, шен цIе къайлайахьар а дехна, дийцира нохчийн Iедалхоша концерташ йала пурба даларх ца тоьа, дукха хьолахь цунах ахча дала а деза аьлла.
"Йеххачу заманчохь пачхьалкхан филамонихь болх беш вара со Нохчийчохь, хIора ловзаргахь ахь даьккхинчу ахчана тIера 30 процент культурин министраллина охьадилла дезара. Филармонин штатехь волчу муьлххачо а дан дезаш хIума ду и, цигахь дерриг а коррупцина тIехь ду. Эххар а со ца тарвелира республикехь – хьаькамийн ботт йукъахь хила ца лиира суна. Европехь соьгара цхьаммо а ахчанаш ца доху, ас илли аларна, мелхо а сайн корматалла йухку ас", - дийцира артисто.
Цо дийцарехь, ларамза нисбелла нах бу Нохчийчохь культурехь болх беш, цундела Iедалхоша церан говзалла шайна пайда болчу агIор а, шайн безамца-цабезамца а йусту: "ХIинццалц схьа "хьакъволу" йа "халкъан" артист – и йоккха цIе йара, хIинца деккъа дешнаш хилла диссина".
Низамца а догIуш, хьакъволу артистан цIе йала йогIу культурин сферехь мел кIезиг а 10 шарахь болх бинехь, халкъан артистан цIе ло кхин а тIе пхеа шарахь болх бинехь. Нохчийчохь оцу низамна пе бетта - хьакъйолу артист аьлла цIе йелира Нохчийчохь итт шо долчу Умарова Тамилина. И цIе йелира цунна, Кадыров Рамзанан дена лерина "Хьалхара паччахь" аьлла, йиш цо лакхарна.
КХИН А ХЬАЖА: "Вийначух тера ду иза". Пхи шо кхечи иллиалархо Бакаев Зеламха Нохчийчохь вайнаIедалхошна болх беш хила безаш бац артисташ, хIунда аьлча, культура халкъан йу – иштта элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша а 2019-чу шарахь. Делахь а, дешнаш а, дийриг а бIостане хуьлу, элира масех шарахь республикера культурехь куьйгаллин даржашкахь белхаш бина, цул тIаьхьа Европе дIавахначу театран режиссеро.
"Театр а Нохчийчохь йац ала тарло. ХIунда аьлча, боллу театран болх халкъан дуьхьа беш бац, Iедалан дуьхьал ду дерриг а. Уггар а хьалха, театран са хила деза, ткъа и доцуш ду", - элира къамелдечо Оьрсийчохь репрессин низамаш чIагIдина хиларна шен цIе цайаккхар а доьхуш.
Iедалх боьзна хилар дуьйцуш, цо билгалдаьккхира, артист даим а маьрша, паргIат хила везаш хилар: "Оьрсийчохь дерриг а политики йукъа хьарчийна ду: кхоллараллехь а - политика, спортехь а – политика. Дера ишта хила дезаш ма дац и: нагахь санна, хьайн сица хьо маьрша велахь, хьан кхолларалла а маьрша хир йу. Со чIогIа тешна ву, цкъа мацца а кхоллараллин стеган таро хирг хиларх шен похIма дохка", - дийцира режиссеро.
- Нохчийн халкъан композицин доккхаха долу дакъа минотехь 120 а, жимма кхин а лакхара а тохарш долуш ду, дийцира Кавказ.Реалиин редакцига республикера масех иллиалархочо. Къамелдинчара ишта билгалдаьккхира Iедалхойн тIедахкарш кхочушдан таро цахилар а.
- 2022-чу шарахь кхин дIоггара йевзаш йоцчу "Тхан хIусам – Соьлжа-гIала" йукъараллин организацин куьйгалхочо Гучигов Сайпуддис хьийхира Къилбаседа кавказехь "Маьттазаллица къийсам латтон Комитет" кхолла йеза аьлла. Цо билгалдоккхур ду бохура, муьлхачу артистана мегар ду махка а веана, цигахь концерташ йала. Цуьнан "Iаьржачу тептарехь" нисбелира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца доттагIаллин уьйрашкахь болу артисташ а цьаьна. Масала, пачхьалкхан преми делла хилла Панин Алексей, Киркоров Филипп, Бузова Ольга, Моисеев Борис, Шура, Шнуров Сергей, Джигурда, Солнцев Гоген, иштта "божарийн, зударийн вовшашца йолчу юкъаметтигашна пропаганда йен телеканалаш а".