Хих тур дина ДАIИШ-о

Иракъ - Хица бала хьогуш бу Иракъан къилбера бахархой, Бабил провинци. 2015 шо.

1990-чу шерашкахь Иракъан диктаторо Саддам Хьусайна якъийра шайн мехкан къилбехь йолу уьшалш. Цу кепара цо бекхам бира шена дуьхьал хиллачу цу меттигашкахь бехачу бахархошна. ХIинца изза деш бу ДАIИШ тобан векалш а.

Саддам Хьусайна Фарси айманехь тIом болорна реза бацара цу мехкан къилбехь, даьхни а кхобуш, беха миска бахархой. И бахьана долуш диктаторо омра делира цу кIорштIа доьдуш долу хиш дIахьовзаде аьлла. Цу кепара цо якъийра цу нехан дахаран коьрта дакъа долу уьшалш.

И бахьана долуш хене бовла рицкъ доцуш бисира гомашаш яжош цигахь бехаш болу эзарнаш доьзалш.

2003-чу шарахь цу меттиге юха хи хийцира Iедалша. Цхьана хенахь цигахь баьхна дукхах болу нах юхабирзира шайн даьхни а далош.

Амма хIинца юха а иттаннаш гомашаш яжош болу Iуй дIабоьлхуш бу цигара. Ди-Кар олучу Иракъан провинцехь йолчу Ал-Чибайиш кIоштара уьшалш юха а якъалуш ю.

Амма нагахь 1990-чу шерашкахь экологина ирча де хIоттийнарг Саддам Хьусайн хиллехь, тахана цунна бехке бу «Исламан пачхьалкх» олучу тобан декъашхой. Евфрат хи тIехь йолчу дамбина Iуналла дечу наха дIахьовзийна цу кIошта доьдуш долу хи.

Цигахь бехачу нехан къанойх волчу Ал Асади Шейх Мухьаммада дуьйцу хьалха хилларг юха а хуьлуш ду бохуш. Цу нехан Саддам Хьусайн санна менталитет ю бохуш вара иза. Цунах лаьцна яздо меттигерчу Asharq Alawsat газето.

Хица доьзна хаттар вуно чолхе латтташ ду Иракъехь, «Исламан пачхьалкх» олу тоба гучуялале хьалха дуьйна а. Евфрат чурча хих пайда оьцуш ву Иракъехь а, Шемахь а, Туркойчохь а вехаш волу 27 миллион гергга стаг.

Амма хIинцалера кризис эккхале хьалха а, вуно боккха бала хьоьгуш бара и нах, хи бех дарна а, цигахь дехаш долу адам алсамдаларна а.

Иракъан Iедалерчу наха чIагIдо хи цатоар доьзна ду баханчу баттахь Анбар-провинцехь ДАIИШ тIемалоша хи гулдон чIинг дIакъовларца. «Исламан пачхьалкх» тобано дамба дIакъовлар бахьана долуш Евфрат чура хи дIахьажош ду Habaniyah Iоман чу.

Меттигерчу Iедалхоша кхайкхамаш бо, нагахь сихха цхьаъ ца дахь экологин бохам хила сахьт дац цигахь бохуш.

Маховский Мэттью Лондонера эксперт ву. «Аьхка йовха а йолуш, санитаран нормаш дукха ледара ларйочу меттигехь хи лахдаро вуно ирча тIаьхье йохьур ю”, - боху цо.

Кху деношкахь Чибайиш олучу уьшалш йолчу кIошта ваханера Ди-Кар провинцин губертантор ал-Нассири Яхья. Цо дийцарехь, цигахь ирча бохам хила мегаш бу. Цигахь даьхни кхабар а, чIерий лецар а хIаллак хуьлуш ду, бохуш вара ал-Нассири.

Ди-Кар провинцин могашаллин департаментан куьйгалхочо ал-Маджид Саадис дийцарехь, Насирия провинцехь мала хи цатоарна чоьнан ун даржа мегаш ду.

Ди-Кар провинцера уьшалш йоцург «Исламан пачхьалкх» тобано болийна хинан тIом хьакхабелла ю кхин йолу провинцеш а, кIоштанаш а.

Иракъан парламентан юртбахаман а, хинан а комитетан декъашхочо ал-Тамими Фурата дийцарехь, ДАIИШ тIемалоша Рамадера дамба дIалаьцначул тIаьхьа церан карадахана Бабил (Babel), Кербела (Karbala), Наджаф (Najaf), Кадисия (Qadisiyah) провинцешка кхочучу хинна Iуналла дар. Евфрат чура хин барам нисса ах охьабаьлла боху цо.

Iедалхоша дийцарехь, Бабилонехь якъалуш ю стоьмийн бешаш. Йокъалла хIоттор бахьана долуш хIаллак хуьлуш ду дийнаташ а, юртбахаман кхаш а.

Иракъан Iедалан векалша дIахьедарш до шайн мехкан къилберчу меттигашка хи цакхачарна бехке «Исламан пачхьалкх» тоба хилла ца Iаш Туркойчоь а ю бохуш. Оццу депутато Тамимис чIагIдарехь, туркойн Iедалша лахбина Иракъе кхочуш долчу хинан барам.

Шема а ю латкъамаш беш Туркойчоьно шайна тоъал хи ца кхочуьйта бохуш. Туркоша бохийна шаьш хи декъар хьокъехь бина барт, бохуш дуьйцу цара.

Амма Туркойчоьно хи схьахецча а лахлур болчух тера дац «Исламан пачхьалкх» тобанера схаьболу кхерам. Маршо Радион Иракъан сервисан корреспондентана интервью луш, хица доьзна хаттарш лелочу Иракъан Iедалан декъашхочо Хашим Iелас элира, уггаре а боккха бала ловш ерг Анбар провинци ю аьлла.

Рамадера дамба шайн карахь хиларх пайда эца мегаш бу Исламан пачхьалкх олучу тобано, шайна тактикан а, тIеман а аьттонаш беш.

Евфрат ша тайпа доза дара Исламан пачхьалкх тобан тIемалошна а, Иракъан Iедалан ницкъашн а юкъахь долу. Гарехь, кестта Иракъан эскархойн дезар ду шаьш Iунала деш йолу территори шор ян гIорта аьлла хета, вай лакхохьа хьахийначу Лондонерчу политикан экспертана Маховскийна.