Дайначу шарахь Кадыровс даьккхина ахча дейттазза эшна

Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дайначу шарахь 26,5 миллион сом даьккхина, иштта хаамаш ду хьаькаман тIедолучу ахчан официалан декларацехь яздина. 2020-чу шарахь регионерчу политикан алапа хилла 381 миллион сом – цхьана шарчохь 14-зза эшна иза.

Кадыровн долара бахамах тептар хийцадаланза ду – хьалха санна цуьнан долахь 32 эзар йиъкIов метр йолу шиъ латтанан дакъош а, 2,3 эзар йиъкIов йолу хIусам а ю. Куьйгалхочун долахь хьахийна 300 йиъкIов метр йолу хIусам а ю.

Политикан хIусамнанас Кадырова Меднис 2021-чу шарахь 1,5 миллион сом даьккхина, шо хьалха хиллачул 75 эзар соьманна кIезиг ду иза. Цуьнан долахь ю аьлла хьахийна ю 210 гергга йиъкIов метр йолу петар. Йа Кадыров Рамзанан, йа цуьнан хIусамненан официалехь цхьа а транспорт яц.

Декларацехь майрчун-зудчун хьахийна 11 бер ду кхиазхойн хене довланза – дайначу шарахь цара ахча ца даьккхина.

  • Хьалхо депутатийн доларчу бахамехь а, царна тIебогIучу пайдех а лаьцна хаамаш арахийцира Нохчийчоьнан парламентан декъашхоша. Парламентан спикеро, республикан куьйгалхочун уллорчух цхьамма, Даудов Мохьмада 3,2 млн соьманна деклараци йина, цуьнан хIусамнанас 419 эзар сом даьккхина. ДаудовгIеран доьзалан официалехь цхьа а долара бахам бац, ур-аталла машенаш а, амма уьш беха 350 а, 718 а йиъкIов метр долу даккхийрачу шина хIусамашкахь. Доьзало кхиош 11 бер ду.
  • Культуран министр болх беш йолчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIан Кадырова Iайшатан хьал 2021-чу шарахь 50-за дебна – 44 миллион соьме кхачалц. 23 шо долу хьаькаман а, цуьнан куьгкIелахь болх беш волчу цуьнан цIийнден а долахь вуно доккха цIа ду.