Къора а волуш дуьнентIе ваьлла нохчийн кIант хIинца хезаш ву

Австри -- Къора а волуш дуьненчу ваьллачу Мовтаев Мовсаран лерса меттадалийна лоьраша, Вена, 12Оха12.

Доллучу дуьненчохь а дуьххьара йина ю кху деношкахь Венерчу лоьрийн цIийнахь йина операци. Цхьана нохчийн мухIажарийн доьзалерачу 11 шо кхаьчначу кIентан лерса юхадерзийна лоьраша, цуьнан лерга имплантант а йиллина. Дуьненчу ваьлчахьана къора волчу цу кIентан хIинцачул тIаьхьа лерса хир ду.
Дуьхьарра адам дуьненчу даьлча, мохь хьакхарца дIадолало цуьнан дахар, гонахарчарна а, цунна шена а шен аз а хезаш. Амма я шен а, я нехан а аз хIинцалц схьа хазанза вара Венехь бехачу нохчийн мухIажарийн доьзалера цхьайтта шо долу Мовтаев Мохьмад.

Мохьмад вичахьана къора вара, цхьа а хIума хезаш воцуш, шен доллучу дахарехь а аьзнийн дуьненах хьега дезаш. Амма кху деношкахь Венерчу коьртачу лоьрийн цIийнахь болх бечу говзанчийн кадаьлла, дуьнентIехь хIинцалц схьа масала доцучу операцин гIоьнца Мохьмадан лерса юхадерзо.

Операци дIаяьхьна волчу лоьро, профессора Баумгартнер Вольф-Дитера Маршо радиога дийцира Мохьмадна йиллинчу имплантатан башхаллех лаьцна. Цо билгалдоккху, и операци доллучу дуьнентIера лоьраша дуккъаъчу шерашкахь шена тIехь болх бина а, сатийсина а хилам хилар.

Профессор Баумгартнер: „Цу керлачу имплантатан башхалла хIун ю аьлча, иза даьIахках йина а йолуш, коьртан туьтанах дIалатийна лерсен аппарат хилар ду. Шина тайпан лерса доцу адамаш ду и тайпанчу аппараташца дарба дан йиш йолуш. Хьалхарнаш – уьш бераш ду, лерсан доцуш дуьнентIе девлла долу.“

Австри -- Лерса меттахIоттош дуьххьара коьртана операци йина лор, профессор Баумгартнер, Вена, 12Оха12


ХIинцалца схьа къорачарна уггаре а гIолечу хьолехь лерина цхьа резенках йинчу тIийригца корта гонахь чIагIйина йолчу аппаратца мелла а хIума хаза йиш яра. Бакъду и аппарат даима дикка хье лаза а беш, чкъурана тIетаIийна латтон езаш яра, вуьштта цо а гIо ца дора.

Профессора дийцарехь, дукха хан яра иза а, цуьнца болх беш болу лоьраш а и хьал хийца гIерташ къахоьгуш а, Iилман талламаш беш а болу.


Профессор Баумгартнер: „Оха цу тIехь болх бен дуккха а шераш дара. И хIинцалера имплантант, гергарчу хьесапехь, цIазапIелган мIара санна жима а ю, адаман даьIахках йина а, коьртана чоьхьа, цхьанна а гуш йоцуш, дIатаръеш а ю, могаш адамаш дуьненчу довлучу хенахь церан хила езачу меттехь“.

Муьлха а дуьххьарлера, масала доцу операци санна, кхерамаш а, халонаш а шеца йолуш яра Мовтаев Мохьмадна йинарг. И операци дуьнентIехь духхьара еш хиларна масех Венера къора бер а, церан дай-наной а реза ца хиллера, шений-шений иза яйта.

Амма Мохьмадан аьзний дуьне довза болу лаам дукха лакха хиларна, иза оцу сохьта реза хиллера, цуьнан нана и тайпанчу лоьрийн цестаро кIентан могашаллина зедарах мел кхоьруш хиллехь а.

Мохьмадан нанна Раисина а, шена Мохьмадна а масех шо дара профессор Баумгартнер вевза. Шаьш Вене схьадаьхкича дуьйна а цунна тIеоьхуш бара уьш, Мохьмадан лерса бахьана долуш.

Мовтаева: „ХIокху ялх шерачохь оха сатийсина операци яра иза. Иза дуьнентIе ваьлча дуьйна а хууш дара, иза хезаш воцийла. Тхо, тхаьш кхуза схьа ма даьхкина, цу профессор Баумгартнерна тIе даханера. Цуо хIетахь, и тайпа операци хIинцехь йойла дац, иза воккха хилча йийр ю аьллера тхоьга.

Иштта ладоьгIуш, сатуьйсуш тхо Iаш долуш цо цхьана дийнахь телефон а тоьхна, тIедуьйла, операци ян аьтто хила там бу элира".

Мохьмадан лерса юхадерзоран имплантант, операци дIа ма йирзина, цкъа хьалха иза цуьнан организмо тIеэцнийла таллархьама, йоццачу ханна хьалалатийнера лоьраша. Мохьмадан нанас, Мовтаева Раисас дуьйцу, операци чекхъяллачул тIаьхьа Мохьмад наркозах меттавеъча, цунна дуьхьара шен имплантатаца аьзнаш хазарх лаьцна:

Мовтаева: “Операци чекхъяьллачул тIаьхьа тхуна тIебаьхкира лоьраш. И аппарат лата а йина, Мохьмадна хезий хьевсира уьш. „Хезий хьуна?“, - аьлла шега хаьттича, кIанта „Хеза, - элира. - Цхьа тамашийна хIумнаш хеза суна“, аьлла. ЧIогIа самукъаделира церан а, боккхачу аьттонца чекхаяьлла операци, кIантана хезаш ду, аьлла. Массийта лор вара уьш кху кIантан го бина лаьтташ. Дукха гIадбахана, вовший декъал а беш, вовшашка саламаш а делла, дIабахара уьш, цкъачунна аппарат дIа а яйъина.“

Мохьмад а, цуьнан доьзал а санна, операцин жамIаш кхиаме хиларе сатуьйсуш хиллачу лоьрашна а, ткъа цаьрца доллучу дуьнентIехь а лоьрий Iилма кхиийта къахоьгуш болчу говзанчашна а боккха кхаъ хилира, Мохьмада, шена аьзнаш хаза дуьйладелча, велаваларх.

Профессор Баумгатнер: „Дера иза шеко а йоцуш, чIогIа тхан самукъадоккхуш болу кхиам ма бу. Оха операци чекхъяьлчул тIаьхьа, и аппарат талларан Iалашонца хьалалатийча, Мохьмада кхин дукха а ца дийцира. Цо цхьа хаза доггах вела а велла, тхоьга схьа а хьажна, „Супер!“ элира. Цуо дукха чIогIа сатийсина мIаьрго ма яра иза. И сатийсам цуьнан а, тхан а кхочуш а хилла“.

Цкъачунна Мохьмадна йилина имплантант, цуьнан коьртан даьIахках дIаэллалц, дIаяйъина латтош ю лоьраша. Амма Охан бутт чекхболуш даиманенна хьалалатор йолуш ю иза. ТIаккха шен доллучу дахарехь аьзний дуьненах марзо эца сатессина волу жима Мохьмад даиманна хезаш хир ву, кхин цкъа а хезачу нахах хьега а ца везаш.