Декхарелахь хиларна Оьрсийчоьнан дозанал арабовла йиш яц 7 миллион бахархойн

Дозанал арабовлучу заманчохь хьовзам бала тарло декхарелахь хиларна Оьрсийчоьнан 7,2 миллион бахархошна, хаам бина "Новости" агенталле профессионале коллекторийн Къоман ассоциацин (НАПКА) президенто Мехтиев Эльмана. Арабовлар дихкинчарна юкъахь бу 30 эзар сом гулделла 90 дийне бевлла пачхьалкхан бахархой аьлла Мехтиевс.

Цо дийцарехь, хIора ялхолгIа декхархочун аьтто хир бац пачхьалкхера аравала, нагахь санна кредитхошка кхелан сацам кхачахь. Оцу хьолах ларвалархьама, пачхьалкхана декхаре болчу Оьрсийчоьнан бахархоша, шаьш новкъадовлале 10-14 де хьалха хьовса беза, шайн цIе суьдхойн пурстоьпийн Федералан урхаллан базехь юй, хьехна НАПКА-н президенто.

Арабовлар дихкинчарна юкъахь бу кредиташ шен хеннахь дIа ца делла а, ял яланза а, коммуналан декхарш тIехь долу а бахархой.

Некъан хьовзам боцуш дIаваха бакъо хир ю, нагахь санна, и стаг дарбанна воьдуш велахь, амма, билггал шен Iалашонех тоьшалла гайта дезар ду цо.

Федералан низамца а догIуш, 30 эзар сом пачхьалкхана декхар волчу стагана дихкина ду Оьрсийчуьра аравалар. Нагахь алименташ дIа ца делла, я цхьаьннан могушаллина зен дарна, я бахам хIаллакбина хьаьрчина ахча 10 эзар соьме кхочуш делахь а болх беш ду и дехкар.

Махкара арбовлалур бац и нах буьззинчу барамехь декхар дIадаллалц.