Делимхановс Вайлдберрис-ан офисехь герзаш деттарна бехкевина ГӀалгӀайчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думера депутат Барахоев Бекхан

Пачхаькхан думан депутат Делимханов Адам

Оьрсийчохь йоккхачу Wildberries маркетплейсан Москварчу офисехь герз деттарца доьзна цхьаьнакхетар хилла Нохчийчохь мехкан векалийн ГӀалгӀайчуьрчу делегацица. Гезмашин-беттан 23-чу сарахь хиллачу цхьаьнакхетаран видео зорбане йаьккхина "ЧП Грозный 95" телеграм-канало.

Нохчийн агӀор цхьаьнакхетаран декъашхошна юкъахь вара Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам. Цо тӀечӀагӀдира, ша оцу девнехь дакъалаьцна хилар а, Оьрсийчоьнан парламентан лахарчу палатера шен коллега, ГӀалгӀайчоьнан депутат Барахоев Бекхан бехке вира цо герзаш деттарна. Барахоевс Вайлдберрис-ан офис ларъйан "дӀахӀиттийначу" наха шайна кIело йинера бохура Делимхановс. Ша Барахоевс цкъачунна комментарий ца йина Делимхановс ша бехкеварна.

Кремльна гергахь йолчу Вайлдберрис-ан офисехь герзаш деттар хилла гезгамашан-беттан 18-чохь делкъал тӀаьхьа. Зорбане йаьхначу видеошка хьаьжча, уггаре а хьалха ницкъ бинарш бара туька кхоьллинчу Бакальчук Татьянин хIусамден Бакальчук Владиславан нах (ша цIахь йолуш хиллачу Ким фамилица хийцина цо Бакальчук аьлла хIинццалц лелийна фамили). Герзаш деттарехь вийна офисан кхерамазаллин ши белхахо, ший а ГӀалгӀайчуьра схьаваьлла ву. Церан декъий дохьуг догIучу кемана дуьхьал баьхкинера масийтта эзар стаг

Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо жоьпалле вира Делимханов Вайлдберрис-н бизнесехь лаьтта дов Бакальчук Владиславна пайдехьа долуш дерзон. Герзаш диттинчул тӀаьхьа бизнесхочо бехке вина гӀалгӀайн депутат Барахоев Бекхан а, Дагестанера сенатор Керимов Сулейман а, арахь реклама йеш йолчу Russ компаница туька цхьаьнатохарх Iуналла деш хиларна. Хьалхо изза информаци зорбане йаьккхира хаамийн гӀирсаша, хьостанашна тӀе а тевжаш.

  • Товбеца-беттан 18-чохь Бакалчукца цхьаьна Вайлдберриc-ан офисе кхаьчначарна юкъахь вара Нохчийчуьра экс-прокурор Эльмурзаев Анас, хӀинца ша бизнесхочун адвокат ву олу цо. "Агентство" хьостано дийцарехь, Эльмурзаевс девнехь дакъалацаро гойтуш хила тарло, Кадыров Рамзан тIелатарна тIехьа лаьтташ хилар. Цул совнаха, цу гӀуллакхехула лецначарна юкъахь бу Нохчийчуьра кхерамазаллин структурийн белхахой хилла а, хӀинца белхан беш болу а нах.
  • Республикан куьйгалхочо ша тергал ца дира хилларг, цул тӀаьхьа Бакальчук Владислав лаьцна латтор а, бизнесхочун хьашташ ларъярехь "йист йаккха" дош деллехь а.
  • Делимханов Адам дуьненаюкъарчу санкцийн тептарш тIехь ву, адамийн бакъонашан йохорна а, Украинина дуьхьал бечу тӀамехь дакъалацарна а. Депутато дуккха кхерамаш тийсина журналисташна а, бакъонашларъярхошна а, Кадыровна критика йеш болчу нахана а. Иштта иза воьзна ву политикан бахьанашца масийтта стаг верца, царех уггаре а гIарадаьлла гIуллакх ду 2015-чу шарахь Кремлана уллехь оппозиционер Немцов Борис вер.