Тиларчохь Iуьллучу Бапхоева Заирин гIуллакх листина Страсбургехь

Гайтаман сурт.

Your browser doesn’t support HTML5

Тиларчу яхана Iуьллучу Бапхоева Заирин гIуллакх листина Страсбургехь

Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело рогIера сацам тIеэцна, шега арз дина Бапхоева Хьава бакъ а хетна, цуьнан агIо а лаьцна цунна 20 эзар евро гIуда такха дезар тIедожийна меттигерачу Iедалшна. Уьш бехке лаьрра Бапхоева Хьаван йоI Заира заьIап ярна бехке берш билгал ца баьхна аьлла.

Бопхоева Заирин гIуллакх, шен акхаллийца билгалдаьлла ду, кхечу, кIоршме лоручарех. 2009 шарахь и кхиина йогIу йоI ядийна хилла меттигерачу жимчу стага. Иза шолгIачу дийнахь нанас ца йитина цIа ялийна цигара. ТIаккха дехоша, кхера а йина юха дIаелла ядийначу кIанте. оцу хена юкъан цуьнан гергарчарна а ца эшна иза.

Шина баттахь марехь ю бохуш чуьра ара а ца йоллуьйтуш латтийна иза. Цигара дарбан хIусаме кхаьчна цхьана хIуманах дIовш а даьлла. Таханалерачу дийнахь и йоI синкхетамехь а йоцуш, шен дегIан дола а ца далуш меттахь ю. БархIолгIа шо доладелла иза иштта йолуш.

Тахана ГIалгIайн махкахь Iедалан хьукматашкара гIо-накъосталла а ца хилла, европерчу кхеле иза дехнера Заирин нанас Хьавас. Токхун долчу гIудано цуьнан йоI меттаялаяхь тамаш бу, амма и гIуллакх юха таллар тIедужу меттигерачу низамхошна, аьлла дийцира адвокатан-бакъонашларъярхочун Гнездилова Ольган.

Цу хьуокъехь цо иштта элира: «Халахеташ далахь а Европерчу кхелан харцо билгал а яьккхина, иза хийца ала бакъо бен яц. Амма иза кххочуш дар меттигерачу талламхойн карахь ду. Оха сатуьйсу и кхелан сацам кхочуш хила болабелча, и гIуллакх юха а листа долорг хиларна. Коьрта хало ю, оцу йоIан и хIума хиила ма хилнехь, таллам ца бина цунна дIовш стенах даьлла аьлла. ГIуллакх а долийна ца хилла цунна. Цундела дукхха а тоьшаллаш дайна. Уьш хIинца гулдан хала хира ду».

Адвокатан Гнездилован хетарехь, тахана оцу гIуллакхан коьрта тоьшаллаш хан дIаялар бахьнехь дайна ду. Иза ца толлуш дитаран бахьанаш, цо бахарехь ду, гIалгIайн юкъараллехь доьзалера хIума нахал доккхуш ца хилар: «И санна хиламаш чIогIа кIоршме бу. Дукхачу хьолехь уьш хуьлу, ницкъаллйн структураша царна терго ца яр бахьанехь, хIунда аьлча, уьш доьзалан юккъера девнаш ду олий.

Кхузахь хилларг-м деккъа зулам ду. Дарбан хIусаме и йоI кхачийча, цуннна диагноз хIоттина хилла ца хуучу хIуманех дIовш даьлла аьлла. Цигахь оьшуш ма дара иза хIун дIовш ду къасто. Ша иза цхьаннахь а арайолуьйтуш ца хилла. Цхьанна а кепера аьтто ца хилла цуьнан яда а, я орца деха а. И хIума хила ма хилнехь талла дезаш ма хиллера».

Бапхоева Заира ша ядийна маре йигинчу меттера заьIап а йина цIаялаяр бахьан ду, иза цулла хьалха марехь хилла хилар. КIант стаг волчу шен кIант жеро ялийна хилар лайна ца хилла цуьнан нанас. Заирин ненец о телефон а тоьхна аьлла хилла ша хьан йоI юьтура яц хьуна шайгахь аьлла. Амма и хIума тахана дийца тамехь хеташ дац шинна а агIонна.