Your browser doesn’t support HTML5
Карладоккху, 1944-чу шеран Чиллан-баттахь къам махках доккхуш арабевллачу нохчийн цхьа дакъа ду и.
Тахана Акмолинск кIоштахь кхоллаеллачу 3 юртахь: Красная Поляна, Арбузинка, Петраковка ярташкахь, бухарчу бахархошца гергарлонаш а тасаделла, вовшашца чу-тIекаре а долуш, бертахь беха уьш.
Кху деношкахь, хIора шарахь а санна, билгалдоккху цара шаьш дехачу каппашкахь Iаьнан чиллан дийнан лайна къахьаллаш, тIаьххьара даймахке шаьш бIаьргтохарх.
Маршо Радио уьйре елира цхьаболчу цигарчу вайн махкахошца.
Лаьмнашкарчу Шуьтан кIоштарчу Итон-Кхьаллара схьаяьлла Дадаева Таи. Iаьнан Iуьйранна оьрсийн эскарша герзаш тIе а лаьцна, жа санна шаьш лаьхкина охьадалийна де тахана санна дуьхьал лаьтта цунна.
Тхоьца дийцаредира Таис хийрачу, амма тахана шен дагна хьоме хетачу махках лаьцна шен иэсах хьирчинчу дагалецамех.
Дадаева: «Тхайна гина халонаш, тхо Сибрех схьадалор а, со оцу хенахь 9 шо кхаьчна яра, хIетте а дагахь ду суна.
Дерриг дага а догIу суна, Iедало арадехира тхо. Кхо де хьалха чубаьхкинчу гIазакхаша "арадовла, кечло, кхо де хан ю шуна, шу махках даьхна, Сибрех дIадуьгуш ду шуна" элира.
Тхан дас чу а веана, элира :"Кечлолаш, кечлолаш, вай дIадуьгуш ду шуна кху юьртара а, махкара а аьлла. Эцца катоьхна, тIеюха бедар схьаэцна, юург схьаэцна, изза кечам бина, 3 де даьлча чубаьхкинчу цара лаххьийна ара а лехкира. Да, нана, кхо йоI яра тхан доьзалехь. Ши ваша эскарехь дакъалоцуш вара.
Арахь схьагуллуш юьртара нах а бара, охьалахка, гулбеш, баж санна, юьртара бажа муха буьгу рогIе дIа, оцу тайппана, лохкуш бара нах. Южуш цхьа а ворда а, хIума а яцара, цундела гIаш тIедаха дийзира тхан.
Ведучи олучу юьртахь дара тхо. Оцу юьртара Итон-Кхьалла кхаччалц гIаш далийра тхо. Валург - вогIуш, цавалург - текхаш, суьйранна схьакхечира тхо Итон-Кхьалла. Оцу хьалхарчу дийнахь арабаьхнера Итон-Кхьаллара нах а. Церан хIусамаш чохь буьйса а яьккхина, шолгIачу дийнахь, цига машенаш а яьхкина, охьадехира тхо.
Тхан лулахь цхьа воккха стаг вара, и чIогIа дагахь ваьллина суна, цундела цуьнах лаьцна дуьйцур ду ас. И стаг лелош йоI яра цуьнан. Шен да цигахь тесна цавитархьама, текхош цхьа экха яра, оцу чу а хаийна, такхийна, Итон-Кхаьлла, оццул генара охьавалийра оцу йоIа.
И да цигахь оцу буьйсанна велира цуьнан, юха и Iад а витина, чIогIа йоьлхуш, тхоьца схьаеара. Иштта махках даьхна, кхуза Казахстане схьадалийра тхо. И тхо схьадалийна цIерпошт а яцара хьуна, адамаш лелош ерг, цхьа даьхний лелош хилла цIерпошт яра. Оцу чохь даьккхира оха 13 де.
Охьавоьсианрг - охьавусуш, лийриг-леш, кхуза схьакхечира тхо дисинарш. Тхуна дуьхьал ялийнера говрашца йоьжна салазаш, царна тIе а хийшош, кху юьрта Красная Поляна дIакхачийра тхо».
Таига хаьттира оха, 13 шарахь даймахке сатийсина, доIанаштIехь, ламазаштIехь рицкъаш цIа дерзадар доьхуш даьхна шу, хIун бахьанаш хIиттира шуна Казахстанехь диса аьлла.
Дадаева: «Кхузахь тхан совцар хIун дара аьлча, цхьана агIор рицкъ хилла хилар а хир ду. Вуьшта, ден гергара стаг вара кхузахь. Цо веанарг тIе а лоцуш, воьдург новкъа а воккхуш, дола дора тхан. Къаьркъа а ца моьлуьйтура, тонка а цо уьзуьйтура, белхаш дойтура. Хала хан ма яра и хIетахь. ХIинца-м марщо ю. Юьхьанца хала дара. Казах велахь а, гIазакхий велахь а, хIинца массо а бертахь бу, вовшашца ийна бу».
Таис иштта дийцира тхуна, къам дохийна де шаьш муха дагалоцу а, хIун барамаш вовшахбетта а, и де дицдан вайнехан бакъо цахиларх а.
Дадаева: «Со жимма могуш йоцуш хиларна, чохь йисина тахана. СагIанаш доху оха, бежнаш йойуш, зуькарш до, мовлидаш йоьшу, де билгалдоккхуш хIума леладо оха. Диц ца до оха и де. Дицдан йиш йолуш дац хIара де. Дика лерам бо оха кху дийнан. ХIинца тахана вайн чуьрчара бежна а йийна, буьйда сагIа доькъуш бу эвлаюккъехула».
Цхьацца хиллачун хьесап а деш, лайнарг дагалоьцуш, ойланашка яьллачу Таина даим дагахь лаьтта шен ден аматаш, юьртах довлчу заманчохь, лаьмнашка бIаьрг а тоьхна, шен дас тIаьххьара аьлла дешнаш а.
Дадаева: «Ма дукха дезаш хиллера-кх тхо тхайн дена! Оцу Ведучера тхо Итон-Кхаьлла охьадоалочу хенахь, тхан жимахйолу 7 шо а кхачаза йолу йоI яра улло яьлла йогIуш. "Хьайола, хьалаяла сан белшаштIе" аьлла, шен вортантIе и тхан йиша хаийна, гехь мохь болуш охьавеара тхан да.
ХIинца цуьнан ойлаеш Iа со: "делахь, ма дукха дезаш хилла тхан ден тхо" бохуш. Юха, тIаьххьара а тхо махках довлучу дийнахь, машенаш дIаюьйлалучу хенахь, лаьмнашка хьала бIаьрг а тоьхна, тхан дас, велхар а эккхаш, аьлла мукъам биц ца ло суна:
Марша Iойла, лекха лаьмнаш!
Iо дика йойла, лекха лаьмнаш!
Вай кхи вовше гур дац, лаьмнаш,
ХIун дер ца хууш, холчахь ву со...
Вилхира тхан да хIетахь»
Дадаева Таица цхьана юьртахь ехаш ю цIера ГIуларера йолу, ГIеза-Махьмин йоI Умиша. 1944-чу шарахь, Чиллан баттахь карахь жима бер хилла иза, цундела оцу дийнан дагалецамаш ца беха цуьнца, амма Юккъерачу Азе дIакхаьчначул тIаьхьа, 13 шарахь шех Iиттабелла баланаш буьйцуш, тахана хорам хIутту цуьнан легашка.
Умиша: «Со Умиша ю. ЦIера схьадогIучу хенахь жима хилла со. Амма кхузахь лайна халонаш цкъа а ца йовлу суна дагара. Юург йоцуш, тIеюха бедарш йоцуш, когашIуьйра лайлахь лелаш.
Да, нана а дала а делла мацалла, и хало лайна. И дерриг дагахь ду суна. луларчу гIазакхийн кхеллаштIера бепиган юьхьиг схьа а оьций, цу чуьра чхьаьвригаш охьа а хьокхий, и чкъуьрийгаш юура ас.
Кертара яраш схьа а йохий, кхехка а йой, и яраш юура. Мехкадаьтта тIеIенна долу кIа, дерриг деста а дистина долу и кIа, даа ца луш, кхехка а дой, и даа гIерташ. Иштта и халонаш лайна оцу хенахь!»
73 шо дуьзи тахана оцу къематан дийнан. Кхи цхьа шо а тIекхийти Сталина а, Берияс а, уьш коьртехь лаьттинчу Iедало а вайнахана тIехь харцо лелийна а, цуьнах жоп луш да воцу а.