Дагестанан прокуратуро дIахьедина нохчашка, Iедалхошкара пурба доцуш акциш, митингаш, пикеташ хIиттон мегар дац аьлла, хаамбина "Кавказский узел" ресурсо, йукъараллин "Аух" организацин векална Мачаев Адамна тIетевжина. И доьзна ду чиллан-беттан 23-чохь Новолакскан кIоштахь хIиттон дагахь хиллачу барамашца: оцу дийнахь 80 шо кхочу Сталина нохчашна а, гIалгIашна а депортаци йина.
ПIераскан суьйранна Дагестанехь беха нохчий гуллур бу Сталинан репрессеш лайначарна хIоттийначу хIолламна уллохь, халкъалахь "Баланан ТIулг" олу цунах. Дахначу шерашкахь барам вовшахтухучаьрга дехар дира тезетан акцихь Iовхойн кIошт йухаметтахIоттайарх ма дийцахьара аьлла, делахь а кху шарахь оцу кепара дехар кхаьчна дац, аьлла Мачаевс.
Дагестанан Iовхойн кIошт кхоьллина 1943-чу шарахь, цигахь бехаш бара нохчий. 1944-чу шарахь Iовхой махках бехира кхечу нохчашца а, гIалгIашца а цхьаьна. Карарчу хенахь Iовхойн кIоштана йукъадогIу латтанаш Дагестанан Новолакскан кIоштан доза лоруш ду.
- Сталина депортаци йечу хенахь Iовхойн кIоштара бохийначу нехан цIенош юхадерзаде аьлла, тIедожийра Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада 2023-чу шарахь. ХIинццалц схьа оцу дийнахь шуьйра барамаш хIиттор республикехь официалехь доцуш дихкинчу нохчийн Iедалхоша дуьххьара дина дIахьедар дара и.
- 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь чоьхьарчу гIуллакхийн халкъан комиссаро Берия Лаврентийс Сталин Иосифа куьйгалла а деш, омра арахийцира Къилбаседа Кавказера нохчашна а, гIалгIашна а Казахстане депортаци йеш, ткъа ши де даьлча йолийра "Чечевица" операци. Шайн хIусамаш дIатийса декхаре хилира ахмиллион гергга вахархо. Iовхойн кIоштара араваьккхира 16 эзар стаг. 2004-чу шарахь Европан парламенто геноцид йу элира вайнах махках бахар.
- 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР йухаметтахIоттийра, делахь а депортацера Iовхой цIа баьхкинчул тIаьхьа царна бакъо ца йелира Новолакскан кIоштахь дIатарбала. 1980-гIа шо довш дуьйна Iовхойн кIошт йухаметтахIотторах а, лакцаш а, суьлий а цигара дехьабахарх а хаттар кест-кеста айдеш ду.