Оьрсийчура мехах тIом бан вахана 9 стаг вийна Шемахь

Мехах Шемахь тIом беш болу Оьрсийчура эскархой. 2017 шо.

Кхин а 9 Оьрсийчура эскархо вийна Шемахь. Царах лаххара а 6 «Вагнеран тобанера» мехах тIаме вахана стаг ву, хаам бо РБК агенталло.

Шема бахийтале уьш берш аьлча санна ахчанах тIом бина бу Нохчийчохь а, Донбассехь а.