ДIабохорах лаьцна дакъа хийцийна йолу историн книга керлачу шарахь школашка кхачор йу

Историн керла книга, гайтаман сурт

ДIадохийначу къаьмнех лаьцна дакъа хийцийна йолу 10-11 классашна лерина историн книга керлачу дешаран шарахь школашка дIакхачор йу, дIахьедина оцу книгин цхьаволчу авторо, МГИМО-н ректоро Торкунов Анатолийс. "Оккупантийн гIоьнчаш" аьлла цIе тиллина арахецначу декъехь дуьйцура дIабохийначех – оцу хьоло оьгIазе бира Къилбаседа Кавказера цхьамогIа йукъараллин гIуллакхой, тIаккха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикера оцу книгин йерриг тираж дIагулйе аьлла тIедиллира.

Репрессеш лайначу къаьмнех лаьцна долчу декъехь абзац бен ца хийцина керлачу книги тIехь, тIаккха ша книга "доккхачу декъанна" хуьйцур йац, дийцира Торкуновс РИА "Новости" агеталле.

Дуьххьарчу книги тIехь чIагIдора, Сталинан Iедало депортацеш йаран бахьана хиллера, гIалмакххоша, нохчаша, гIайгIайша, балкхароша, гIирман гIезалоша оккупацин Гитлеран Германин эскарца йукъаметтигаш лелор. Книгехь респрессешна кIел нисбеллачу нахах лаьцна дакъа "Оккупантийн гIоьнчаш" аьллачу цIарца арахецнера.

Критика йиначул тIаьхьа, оцу книги тIера хийцинчу текстан суьрташ гучудевлира. ХIинца оцу къаьмнашна лелийна хиллачу репрессех исторера "бохаман агIо" аьлла, Гитлеран оккупанташна гIо латтийна боху дIахьедарш "бух боцуш" ду боху. "Оккупантийн агIончаш" аьллачу декъехь йуьссур йу и текст, йа книгин кхечу декъе йоккхур йу, дуьйцуш дац.

  • Къилбаседа Кавказерчу цхьамогIа йукъаралхоша йемалйира керла арахецначу школашна леринчу Оьрсийчоьнан историн книгашна. Книгехь респрессешна кIел нисбеллачу нахах лаьцна сийсазалле къамел хилар билгалдаьккхира шайн реакцешкахь йукъаралхоша.
  • Кадыров Рамзанан тIедилларца, Мединскийн арахецарца йолчу историн книгин йерриг зорба йухаэцна, аьлла дIахьедина республикан парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада. Нохчийчоьнан куьйгалло Iилманан министраллица дийцаре деш ду, репрессеш лелийначу къаьмнех лаьцначу коьртехь хийцамаш бар, амма тIаьхьо шен пост дIайаьккхира цо.
  • СССР-н къаьмнашна депортаци йарх лаьцна дакъа хуьйцур ду школашна леринчу Оьрсийчоьнан исторех лаьцна книгаш тIехь, дийцина Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида шен телеграм-каналехь. И тема луьстур йу репрессешна кIел нисделла къаьмнаш дехачу регионийн куьйгалхойх лаьтташ йолчу белхан тобано, иштта Iилманан министраллин куьйгалло а, дIахьедина хьаькамо.