Оккупаци йинчу Мариуполан хийистехь конфликт иккхина садоӀучу нахана а, Нохчийчуьра схьаваьллачу стагана а юкъахь, Иза шен машенахь пляжа йуккъе а веана, машен юха дӀахӀоттон реза ца хиллера. "Ахмат" цӀе йолчу нохчийн декъан буьйранчас Алаудинов Апти шен махкахочо лелийначух къинтӀера довлар доьхуш, цунна таIзар дийр ду аьлла, кхерамаш тийсина.
Оцу конфликтах лаьцна видео йаржийна "Осторожно, новости" телеграм-канало. Луьйш-алар хуьлуш дов даьллачу цхьана агӀор меттигера вахархо хила тарлуш волу виъ стаг ву, царех цхьа зуда видео йоккхуш йара, вукху агӀор нохчийн номерш йолчу "Лексус" машенан долахо а, хьиджаб юьйхина зуда а, ши кхиазхо а вара, хетарехь, цуьнан доьзал
Видео дӀайазъеш йолу зуда хийистехь лаьттачу машенан номерш а гайта йолаелча, оцу кхиазхойх цхьаммо олу цуьнга: "Ас хьан телефон йохор йу хIинцца". ДӀайаздар юкъахдолу, дов долийначо зудчун карара телефон дӀайаьккхича.
ГIирсо дийцарехь, цу конфликтан бехке ву тӀаьхьарчу шерашкахь аннекси йинчу ГӀирмера Симферополехь вехаш волу 38 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла Илес цIе йолу стаг. ГIишлошйаран фирма а йу цуьнан долахь. Lenta.ru хьасто бинчу хаамца, и компани болх беш йу Соьлжа-ГӀалахь, цуьнан цӀе "Вокстро" йу, машен цу стеган ненан цIартIехь йу.
"Осторожно, новости" каналана йеллачу комментарехь Илеса тӀечӀагӀдира ша цу конфликтехь дакъалацар, амма бохура меттигерчу бахархоша дина питана дара и, цара "лозунгаш хезайора", "боьха мотт лебора, уьш мелла а бара" бохуш.
Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан тӀеман-политикан белхан коьртачу дирекцин куьйгалхочун гӀовсо, "Ахмат" олучу лерринчу эскарийн буьйранчас Алаудинов Аптис шен телеграм-каналехь зорбане йаьккхина цу девнах комментарий. Видео-хаамехь цо шен махкахочуьнга "нохчо вац, борша а вац" аьлла, дIахьедина "дерриг а мехкан куьйгалле дIахаийтина" ша, кеста цуьнан тIаьхье гур йу шуна аьлла.
"Ас даггара къинтӀера довлар доьху массо а вас хиллачуьнга а, сингаттам лайначаьрга а", - аьлла цо шен текстан постехь, тӀетоьхна "къоман билгалонашца массо а цхьатерра а ма хета, вай чуьра къеста а ма де" аьлла.
- Марсхьокху-беттан 25-чохь Украинан кхерамзаллин Урхалло шеконашка ийцира Алауидинов Украинан цхьаалина тIекховдарна а, цуьнан бух бохон гIортарна а. 2014-чу шарахь Американ Пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхира иза. Цул тӀаьхьа жимма хан яьлча дихкира цунна Латви вар. 2020-чу шарахь Британин санкцешна кӀел веара Алаудинов, ткъа 2023-чу шарахь - Украинан. Нохчийчуьрчу "къайлахчу набахтешкахь" Ӏазап лелор даржорца а вузу Алаудинов.
- Украинехь Алаудинов буьйранча волчу "Ахматан" тӀемалойх шеконаш йу маьрша бахархой байарна гунахь бу уьш аьлла. "Ахмат" тобанан "лаамхойх" цхьаммо дийцира, Кадыровн агӀончаша Украинехь динчу дуккхаъчу тӀеман зуламех. Изза дӀахьедар дира оккупаци лайначу Украинан бахархоша а. Бахмутан гергахь йийсаре лаьцначу "Ахматан" цхьана эскархочо дIахьедира, куьйгалхоша тIеман хьалхарчу могIаршка хьийсабо нохчех боцу, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара схьебавлларш. Уьш а, йийсархочунна хетарехь, ледара герз долуш бу, цхьана а кепара Ӏамийна а бац.
- 2023-чу шеран гIуран-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дӀахьедира, нохчийн мехаллаш шеконе юьллучу меттигерчу спортхошна а, блогершна а дуьхьал "луьра болх" бан беза аьлла.
- 2022-чу шеран товбеца-баттахь Кадыров Рамзанан омра дира, шена гергахь бехкала бахначу, дозанал арахьа бехачу Нохчийчуьрчу бахархошна таIзар ден практика юха йолон еза аьлла. Цо дIахьедира, уьш цIа а балош, "швабрашца горгамаш хьоькхуьйтур ю" аьлла.