Дин хьехош зуламаш дан кечлуш хилла нах лецна Германехь а, Белгехь а

Германи -- Европехь "джихIад" дан кечлуш волу стаг лаьцна богIу полицин белхахой Берлинехь. 4Чилл2016

Шинари Iуьйранна сахуьлучу хенахь дIайолийра Белгерчу къепеларйархоша радикалан исламхойн агIончаш бехачу петаршкахь шайн лерина операци. Итт хIусам яра полисхоша шайн талламашна хаьржинарг, Брюсселан тайп-тайпанчу кIоштанашкахь йолу. Царех доккхах долу дакъа радикале хьежамш болу бусулбанаш алсам хиларца гIарйаьлла йолчу Моленбек кIоштахь яра.

Цу леринчу операцин жамIаца лаьцнарг 10 стаг ву. Уьш шеконе лаьцна бу, ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанна декъахIитта кегирхой лохуш а, кечбеш а хиларна. Лийцинчийн кхерчашкара мобилан телефонаш а, компьютерш а дIалахьийна полисхоша, эксремисталле чулацамаш болу киншкаш а карийна царна.

Евробертарчу пачхьалкхашна юккъехь Шемарчу тIамехь дакъалаца бусулбанаш дIаихарехь хьалхарчу меттехь ларалуш ю Белги. Къаьстина гIарйаьлла ю цигара Моленбек кIошт. Цу Моленбекехь Iаш вара Европехь уггаре а лерина лохуш волу зуламхо – Iабделсалам Салахь, Парижехь теракташкахь дакъалаьцначу Iабделсалам ИбрахIиман ваша, ша а цу террорхойн тIелатарийн декъа хиларна бехкевеш волу.

Цу кIоштара вара иштта даханчу шеран аьхка Францерчу цIерпоштахь теракт ян гIиртина лаьцна волу жимтаг а, ткъа иштта Брюсселерчу жуьгтийн музейхь 2014-чу шарахь нах баъйина волу жимстаг а. Белгера Шемарчу тIамехь дакъалаца баханчу нохчийн кегирхойн цхьа дакъа а ду Моленбекера, царех мел кIезга а кхо стаг хIинцале а вен а вийна.

Кху деношкахь амма Белгера Iедалхой хилла ца Iа радикалан исламхошца само еш. Германерчу Бремен гIалахь шинари Iуьйранна иштта сахуьлучу хенахь лерина операци йолийра полисхоша салафитийн тобанийн декъашхой ларалучу нехан хIусамашкахь. Цкъачунна цу операцин лорех лаьцна цхьа а вацахь а, амма Белгехь санна компьютерш а, мобилан телефонаш а, йозанаш а дIалахьийна полисхоша, шеокне лаьцначийн террорхошца зIенаш юй таллархьама.

Салафиташ лоручу нехан кхерчашкахь Iедалхоша талламаш дIабахьаран бахьана дара Германехь 2014-чу шарахь дуьйна низамашца йихкинчу нохчийн маттахь аьлча, Културан а, доьзалан а кхерч цIе лелочу цхьаьнакхетараллин жигархой гучубахар. Цу цхьаьнакхетараллин гуонера, мел кIезга а, 21 стаг, шайна юккъехь зударий а, бераш а долуш, Шема а бахана, цигахь ДаIишах а, кхечу тIемаш бечу тобанех а дIабеттабелла бохуш чIагIдо Бременерчу Iедалхоша. Цу дIабаханчех зударий, бераш кхин юхадирзина дацахь а, амма масех боьрша стаг Бремене юха а веана, цигахь кхин дIа а радикалхойн пропаганда еш лору полисхоша.

Радикалхойн пропагандано кегирхошна беш болу тIеIаткъам шайн яIни тIехь лан дезна хIинцале а дуккхаъчу Европехь бехачу нохчийн дай-нанойн. Нохчийчуьрчу тIамах шайн бераш довдийна Малхбузе схьабаьхкинчу царех хийлачунна хиз ведда хьера кIела иккхинчунна хилларг хилла. Дин дезаш а, бусулба динца догIуш долчу агIор шайн дахар хилийта лууш маьждигашна а, хьехамашна а тIегIерташ долу бераш джихадхойн идеологи яржочу наха талха а деш, тIаме а хьежош хIаллакдойтуш хилар цхьанне а къайле яц Европехь бехачу нохчашлахь.

Шен доьзалхо шен бIаьргашна а гуш ишттачу къайлахчу ямартхоша галвоккхуш царна дуьхьал баккха ницкъ боцуш гIорасизе тергал динчу Австрерчу цхьана дуккхаъ нохчи бехачу гIалин яхархочуо Совдата дийцира Маршо радионе, шен кIантах джихадхо муха хилира.

Совдат: „Кхузахь эцца оцу маьждиге эха волавелчахьана хийцавелира иза, цигахь хьехамашка ла а доьгIуш, юха интернетерчу видеогашка а хьоьжуш. ХIара дуьне дош дац, дахарехь йоккхуш йолу хан Далла Iамал еш яккха еза, шена хIинцалца иза ца хаара, хIинцачул тIаьхьа ша эхартана пайдехь дерг бен кхин хIуммаъ лелор дац бохуш уьш дуьйцура цуо. Оцу шел баккхийхачу нахах дIа а ветталуш, церан агитацино иза талхийнери хаа суна. Ахь хIуъу дийцарх, ахь мел дIабахарх шен хьежамаш ца буьтура цуо“.

Цу юкъана, Грацехь кху баттахь дIайоьдуш ю Шемахь тIамех хилла, я Шема тIаме кегирхой хьежош, я цига баха кечамаш беш хиллачу нахана тIехь кхел. Бехке веш 8 стаг ву, шайна юккъехь зударий а болуш.