Карелера колонихь динан ламасташ кхочушдарна Iаткъам барх дIахьедина ГIалгIайчуьра тутмакхо Цуров Вахас. Колонин администрацино масийттаза низам талхорца доьзна бехкаш дехира цуьнгара билгалйаьккхинчу хеначохь ламазаш дарна, чIагIдо цо, шена 100 эзар сом компенсаци тIейожош чуйеллачу искехь.
Хьалхо Цуров Вахас 20 сов иск кховдийра колонишна латкъам беш. Цо арз дира лоьрийн гIо шена цакхачорна – щеца лелочу харцонна дуьхьало йеш 2018-чу шарахь шен гех винт тоьхнера цо, ткъа некхах маха бахийтинера. Цуровх хьоьвсинчу набахтен лоьраша сихаллин гIо кхачон лоьраш тIе ца балийнера
Кхечу искехь цо билгалдаьккхира, имам кхайкха аьлла шен дехар колонин администрацино тергамза дуьту, ткъа гIуда тоьхначу изоляторчохь динан литература йехча - ца йелира шега аьлла. Цул совнах колонин белхахоша нуьцкъаша корта баьшнера цуьнан. Цуьнан латкъамийн цхьа дакъа кхочушдина.
2012-чу шарахь Москва гIалин кхело шогачу хьлашкара колонихь даккха 15 шо туьйхира Цуровна, иза бехкевира зуламхойн тоба вовшахтохарна а, талораш лелорна а. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело таIзар хийцанза дитира. Тобанан декъашхошна Дзейтов Русланна а, Мержоев Мовсарна а, Хьасанна, Султыгов Ахьмадна а 12 шарна тIера 14 шаре кхаччалц хенаш туьйхира колонихь такха.
- Пхоьазза дийнахь ден ламазаш а, цуьнца доьзна ламаз эцар а, ишта мархийн бутт кхаба а таро цахилар – бусалба тутмакхийн уггар а коьртачу проблемех йу хIорш, билгалдаьккхира бакъоларйаран "Гражданское содействие" йукъаралло шен аналитикан рапортехь.
- Бусалба дин лелон Дагестанера а, Нохчийчуьра а, Узбекистанера а веа таIзар динчо дIахьедира Ульяновскан кIоштара набахтен белхахоша шайна тIехь гIело латторах а, шаьш лело дин бехдарх а. Чохь бахкочара дийцарехь, нуьцкъаша мажош йаьшна церан, динан литература дIайоккху, ламаз ден кузаш а ца дуьту, шаьш бохург ца дахь, йетта шайна аьлла. Оцу кепара бусулбанашца лелар даьржина хIума ду Оьрсийчоьнан пенитенциаран хьукматашкахь, билгалдоккху бакъоларйархоша, ткъа Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарх артиклах пайдаоьцу жигархошна тIаьхьабуьйлуш.
- Gulagu.net проектан авторо Осечкин Владимира а, Гарвардан университетан Iилманийн докторо Миронова Верас а дийцира Кавказ.Реалиин редакцина, Оьрсийчоьнан набахтешкахь бусалба нах муха хьийзабо.