Динан литература экстремистийн ларар дехкар хьехна нохчийн парламенто

Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Архивера сурт

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думе инициатива кховдийна Нохчийчоьнан парламенто Библи а, кхиндолу керстанан йозанаш а, иштта КъорIан а, хьадисийн тептарш а, исламан канонан йеа школан (Ханафитийн, Маликитийн, Шафиитийн и Ханбалитийн мазхьабаш), Танах (жуьгтийн Библи) а, Ганджур (тибетийн буддистийн канон) а экстремистийн материалаш ларар дехка аьлла.

Парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада куьгйаздинчу кехата тIехь Нохчийчоьнан Iедалхоша йалийна Конституцин 28-гIа артикл, цу тIехь аьлла ду эхьан а, динлелоран а маршонех. ХIетте а, чIагIдо документа тIехь, кхелан практикехь гIуллакхаш ду динан хьасташ йоьхкуш, цо "юкъараллехь гIовгIа гIаттайо, адам эргIад дохуьйтуш".

Цуьнца цхьаьна нохчийн парламенто хьоьху кхелашна тIедожор экстремистийн материалех гIуллакхаш луьстучу хенахь цаьрга динан говзанчаш кхайкхийтар

Административан дов лелочу Кодексехь хийцамш барх а, экстремистийн гIуллакхна дуьхьалойарх а низам хьалххе дуьйна листина дац Пачхьалкхан думехь.

  • 2020-чу шеран марсхьокху-баттахь Самарерчу кхело экстремистийн лерира цхьахволчу бусулбачу Iеламчан Iабдулрахьаманан Ас-Саадин, оьрсийн матте даьккхина КъорIанах кхеторан белхаш.
  • Иеговн Тешашна дуьхьал къиза репрессеш лелош ю аьлла, Оьрсийчоьнан пхеа регионна юкъахь ю Ростовн а, Краснодаран а кIошташ.
  • Прокуратурин искаца Краснодарера Прикубанскан кхело экстремистийн юкъаралла лерина "Совет граждан СССР Прикубанского округа Краснодара". Кхелана хетарехь, "Оьрсийчоьнан бахархошкахь политикан идеологин оьрсийн национализм кхолла Iалашонца вовшахтоьхнера иза.