XIX-чу бIешерашкахь Къилбаседа Кавказехь хуьлуш долчуьнца бала стенна кхочура Франицн? Цунах лаьцна хIун дуьйцу документаша? Францхойн Iедалхошна хьаьнгара кхочура хаамаш? Цунах лаьцна къамел дира историко Вачагаев Майрбека Францира лингвистаца Даниэль Софица, оцу заманара архивера документашна леринчу "Европа а, Черкеси" гуламан редакторца.
– Дийцахьа Черкесих лаьцна хIоттийначу документийн гуларх лаций, и регион къастийна хилар стенца доьзна ду?
– Кеп-кепарчу пачхьалкхийн архивашкара, хьалхо зорбане йахазчу материалех хIоттийна хир йу "Европа а Черкеси" гулар. 30 дакъа цу йукъахь хилийта Iалашо йу. Цуьнан цIаре хьаьжжина, материалашкахь мухха делахь а хьахабо чергазой, Европехь XVIII и XIX-чу бIешерашкахь "чергазой" термин шуьйра йуьйцуш, цуьнан цIе йоккхущ Къилбаседа Кавказан кхиндолу къаьмнаш а дуьйцуш хиларе терра, цундела цигахь кхин документаш а хир ду.
Оцу гуларан хенан гурашна дозанаш тоха дийзира. Уьш дуьйлало Орсийчоьнан импери кест-кеста Къилбаседа Кавказана тIелата йолайаларца, уггар а хьалха Кабарда), чакхе хуьлу чергазойн доккхаха дакъа Османан импери дехьа а доккхуш (XIX-чу бIешераш йуккъе девллачул тIаьхьа.- Редакцин билгалдаккхар).
Йоккхачу авторийн тобано арахецна йу гулар. Йоллу серин редакторш а бу, иштта хIора томан а редактор ву. Суна хетарехь, ткъе итт гергга стаг ву и, амма царех доккхаха долу дакъа шайн декъа тIехь болх беш ду. Масала, францхойн архивашкара ингалсан маттара документаш леха а лоьхуш, уьш гочдеш йу со. Сан белхан накъост Мамулия Георгий архиван кехаташ лоьхуш, шифрах кхеташ, уьш оьрсийн матте гочъйеш ву.
Коьрта идей йу, тайп-тайпанчу мехкашкара материалашна историкаш тIекхачийтар. Оцу йукъанна йоллу материалаш зорбане йохуш йу оригиналан кепехь мел а нийса оьрсийн, ингалсан меттанашка а йохуш, цхьана а кепара интерпретаци йоцуш.
– Стенах лаьцна йу хьалхара том?
– Гуларан хьалхарчу томехь дуьйцу 1836-чу шарера 1840-чу шаре кхаччалц францхойн Одессехь консул хиллачу Шаллэ Андрех (Шалей) лаьцна. И мур къастор а цхьана хIумана ду: оцу заманчохь галморзахалла нисйеллера Британина а, Оьрсийчоьнна а йукъахь Черкесин политикан статусан хаттарх лаьцна. Британин урхалла Iаламат саготта йара Оьрсийчоь малхбалехь хьалхататта. Черкесихь тIом баккхар чIогIа эвсара хир долуш санна хьуьйсура, Оьрсийчоь сецон фактор йолуш санна, ишта Iаткъам бан йиш йолу уггар а Iаьткъа меттиг болуш санна а.
Оцу регионна бакъонаш къобал ца йора Британино, жигаралла лелайора таллам беш, дипломатин а, тIеман-техникан кепехь, гонахахь хетара шога, тIом баккха тарлуш. ХIетахь чергазойн хаттар интересе хетара Францина а: проблемех лаьцна хууш хила лаьара.
Къаьсттина леррина терго латтайора Францин урхалло чергазойн гIуллакхашна тIехь 1839-чу а, 1840-чу а шерашкахь Мисаран Мохьаммад-Iелина а, Османан Портана а (Османан империхь литературин а, дипломатин а маттахь тIеэцна цIе. - Билгалдаккхар) йукъахь кофликт даръйеллачу заманчохь.
Йеххачу заманчохь Францино гIо латтийра Мохьаммад-Iелина, дош делира тIеман-дипломатин гIо латтон а. Султанан агIор лаьттара Орсийчоь. Цундела Оьрсийчоьнан Iедалхошна Iаламат хала дара Орсийчоьнан тIеман таронех кхета. ХIаъ, хьалхарчу томехь долу, Шаллэна хаамаш бар, - иза Францин архивашкара Черкесихула а, Къилбаседа Кавказехула а йолчу материалийн жимахдолу дакъа ду.
– Хьуо редактор хиларе терра, хIун проблемаш Iитталора хьох гулар кечъйечу хенахь?
– Дуккха а чолхаллаш йара, уьш чIогIа дика йевза корматалла йолчу историкашна. Амма ас эр дара, уггар а коьрта кхайкхам бара: документ оьрсийн а, ингалсан а меттанашка муха гочдийр дара оригиналехь ма-дарра, ткъа оцу йукъанна йеша атта хилийта а, оцу заманара дипломатин хаамийн стилистикехь чолхалла нисйаларна.
Масала, Шаллэс йаздина дукха дехачу аларшца, цундела текстан оригиналехь а цкъацкъа атта дацара хIун ала гIерта тIекхиа. Цу тIе францхойн грамматикин специфика а йиллича, гергара гочдаро, шен ма-хуьллу грамматикан структура а ларъйеш долу, цо документаш тIеэца халчу дохура. Вуьшта аьлча, суна хетарехь, тхан ницкъ кхечира йа дехьа а, йа сехьа а ца довлуш гIуллакх дан. Ингалсан а, оьрсийн меттанашка дохуш гочдаршна йукъахь дагадийларш оьшуш хилар билгалдаккха догIу. И бара редакторийн уггар а боккха болх.
– Кавказ Францина кхин башха интересе а йацара, мсала, Къилбаседа Африка санна. Пачхьалкхо цу регионан XIX-чу бIешерашкахь оццул тергойаран башхалла стенца йара?
– Францин Кавказе йолчу Iаламан интерес къаьсташ йу, масех колони йолчу Африке интерес хиларца, тIаьхьо Британин империца геополитикехь къийсар лелорехь тIаьхь-тIаьхаь интересе хилира уьш.
Кавказца дерг аьлча хьалх кхечу тайпа дара. Кавказехьа шен цхьа билгалйаьхна экономикан интересаш йара Францин. Амма тIеман-политикан кепехь хеттаршца цунна урхалла соьцура леррина тергамчан роль а ловзош. Масала, пачхьалкхан Одессера а, Тифлисера а консулаша дIахоуьтура шайн урхалхошка Черкесира а, Нохчийчуьра а, Дагесанера тIамех а, Къилбаседа Кавказан коьртачу дакъошкахь а, Закавказьехь а лаьттачу хьолах. Къаьсттина коьрта хетара Малхбален 1839-40-чу а шерашкарчу кризисехь Черкесихь хилла хьал. ХIетахь билггал дуьхь-дуьхьалкхета тарлора Мисаран хаттарехь бIостане позицеш йолу Франци а, Оьрсийчоь а,
Францино гIадъйахна терго йора:Черкесира тIамо хIаллакйора Оьрсийчоьнан тIеман ресурсаш. 1840-чу шеран бIаьста, Францина а, Оьрсийчоьнна а йукъахь хьал ирделла лаьттачу заманчохь, Iаьржа хIордан флот йерриг а аьлча санна дIалаьцна йара. Оцу хьокъехь консуло Шаллэ Андрес йаздора Францин арахьарачу гIуллакхийн министралле, Черкесира тIамо йаккхий тIаьхьенаш йита тарло аьлла.
Оцу заманчохь Франци Европера шен геополитикан позицеш йухайерзош йоллура, жигара Гергарчу Малхбалехь Iаткъамбар совдаккха а хьийзаш. Цуьнан куьйгалла кхетара, Наполеонан тIемаш бирзинчул тIаьхьа дIахIоьттина машаран къепе, Оьрсийчоьно а, Британино а Малхбалехь къийсамаш лелабахь, йухур йу аьлла. Цундела Францина чIогIа оьшуш дара шен карарайевлла позицеш йухайерзор.
Францин Черкеси а, Къилбаседа Кавказе а йолу интерес доккхачу декъана йиссира XIX-чу бIешерийн 40-чу шерашкахь, ГIирмин тIом болабаллалц (1853-1856-чу шерашкахь, Оьрсийчоьнан Британин, Францин, Туркойчоьнан, Сардинин коалицица тIом.-Билгалдаккхар). ХIетахь жигараллица хьийзара и Къилбаседа Кавказехь. ТIом бирзинчул тIаьхьа и интерес кхин дIа а йиссина ца Iаш, къайлах чергазойн хаттарна йукъагIертара чергазой тIамехь эшшалц. Эххар а, XIX-чу бIешерийн 40-чу шарахь францхойн йукъаралин интерес гIаьттира Къилбаседа Кавказе: Алжирера тIамана а, Къилбаседа Кавказехь хиллачу тIамана а йукъара цхьанадогIучух дуьйцура.
Цуьнца цхьаьна билгалдаккха догIу, оцу муьрехь, Оьрсийчоьнан Черкесина тIехь бакъо хилар къобал ца дечу Британига хьаьжча, францхойн куьйгалла цхьана а тайпа къийсамаш йукъа ца гIоьртира легитиман хьокъехь. Къилбаседа Кавказера хьал талхон, йа шена пайденна Къилбаседа Кавказера хьолах пайдаэца ца гIоьртира Францин ГIирмин тIом болабаллалц, ткъа цуьнан консулашна муьтIахь бара, британхойн церан коллегашна чул а а.
– Ахьа документашца бинчу балхе хьаьжча, мел хууш йара Франци, цу шерашкахь Кавказехь хуьлуш дерг?
– XVII-гIа бIешераш йуккъе девллачу заманчохь Малхбузен пачхьалкхашлахь кавказхойн гIуллакхех Франци уггар а дукха хаарш долчех йара. Цунах кхетадо Османан империхь а, ГIирмин ханаллехь а цо дипломатин гIуллакх лелорца. Ишта тIеман-техникан а, дипломатин а гIоьналла латторца, Францино гIо латийна царна чергазойн хIордйистехь а, Таманан ахгIайритIехь а, ГIирмехь а, цигахь бара дуккха а чергазой бехаш.
Францихь революци хиллачул тIаьхьа Къилбаседа Кавказехь долчу хьолах лаьцна хаар лахделира цуьнан куьйгаллин, амма тидам бойла ду, хIуммаъ а кIезиг бацара Оьрсийчу дIабахна францхойн артистократаш. Царех цхьаберш – герцог Ришелье, граф Рошушуар, граф Ланжерон, цара доккха дакъа лецира XIX-чу шерашкахь чергазойн-оьрсийн йукъаметтигашкахь.
XIX -чу бIешерийн 30-40-чу шерашкахь Одессехь а, Тифлисехь а консулаш хилар бахьана долуш Францин Iедалхошна дуккха дика информаци кхечира Кавказах лаьцна. Одессера Францин векалтан куьйгалла деш вара бIешерийн доьалгIа декъехь Шаллэ Андре Адольф. Орсийчохь болх бинчу францхойн даржхошлахь уггар а дукха болх бинарг ву иза.
Цул совнах, Николай Хьалхарниг а, тIемалой а, дукха хан йоццуш тIом бирзинашшехь, дукха дика бара францхойн эскархошца, шайн хилла дуьхьалончаш лорура цара доьналла хиларна. Цундела Шаллэ тIоьцура лакхарчу гонашкахь, муьлхха а тIеман бараме вуьтура, цундела аьтто хуьлура цуьнан коьрта информаци гулйан.
Оцу йукъанна, лара деза, Одессера британхойн консулан Йимс Джеймсан санна таронаш йацара Шаллэн. Черкесира хьолах лаьцна информаци цуьнга кхочура шен хьасташкара – Оьрсийчоьнан эасаршкара а, пачхьалкхан белхахошкара а, Оьрсийчоьнан армина а, флотана а оьшург латточу бизнесхошкара а, чергазойн хIордйистера гIопашка йуург а, материалаш а кхоьхьучу кеманийн долахошкара а. Ишта францхойн пачхьалкхалла долчу нахера а, оцу заманчохь масех эзарнашкахь къилбехь бехаш бара уьш.
– Чергазойх лацна талламаш бан хIун ло францхойн документаша?
– Консулан Шаллэн хаамаш, дера, нийса, чулацамехь, шуьйра бацара британхойн дипломатин а, талламхойн а материалашка хьаьжча, амма историкашна йоккха интерес йолуш бара. Къаьсттина нагахь уьш Оьрсийчоьнан, Британин, Австрин, немцойн, туркойн архивашкара документашца хьаьжча. Чергазойн хаттаро XIX-чу бIешерийн 30-чу шерашкахь дуьненан халкъашна йукъахь лаьцначу декъе хьаьжча, уьш чIогIа интересе ду, цул совнах, Черкесихь тIемаш боьлхуш хилла мехала информаци йу оцу хаамашца, чергазой бехаш хиллачу дозана тIехь лаьттинчу политикан хьолах лаьцна а.
– Архивех лаьцна дуьйцуш, аса даим а хоьтту сайн хьешашка, уггар а интересе муьлха документ дара царна орлий.
– Суна чIогIа Iаткъам бира герцоган Ришельен (Арман-Эммануэль де Виньеро дю Плесси де Ришелье – Одессин хьалхара хьаькам вара иза. – Редакцин билгалдаккхар) гIуллакхах лаьцна йолчу архиван материалаша. Гоьваьлла пачхьалкхан гIуллакхдархо вара иза – хьанала, эвсара къахьегна цо Францина а, Оьрсийчоьнна а. Чергазой къарбан аьтто ца хилча, кхийтира иза, дипломатин некъаш леха деза аьлла, цу тIехь а дика ларийра иза.
Цхьана кехата тIехь Ришельес билгалдаьккхинера, Шапсугихь (Черкесин хилла Iаьржа хIорда уллора регион, карарчу хенахь - Краснодаран кIоштара Iаьржан хIордйист. -Редакцин биолгалдаккхар) экспедици йолчу заманчохь делкъанна стол хIоттийнера шена, ткъа делкъал тIаьхьа самовар чуьра чай мелира ша аьлла. Оцу хенахь шапсугаша леррина герз кхоьссина хиллера, столтIера самоваран тIехуле а йоккхуш. Цу стоьлан гонах хиъна Iаш хиллера, Iадийна Ришелье. Герцога чIогIа забарш йора оцу кепарчу хIуманашца, шапсугех "сан доттагIий" олура цо.
– Гуларан рогIера том стенах лаьцна хир йолуш йу?
– ШолгIачу томана тIехь къахьоьгуш кхин редакторш бу, Британин архиваш кегийна. Одессехь хилла британхойн консулан Джеймс Йимсан дипломатин а, талламан а хаамаш хир бу цу тIехь. Шаллэ а, Йимс а доттагIаллин уьйрашкахь хиллера, цкъацкъа шайгара информацих а цхьана дакъа деш, чергазойн хеттаршкахула цу шиннан хьежамаш дукха чIогIа къаьсташ хиллашехь.
Британхойн консул ша бакъдолу куьйра хиллера, ишта ала магахь: говзаллица беш хилла талламан болх, кхечу гIаланашкахь белхаш бен вице-консулийн штат а йолуш, къайлахчу сервисана бюджет йолуш, цундела цуьнан ка йаьлла дуккха а материал гулйан, и чIогIа интересе хир йу историкашна.
- ХIокху темех лаьцна кIорггера хаа луучарна хьоьху тхешан хьешо Кумыков Азаматца а, Мамулиа Георгийца а йукъахь бина болх. "Дипломатические депеши о Черкесии французского консульства в Одессе", 1836–1840 шш. Арахецар Де Грюйтер Ольденбург, 2024 шо.
- Йазло "Хроника Кавказа с Вачагаевым" подкасте, ладогIа Apple Podcasts – GOOGLE подкасты – Spotify – YANDEX MUSIC – YOUTUBE , ишта кхинйолчу аудиоплатформашкахь.