Украинхойн талламчаша а, оппозицин телеграм-каналаша а Кадыров Рамзан кхетамчохь вац аьлла, дIахьедарш динчул тIаьхьа йуха а дийцадаьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушаллин хьолах. Мукъаденошкахь цуьнан кема Соьлжа-ГIалара гIаьтттина Москва дахара, ткъа иттаннаш йеза машенаш хаайеллера президентан дарбан цIийнан бертехь. ТIаьхьо Кремлехь дуьхьал хилира Кадыровн хьолах лаьцна дийца. Кавказ.Реалиин редакцино дуьйцу, оцу хьолах хууш долчух.
Гезгамашин-беттан 15-чу буса нохчийн оппозицин NIYSO телеграм-канало, шайга цунах лаьцна хаийтина хьасташ ца йуьйцуш, йаздира Кадыров кхетамчохь вац аьлла. Цуьнца цхьаьна Украинан тIеман министраллин талламхойн Коьртачу урхалло хаамбира "йуха а хьал ийгIина", оцу тIехула политик "къаьсттина чолхечу хьолехь ву" аьлла.
ЦIерашца ца бийцинчу нохчийн диаспорин векалшна тIетевжина украинхойн хьасташа тIетуьйхира, Кадыров билггал комехь волу масех де а ду, "Москвара лоьрийн цунна дан хIума ца хилла" аьлла. "Обозреватель" гIирсо хаамбира, Цхьаьантоьхначу Iарбойн Эмираташка иза дехьаваккха дагахь бу аьлла. Зазадокху-баттахь немцойн Bild ресурсе Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада дийцира, Iарбойн Эмираташкахь Кадыровна дарба лелорах, нохчийн урхалхочун Москварчу лоьрех тешам цахиларна.
ТIаьххьарчу кхаа дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушаллех лаьцна бечу хаамийн шозза тергойира Кадыровн социалан машанашкахь. Гезгамашин-беттан 15-чохь кхетамчохь вац иза бохуш, дуьйцучу йукъанна Кадыровн "ВКонтактера" аккаунтехь 10 секундехь дIайазйина видео гучуйелира: букъа тIехьара гойту регионан куьйгалхо шен гергарчаьрца цхьаьна – и ролик маца дIайазйина йу - хуийла дац.
Ши де даьлча Кадыровн телеграм-каналехь йоца видео хIоттийра, цу тIехь догIуш догIа а долуш, волавелла лела Кадыров шен резиденцихь – оцу йуккъехула хеза Соьлжа-ГIалара маьждигехь молла кхойкхуш. Соьлжа-ГIалахь делккъалц билггал догIа дара, оцу йукъанна кхин а ши де хьалха йекхна йара цигахь. Амма и ролик билггал дIа маца йазйина йу, билгалдоккхийла йац.
"Интернетехь бакъдерг харцдолчух къасто цахуурш, ара а довлий дуьйлало мохехь, шайн корта меттабалабе. ДогIано чIогIа дика иракарахӀоттаво", - аьлла ду постехь.
Ша Кадыров тIаьххьарчу хенахь наггахь бен гучу ца волу нахалахь, зорбане йохучу видеош тIехь хаа аьтто бац "мел а хьулвеллачу цуьнан дахарх". "Гуш ду царна дикка редактура йеш йуйла", билгалдоккху "Мемориал" адамийн бакъонаш Iалашйечу Центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра.
КХИН А ХЬАЖА: "Верстка": гезгамашин-бутт карабеачхьана Кадыровн кема кхузза Москва дахана
Москва вахар, йуха кIегар а?
Кадыровн могушалла галйаларх лач тоьшаллаш дан аьтто хилира журналистийн кеманийн дIасалеларна тIехь теого латточу сервисийн гIоьнца. Гезгамашин-беттан 15-чохь Кадыровн бизнес-джет билггал Соьлжа-ГIалахь гIаьттина Москва дахана, хIетахь Украинан ГУР-о а, нохчийн оппозицин телеграм-каналаша а дIахьедора цуьнгарчу хьолах лаьцна.
Оцу йукъанна кема стенгахь охьадоьсина дикка къаьсташ дац, хIунда аьлча, транспондер (радиолокацин къамел дIаолург) дIайайинера Волгограде кхоччуш, йаздира "Верстка" хьосто кеманашна тIехь терго латточу цхьахйолчу сервисна тIетевжина.
КIира хьалха а шозза шахьара дахара Нохчийчоьнан урхалхочун кема – гезгамашин-беттан 6-чохь а, 9-чохь а.
Гезгамашин-беттан 17-чохь, Кадыровн телеграм-каналехь резиденцихь волавелла лелаш видео гучуйаьлча, ницкъахошна гергарчу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало зорбане дехира Москвара президентан гIуллакхаш луьстучу Урхаллин Коьртачу дарбанан цIенна уллохь даьхна. Цу тIехь гуш йу масех премиалан автомобиль Нохчийчоьнан номершца, цхьана машенан номерш йан а йац.
Каналан хьастийн информацица, гезгамашин-беттан 17-чохь суьйранна цхьана сахьтехь "Нохчийчуьра пачхьалкхан номершца, нохчийн бахархой чохь болуш" иттех машен кхечира.
Страхованин компанийн хаамашца, цхьа машен Чижов Кириллан цIартIехь йу – ВЧК-ОГПУ-н информацица, Нохчийчоьнан урхалхочун Тамбовн кIоштара векалан Бекбарзов СаьIидан гIоьнча ву иза. Пассажир санна оцу машенахь дарбанан цIийне кхаьчнера иза а. ШолгIа машен Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин бахаман гIирс латточу Центран машен йу.
Кеманийн дIасалеларна тIехь терго латточу сервисан хаамашца, гезгамашин-беттан 17-чохь суьйранна Кадыровн кема Москвара Соьлжа-ГIала йухадеара. Транспондер йайина а йолуш деара кема, амма ша долу меттиг шозза билгалйаьккхира цо: ГIалмакхойн тIеман аэропортан гергахь а, Соьлжа-ГIалара аэропортехь охьадусуш а.
"Эхо Москвы" радиостанцин хиллачу коьрта редакторо Венедиктов Алексейс шен хьасташна тIетевжина хаамбира, Кадыров Москвара Коьртачу дарбанан цIийне валийнера гемодиализах чекхвала (цIий цIандар) цуьнан жаннашца чIогIа лазар хиларна.
Кадыровн дIасавахарх комментарий ца йира Кремлехь, дахначу мукъаденошкахь Кадыров президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетта вац аьлла. Гезгамашин-беттан 18-чохь Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, "Кадыров Рамзанан могушаллех хаамаш ца ло", хIунда аьлча, "президентан администрацин гIуллакх дац и" аьлла.
Iедалхошна сигнал
Нагахь санна, Нохчийчоьнан урхалхо лахь, цунах лаьцна "массара а хууш хир ду", тешна ву нохчийн политолог Кутаев Руслан.
Кадыров кхелхина боху хабарш шайггара дуьйцуш ду бохура цо: "Нохчашлахь гергарлонашца боьзна бу, цундела цхьа а шеко йац оцу кепарниг нислахь, къайлахьойла хир дац. Цундела суна хета, хIаъ, иза цомгаш ву, тарло чIогIа цомгаш хила а, амма иза велла бахар цхьа а бух болуш дац".
Иза цомгаш ву, тарло чIогIа цомгаш хила а, амма иза велла бахар цхьа а бух болуш дац
Нохчийчоьнан куьйгалхо кхалхар цхьаьна ца догIу цуьнан гонан реакцига хьаьжча. Кавказ.Реалиин редакцига Ахмат-Йуьртара масех вахархочо дийцира, дахначу шоьтан дийнахь КадыровгIеран дай баьхначу эвлахь зуда йалийнера Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчун, республикин вице-премьеран Висмурадов Абузайдан вешин кIанта. Хьасташа дийцарехь, иза веллехь, йа цуьнгахь ледара хьал хиллехь, и барам дIатеттина хир бара, йа Соьлжа-ГIалахь хIоттийна хир дара той, Ахмат-Йуьртахь а ца даздеш.
Украинан талламчаша пайдаэцна хила тарло Нохчийчоьнан куьйгалхо кхелхина бохуш, баьржинчу хаамех, дуьйцу Европера "Цхьааллин ницкъ" нохчийн политикан организацин куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.
"Путина хIоттийначу системехь Кадыровн фигура кхин дIоггара мехала а йац. Суна хетарехь, ГУР-о хаа а хууш, харц информаци йелла хила тарло, Кадыровн гоне сагатдайта, уггар хьалха Путине а. Нохчийчоьнан урхалхо могуш цахилар гуш ду – цунна тIехьаьжча а къаьсташ ду и (йистина йуьхь, къамел деш са лецар, куьйга тIера катетер.- Редакцин билгалдаккхар.). Кхеташ ду, системина иза йукъара ваккха цкъачунна йиш йац, цундела иза ларво, оцу эгIазаллина тохарш до, вайна гуш ма-хиллара, цунах пайда а болу", - билгалдоккху къамелдечо.
Куьйгалхо вац бохуш лелачу хабаро велха дог ца доуьйту, йа хала а ца хета, ажиотаж хилар доцург
Кадыровн могушаллица цхьа сингаттам хилар дика гуш ду, цуьнан пресс-гIуллакххоша йаржочу роликаш тIехь, боху политолого Кутаевс.
Кадыров вала вирзина бохуш, и хаамаш сихха баржар а, цунна йен реакци а мехкан Iедалхошна цхьа коьрта сигнал хила тарло, боху "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас.
"И эладита сиха даржар а, цунна хилла чIогIа реакци а, - Iедалхошна, суна хетарехь, и цхьа сигнал хила тарло, оцу паччахьаллехь дерриг а дика цахиларан. Куьйгалхо дIаваьлла аьлча цхьа ажиотаж хиларал совнах, йа бIаьргех хи цадаларна а, хала ца хетарна а. Церан кхечу кепара ду куьйгаллица дерг а, бахархошца къамелдар а", - дерзийра цо.
- Хьалхо "Новая газето" йаздира Кадыров Рамзан билггал цомгаш хиларх, оцу лазаро жаннашна а, пехашна Iаткъам барх, цундела гуттар а цунна оьшуш диализ хиларх. Кадыровн могушалла дикка эшна хиларх цхьа тоьшалла лору "Новая газето" политикан воIаршна хааамийн гIирсашкахь йен пиар. Дуьйцург ду, цуьнан кIентий Украине бахар, воккхаха волу кIант Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар, мехкан гIуллакхашна жигара уьш йукъаийзор.
- Оханан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазана зорбане хIоттийра спортзалчохь водучу некъа тIехь дIайазйина – ролик гучуйелира, журналисташа цуьнан могушалла эшна йогIу аьлла, хаамаш баржийначул тIаьхьа. 25 секундехь йу видео, цу тIехь Кадыровс боху цомгаш хилла йиш йац шен. Оцу кепара цIера тренажеран зал чохь йаьккхина видео кхо де хьалха а хIоттийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо инстаграмехь.
- Товбеца-баттахь оцу тайпа хабарш лелачу заманчохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, шен метта "кхин лоьхуьйтур вац" ша, цо дIакхайкхийра 2026-чу шарахь рогIерчу мехкан урхалхочун харжамашкахь дакъалаца лерина ву ша аьлла.