"Дийнна тIаьхьенаш ю боберех". Адвокат – Къилбаседа Кавказехь зударийн бакъонаш эшош хиларх лаьцна

Гайтаман сурт

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам тIеэцна Нохчийчуьрчу Тапаева Луизин девнан хьокъехь. Майра веллачул тIаьхьа цуьнан гергарчаьргахь йисина шен йиъ йоI дIайоьху цо. Зуда дуккхаза а йийлина кхеле, амма Нохчийчохь Iедал я берийн дедегахьа долу, я пурстоьпаша кхочуш ца бо кхелаша цуьнгахьа бен сацамаш.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бигалдаьккхина пачхьалкхо Европан адамийн бакъонийн конвенцин ши артикл йохийна хилар: №14 "Дискриминаци йихкина хилар" а, №8 "Доьзалехь ваха йолу бакъо" а. Кхело Оьрийчоь декхарейина Тапаевана 16 250 евро компенсаци дала а, кхел еш исс эзар еврона йина харж меттахIотто а.

Къилбаседа Кавказехь берийн ненан бакъонаш йиллина хьоьшуш хилар го Страсбургна. Оцу сацаме кхел яло дукха хенахь дуьйна гIиртина "Бакъонийн инициатива" проектан адвокаташ (Оьсийчоьнан Iедало"арахьарчу агентийн" могIара язйина "Бакъонийн инициатива". – Ред.), шаьш Тапаева Луизинчух тера долу девнаш лелочу юкъанна. Церан гIоьнца Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь тоьлла, масала, Муружева Лайлаъ, Магомадова Элита, Ася Губашева Ася, Магомадова Зелиха. Амма дукхазза а нисделла кхело цаьргахьа сацам беш, ткъа бераш цаьрга дIа ца луш. Дукха ду наношна бераш ган шерашкахь аьтто луш цахилар гойту тоьшаллаш.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело шен сацамца Къилбаседа Кавказехь нанойн бакъонаш талхор системе дирзина аьлла билгалдаккхаро хIун пайда бохьу берех баьхначу наношна? Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиина ша еллачу интевьюхь дуьйцу "Бакъонийн инициатива" проектан адвоката Гнездилова Ольгас.

– Къилбаседа Кавказехь нанойн бакъонаш хьешар муьлхачу барамехь, хьесапашкахь ду?

– Нанойн бакъонаш регионехь хьешар – иза дукха заманара схьайогIу проблема ю. Телхина хьал Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадров Рамзана, бераш деца хила деза, аьлла, позици лаьцначул тIаьхьа. Цо наханна хьалха до оцу хьокъехь къамелаш, меттигера Iедалш дайшкахьа довлу, наношкахьа ца хуьлу.

Битинчу зударийн ур-аталла шайн бераш ган а аьтто ца болу. Яьржина проблема ю иза, дукха бу оцу хьокъехь тхоьга гIодоьху зударий Нохчийчохь а, гонахарчу республикашкахь а. Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхело шайгахьа сацам бича, и сацам дIакхочу нене, амма дукха хьолехь кхочуш ца бо иза.

Наношкара дIадаьхна бераш вуно дукха ду Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь. Оцу хьоло тIеIаткъам бо хинйолчу тIаьхьенашна. Уьш куьуш ду эшамехь, мера-наношца я гергарчаьрца кхуьу, ненан йовхо ца тоьу царна. Беранна дас ца до хударш, цо ца кечдо бр школе даха, цо ца хьажадо иза цига дIа. Дукха нисло, да кхечу махкахь ву вехаш, болх беш, бераш цуьнан ненаца, йишица, несаршца дуьсу.

ХIинца хьал дискриминацехь ду аларо Оьрсийчоь декхарейо ерриг а пачхьалкхехь хийцамаш бан

Оцу хьоло лар юьту берийн амалшца уьш баккхий хилча а, уьш шаьш-шайна бехаш, хьулбелла хуьлу. Наной дийна боллушехь, бобераш хуьлий кхуьу дийнна тIаьхьенаш, дуьйцу тхоьга меттигерчу бахархоша. Кхетам лачбоккхий хуьлу иштачийн. Тапаеван гIуллакхехь билгалдаьлла, масала, цуьнан зудабераш психикан цамгарш йолуш хилар.

– Къилбаседа Кавкзехь зударшкара бераш дIадахар система ю аьлла Европан адамийн бакъонашкахуьла йолчу кхело, оцу хIун атто йохьур ю регионна?

– Хьалха тхоьга хIора ша-ша йолчу ситуацех лоций, доьзалера бакъо талхийна, олий, сацам схьалора. Кхело яздора, хIун дан оьшу хIора гIуллакхца, ненаца, цуьнан бераца доьзна. ХIинца хьал дискриминацехь ду аларо Оьрсийчоь декхарейо ерриг а пачхьалкхехь хийцамаш бан. Европан Кхеташонан министрийн кабинето хьаькамашна хьалха жоьпалла хIоттор ду, кест-кеста толлур ду нанойн бакъонашца дерг.

Оьрсийчоьнан Iедал декхаре хир ду хIинцачул тIаьхьа пачхьалкхехь зударийн бакъонашца лаьтта хьал зен а, нисдан а, Европан Кхеташонна беш лаьтта болх дIагайта а. Цхьа тапаевах лаьцна лур дац жоп, зударийн дискриминацин моиниторинг йовзуьйту ю юкъ-кара. Министрийн кабинето ша а толлур ду бакъонашца дерг, Оьрсийчуьрчу пурстоьпаша кхелаша тIеэцна сацамаш кхочуш стенна цо а бо хоттур ду, зуьйр ду дерриг а. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело шен тIаьххьарчу сацамехь хьехадо Магомадова Элитин, Магомадова Зелихин, Губашева Асин гIуллакхаш.

Зудрийн дискриминаци оха хьалха а ялхайора. Оха даима а олура проблема хедаш йоцчех ю, хIинца кхел кхетта цунах, цунна хаьа аьрзнаш цахеддаш шега хьийсор дуйла. Сурт дерриг а дIагина кхелахошна. Гина Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь проблема латториг Iедал хилар. Цигарчу куьйгалхойн риторика ю кхелашна, пурстоьпашна тIеIаткъамбеш. Кхел кхетта иза баккъл а дискриминаци юйла.

Хьалха иза эрна ловш болу къинхьегам бара: хIора зуда ша-ша йийла езара аьрзнашка. Ткъа керлачу сацамо и хьал хийца декхаредо Iедал. Дикриминаци бохург – иза бегаш бац. Оцу сацаме Оьрсийчуьрчу муьлххачу а кхелан хила беза бу ларам, кIошташкарчийн дуьйна дIа.

Вайн Европан конвенцехь хиларе терра, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам бу иштта. Комментареш хеза, Оьрсийчоьнна тIехь дац Европан оцу кхело бина сацам кхочушбар, олий. Иза бакъ дац, нийса а дац. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тIеэцна цхьа сацам товш бацахь, Конституцин кхел гулъяла еза, ала деза хIара я важа сацам оха кхоушбийр бац. Амма Оьрсийчоь юха ца яьлл шена тIехь долчу дуьненаюкъарчу декхарех. Я Конституцин кхел оцу хьокъехь гуллур ю аьлла а ца хета суна.

Оха Страсбурган сацам дуьхьалбеттар бу Къилбаседа Кавказехь зударийн бакъонийн хьокъехь дIахьош йолчу кхелашна, тхоьгахь дукха ду и тайпа гIуллакхаш.

– Муьлхачу бахьанашца бераш дайшца дуьту? "Дайшкара схьадогIу гIиллакхаш" дуй оцу декъахь?

– Ахчанца, таронашца дерг хьалхадолу. Масала, дагалаца мегар ду ялх беран ненан Магомадова Залихин дов. Берийн да велла белхан декхарш кхочушдеш, буонашна компенсаци елла Iедало, пенси а делла да вацарна. Бераш дуккха а хиларе терра, иза доккха ахча ду церан ден гергарчарна. Ненера кехат даьккхина цара и ахча шаьш схьаоьцур долуш, тIаккха бераш дIадаьхна, пенси дерриг а шайн карахь хилийтархьама.

Зуда а, майра а дIасакъаьстича, бераш ден доьзалехь диса деза, зударий Iедале ахча деха лелаш хилрна, аьлла,къамел дира Кадыров Рамзан. Аьлча а, зударий пачхьалкхо луш долу пенси деха а бакъо йоцуш нисло.

Алименташа а бо шайн Iаткъам, бераш хьанца дуьсу бохучу хаттарна. Алименташна кехаташ кхеле чудаларна берех яьккхина нана а ю тхоьга аьрзнаш деш кху муьрехь. Иза кхеле яьлча, оьгIазвахна берийн да, аьлла цуьнан вешига: "Шуна соьгара ахча дезаделла, схьада соьга бераш!".

ГIиллакхех дерг аьлча, иза сов дестийна къамел ду. Олу, массо а заманашкахь иштта лаьттина, иза бакъ дац. Iедалхоша а къададо, бераш шега дIаэцначу зудчунна гIодан ца догIу, олий.

Шайгахь марехь хиллачу зударшца хьагI латтор а ду даьржина.

– Къилбаседа Кавказехь наной шайн берех дIатоха кхин хIун дан деза аьлла хета хьуна?

– Тхан рогIера Iалашо ю, оха цунна тIе гIулчаш а йоху, бераш наношкара дIадахар доьзалан бакъо талхорал совнах, иза ненанца, бераца къизалла латтор а дуйла дIахаийта, низамца тIечIагIдан гIерта тхо. Нана шех цхьаьнакхеттачу цхьана бераца къамел хилла тхн дукха хан йоццуш. Цо дуьйцу шена мел хала дарашарахь ненах къаьстина ваха, ша хIун лайра, муьлха Iаткъамаш бехара шеца.

Психологин экспертизаш яр оьшу. Лелларг къизалла яра а аьлла кастаделча, Европерчу кхелан а, министрийн кабинетам а тергам алсамбер бу. Масала, жигарйохур ю оцу хьокхехь хIиттаен кхеташонаш. Бехкечарна алссам жоьпалла тIедужур ду.


– Европан кхело бераш наношка дIадалийта бина сацамаш даима а бой кхочуш?

– Муружева Лайлаэ дIаяккха елла шен йоI. Дукха дац и тайпа масалш. ХIетахь ондда къахьийгира Москварчу пурстоьпаша. Ши бер ду цуьнан, кIант ву дуьххьарниг. Цуьнца къамел дира психолога. КIант маьхьарца вара, сеца а ца лора, лоьро цуьнан "дагалецамаш хийцина", элира. … Воккха, веза, карахь а ца сецалуш вара кIант. Нана, Лайлаъ, иза мара а воьллина, едира. Нана-йоккха дтектив яра лелларг, Москварчу пурстоьпаша деца къамелаш дира, бераш шайн трритори тIе дIакхайкхира.

Хала процесс ю кхелан сацам кхочушбайтар. Ден агIоно ненаца эгIийначу берашца юкъаметтигаш вуно хала ду меттахIитто.

Ткъа пурстоьпо шен кехаташ тIехь яздо, оха хаьттира бере, цо шена деца даха лаьа элира

"Ханамирова Оьрсийчоьнна" дуьхьал аьлла кхин цхьа дов ду. Дагестанера ю и зуда. Кхелан сацамца, психологаша бехха болх бан беза цуьнан бераца - дехоша шерашкахь нанна дуьхьалдаьккхина кхаьбна иза. Нанна юкъа-кара бер гайта къастийна дехошна юьстахара меттиг. Хала ду берехь шен деца я ненаца лелла мерза юкъаметтиг денъян.

– Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамца лараме муха хилийталур бара берийн дай, хьуна хетарехь?

– Низамаш хийца деза. Юстицин министро низаман проект чуелла Муружеван гIуллакх дирзича, цуьнан кейс а хьахош. Проекто бехктакхаме озаво бераш нане дIадаларх кхело бина сацам кхочушбеш воцу да. Цкъачунна оцу бехканна гIуда бен дац тухуш. Кхелан сацам кочуш цабарна ша Муружевс луш дерг дацара цхьа эзар сом бен. Ша олура цо: "Суна бен-башха а дац, баттахь эзар сом дIаделчхьана волу со". Ткъа бехктакхаме гIуллакх даьлча, кхетамчу ван а тарло и санна да.

Оьрсийчохь пурстоьпаша олу, шайга дIа ца кхачадало бераш дегара нене. Низам дацарна ду иза иштта. Церан карахь кхелан сацам хуьлу, бер юхадерзаде, олий. Иза куьйгашца, маттаца, девнаца бан безаш болх бу церан. Бере хотту, хьанца лаьа цунна даха, ненаца я деца. Бер дала жоп доцуш хьаьвза, нагахь санна дех-ненах цхьаъ цунна баккхийчара къахьдина дацахь. Ткъа бер – иза кхелахо ма вац. Цуьнгара хуьлуш ма бац сацам я сацаман хийцам.

Бакхийчу пурстоьпаша 7 шо долчу беранна тIедуьллуш нисло шайн жоьпалла. Кхело шарахь луьсту дов, ткъа пурстоьпо шен кехаташ тIехь яздо, оха хаьттира бере, цо шена деца даха лаьа элира! Иштта хуьлийла ма дац, иза нийса ма дац.

***

Кавказ.Реалиин корреспонденто дехар хьажийра Федералан пурстоьпийн урхалле комментари йоьхуш, хаьттинера Нохчийчуьрчу хьолах лаьцна а. Ца деара жоп. Оха кехаташ яздира Нохчийчуьрчу, ГIалгIайчуьрчу, Дагестанерчу берийн бакъонашна тIехьожучу хьукматийн векалшка. Соьлжа-ГIаларчу хьакамаша бен ца делира жоп: цара хаийтира тхуна, тхан хаттар шайга дIакхаьчнийла, амма ца дийцира, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам шаьш муха тIеоьцу, муьлхачу хьолехь ду ненан бакъонаш республикехь ларъяр.

Европан адамийн бакъонийн кхелехь Тапаева тоьлча, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин дозалийн, зударийн, берийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Останина Нинас аьлла, шайн комитете оцу хьокъахь арз кхаьчна а дац. ХIинца ша и проблемаш толлур ю, кхелан сацамийн статистика хьалаойъуьйтур, Къилбаседа Кавказехь дерг а зуьйр ду.