Нохчийчоьнан куьйгалхо шех "ДНР" олучу кIоштехь меттигера эскархой гулош хьийза, цигахь шен таронаш хилийтархьама, дуьйцу ВСУ-н леррина операцеш йаран ницкъаша кхоьллина йолчу украинхойн дуьхьало йаран къоман Центро.
Сепаратистийн республикан куьйгалхо Пушилин Денис зазадоккху-баттахь Нохчийчу кхачарна тIехула бина эксперташа ишта сацам. Оьрсийн спецназан университетехь хилла иза – тIом болабелчхьана йолахой кечбеш йу иза – иштта дIахьедира, кхузахь Iамора бу "ДНР-ра" инструкторхой а аьлла.
Дуьхьало йаран Центран хаамашца, Соьлжа-ГIалахь кечбийр бу оьрсийн лаккхарчу хьаькамийн "ДНР-ра" хадархой а, нохчийн тIеман тобанашна лерина ницкъахой а. Сепаратистийн регионехь Кадыров шен таронаш шорйан гIерташ хилар гойту, аналитикашна хетарехь, республикехь 300 имамаш а, къедаш а тIамна кечбеш хиларо.
Кадыровхойн эскарша дIалаьцначу Украинан латтанаш тIехь шайн ницкъ чIагIбо бохучух лаьцна Кавказ.Реалиин сайте дийцира пачхьалкхан йоцу "Евромайдан SOS" цхьанакхетарийн дакъашхочо Савва Михаила – Украинан дозанехь лелош долу зуламаш дIайаздеш лела иза. Цо бахарехь, "ЛНР", "ДНР" шех олучу меттигашкахь нохчий тобанаша, доккхачу декъанна, вовшах а йохуш, меттигерчу индустрин объектийн техника республике хьежайо. Боьдуш тIом а болуш, и хаамаш бакъхилар талла йиш йац.
- ГIадужу-баттахь Кадыровс иштта хаамбира, "ДНР" аьлла шаьш дIакхайкхийначу республикехь шен "векал" хIотторах – иза ву цул хьалха вевзаш ца хилла Ростовра бизнесхо Мударов Рамзан. Алап а ца луш бийр бу цо бохура шен болх.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан бIанакъостах волчу 25 шо долчу бизнесхочунна Корчагин Валидана Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа оккупаци йинчу Мариуполера металлургин комбинат а, Оьрсийчуьра арайаьккхинчу кхечу пачхьалкхера йоккхачу бизнесан активаш а кхаьчна. Цунах лаьцна йаздина "Би-би-си-н оьрсийн сервисо". Дуьйцург ду "Арена" компанин дакъа а – цо эцнера америкахойн Starbucks кофейнеш, Оьрсийчуьра дIабахначул тIаьхьа. Кадыровн бIанакъостах партнер хилла рэперан Юнусов Тимуран (Тимати), рестораторан Пинский Антонан а.