Черкес Лариса
ГIебарта-Балкхаройчуьрчу итнеллигенцино къаьмнийн меттанаш Iалашбар доьху Iедале
Оьрсийчохь къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьту низам Пачхьалкхан Думе тIе цачIагIдар деха шайн мехкан Iедал декхаредо ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Iилманчаша а, юкъараллахоша а.
Жигархойн тобано билгалдоккху къаьмнийн меттанаш кIоргга кризисехь дохкуш хилар. Буьйцурш бу конституцино Iедалан статусехь кхобу чергазийн а (гIебартойн), балкхаройн а меттанаш.
Билдаккха догIу, хьалхо ГIезалойчоьнан а, кхечу мехкийн а векалша оццу маьIнехь дIахьедарш даржийна хилар. Масала, ненан меттанийн агIо лецира дукха хан йоццуш Дагестанан куьйгалхо лаьттинчу Абдулатипов Рамазана – "синмехаллашна а, оьздангаллина а" зуламе ду ненан меттанаш Iамор школашкарчу берийн лааме диллина дитар, элира цо.
ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Iилманчийн юкъаралло хаам баржийна, ша меттанийн хьокъехь дIахьедарш Iедалан цхьацца хьукматашка а, мехкан куьйгалхошка а, президенте Путин Владимире а хьовсийна, аьлла.
Iилманчаша дагадоуьйту Оьрсийчоьхь лелачу "Дешарх долчу низамо" къаьмнийн меттанашна новкъарло еш хилар, цо царна, хьалха а санна, школашкахь къиранах 2-3 сахьт бен кхачош дацар.
"Къаьмнийн меттанаш сихачу боларахь лекъаш лаьттачу кху муьрехь стенна мега уьш лаахь Iамош, ца лаахь ца Iамош, дIатесна дита?" – цецбуьйлу пачхьалкхо айинчу кампанех гIебартойн а, балкхаройн а Iилманчаш.
Царна хетарехь, низаман проекто "талхадо ишта а дикачу хьолехь доцу дуккхаъчу къаьмнех лаьттачу пачхьалкхера политикан хьал".
Думин проект питане ю, массо а къаьмнашна зулам дохьу цо, аьлла хета дIахьедар даржийначийн тобанерчу филологин Iилманан докторна, ГIебарта-Балкхаройчоьнан Iилманийн академин литературан институтан куьйгаллерчу Хакуашева Мадинина.
"Иза, уггаре хьалха, оьрсийн сийсазбеш проект ю, и санначу документаша оьрсашка тешам бойу, къаьмнашна юкъа питана тосу. Суна хетарехь, цхьа корта боцчу русофобо кечйина проект – шен къам, шен мотт безаш долу адамаш лараме хуьлу кхечу къаьмнашца, кхечу меттанашца. Кхин муха кхето деза дуьненахь уггаре дукха къаьмнаш дехачу пачхьалкхна "халкъан леша" иштаниг хьехар? – хеттаре юьйлу "Кавказ.Реалиица" къамелдина Iилманча.
Хакуашева Мадинина хетарехь, "халкъан кхолламаш луьстучу депутаташлахь дакъа ду я зуламхошна лобби латтош, я къаьмнашка цабезам болуш". Шина а харцоно сахьт дац пачхьалкхера барт бохон, боху цо.
Шайн махкахь ерриг а синбахамаллин элита ю гIебартойн а, балкхаройн а меттанашкахьа, "цо гойту тхан нах кхетамца могуш буйла, тхо дийна дуйла, тхоьгара мотт боккхур боцийла", элира "Кавказ.Реалиига" гIебартойн меттан, литературан хьехархочо Багова Мейрамас.