Доьзал кхуллуш ВИЧ-уьнан тестах чекхваккхар йукъадаккха хьийза ГIалгIайчохь

Гайтаман сурт

Керла доьзал кхуллучу хенахь цIийца имунно-дефициатан ун (ВИЧ) а, наркотикашца йоьзна хIума а йац аьлла, анализ йайтина лоьрашкара кехат доцуш там-мах бар дехка дагахь бу динан дайшца йукъахь гIалгIайн Iедалхой. Цунах лаьцна хаамбина "Интерфаксо" Малгобекан кIоштан администрацина тIетевжина.

Оцу гIуллакхан инициатор ву къоман политикан министр Беков Ваха. Цо жоп делла, лоьраша делла кехат бакъ дуй хьожуш, Iедалхоша леррина толлур долуш ду аьлла. Динан дайша а, ГIалгIайчоьнан кхечу мехкашкара бахархоша а инициатива къобалйинчул тIаьхьа, барам йукъабоккхур бу карарчу шеран гезгамашин-баттахь.

2017-чу а, 2019-чу а шерашкахь йерриг Оьрсийчоьнан халкъан фронтан меттигерчу декъан а, ГIалгIайчоьнан могушаллин министраллин а жигархоша а хьалхатоьттура хIара инициатива. Чакхе цуьнан муха йара – хууш дац. Иштта керла доьзал кхуллучара ВИЧ-уьнах цIена хилар тIечIагIда дезарх дийца даьккхира Дагестанехь а. 2018-чу шарера схьа дуьйна Нохчийчохь могушаллин министралло ВИЧ-ун дац аьлла, тIечIагIдина делла сертификат дацахь там-мах бар дихкина ду.

  • ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа Кавказан кхечу республикашкахь а 2022-чу шаран жамIашца алсамдаьлла ВИЧ-инфекци кхеттачу нехан терахь. Цунах къаьстина Роспотребнадзоран керлачу статистикехь.
  • ВИЧ-цамгар сиха йаьржачу пхеа пачхьалкха йукъа йахна Оьрсийчоь 2021-чу шеран хьесапашца. Дуьненанахь кестолгIа инфекци йаьржинчу ахмиллион нахах йиъ процент гергга Оьрсийчоьнан пачхьалкхера бу.