Доьзалехь ницкъбарх йада гIоьртина йолу 20 шо долу Нохчийчуьра йахархо Исмаилова Селима карош йац адвокаташна. Ши де хьалха Iуьйранна Москвара Нохчийчу дIайигира иза цигарчу ницкъахоша – цо хIума лачкъийна аьлла гергарчу наха чуделлачу орзах бахьана дина.
Цунах лаьцна дуьйцу "СК SOS" кризисан тобано, SOTA телеграм-канало, иштта Собчак Ксениян "Кровавая барыня" цIе йолчу канало а, Исмаиловин адвокатна Тюняева Анастасияна а, доьзалехь ницкъбарх зен хиллачу наханна гIо деш йолчу Центран белхахочунна Русова Софьяна тIе а тевжаш.
Бакъоларйархоша бахарехь, мангалан-беттан 13-хь Исмаилована регистраци йира Москвара Соьлжа-ГIала доьдучу кеманна, цига чу а хиира иза.
И дIайигарна тIехула хIоттийначу кехатехь дуьйцу, иза Нохчийчуьрчу ТIехьа-МартантIерачу полицин декъе дIайига йезаш хиларх, амма, цигарчу белхахоша бахарехь, иза цига кхаьчна йац. Полицин декъа хьалха Исмаилова ларйеш буьйса йуккъе йаллалц лаьттина хиллачу адвокатна цунах бIаьрг ца кхетта.
Адвокатна Тюняева Анастасияна хетарехь, полицин декъехь Исмаилова цахиларо гойтуш хила тарло, иза схьа ма-кхаччара де-нене дIайелла хилар.
- Исмаилова шен 12 шо долху хенахь деца-ненаца, вежаршца, йижаршца Германи дIайахара. Цигахь ненаца девнаш хилар бахьана долуш, цунна таIзарш деш хилла. 2021-чу шеран аьхка иза ТIехьа-МартантIерчу шен ден нене дIайелла. Германера цIавеъначу дас цунна йиттина. Йуьйр йу ша аьлла, кхерам тесна. Бакъоларйархоша республикера арайала гIо дина Исмаиловина, масех баттахь, кехаташ кечдаллалц, иза Москвахь къайлайаьккхина латтийна цара.
- Москварчу "Внуково" аэропортехь Оьрсийчуьра дIайаха арайаьлла Исмаилова дIалецира мангал-беттан 12-хь. Исмаилова дIалацаран бахьана цуьнан гергарчара полицехь цо къола дина аьлла дина дIахьедар ду. Къилбаседа Кавказера доьзалерчу Iазапах уьдучу мехкаршна церан цIерачара изза бахьана хIоттадо.
- Мангал-беттан 13-хь Исмаилова Нохчийчуьра схьабаьхкинчу полисхошка дIайелира.
- Исмаилова Салимица хилларг – иза дуьххьара дац кадыровхка республикера беда нах дIалуш шеконе долчу бехктакхаман гIуллакех бахьанаш деш. Эксперташна хетарехь, и хIума ницкъахоша сих-сиха лелош долийна.
- Доьзалера Iазап – Къилбаседа Кавказера чолхечу проблемех цхьаъ йу. Дуккха а меттигера зударий шайн цIийндайша а, кхинболчу гергарчара а Iазапехь латтабо. Хууш ма-хиллара, низамхойн урхаллаша и тайпа хиламаш тергал ца бо. Нагахь бехкечарна бехктакхаман гIуллакхаш доладахь, царна мелла а кIеда кхел кхайкхайо.