Your browser doesn’t support HTML5
Онкологин цамгарша дарба хуьлу содах пайда а оьцуш боху тешам шуьйра баьржина нохчашлахь тIаьхьарчу шерашкахь. Италера орамаш долчу лоьрана Симончини Тулиона тIе а тевжаш, и лазар дарба дан йиш йолуш хиларх теша дуккха а нах.
Ткъа мила ву-те нохчаша оццул лоруш волу Симончини Тулио? 65 шо долу италхо хьалхарчу дешарца философи Iамийна ву, ткъа шолгIачуьнца лоьрийн Iилма. Цо чIагIдо, цIе ца йоккху лазар бакъдолчехь дегIацара лоьраш кандида олу жIаьлинускалийн колонеш ю, ткъа уьш натрин бикарбонатца, я, вуьшта аьлча, содин инфузешца толуш ю, бохуш.
2006-чу шарахь Италин кхело цунна дихкина лоьралла лелор, хIунда аьлча цуьнан методаш бух боцуш хиларна. Цул тIаьхьа кхиинчу Европерчу пачхьалкхашкахь болх бан бакъо а йоцуш, Сербехь, Албанехь пациенташ тIеоьцуш ву Симончини.
Шозза кхеле озийна ву иза, цо дарба а дина, кхоччуш онкологих тобелла аьлла болу нах цул тIаьхьа, лазар марса а даьлла, балар бахьана долуш. ХIетте а дукха бу Симончинис цIе ца йоккхуяц цамгарна дарба до бохучух тешаш болу нах къаьстина оьрсашна а, нохчашна а юккъехь.
Цуьнан бахьана ду, хетарехь, шаьш Симончинин метод бахьана долуш онкологех тобелла бохучу наха интернетехь дийцар. Нохчашлахь вовшашка дIаса а туьйсуш, шуьйра яьржина ю Австрехь вехачу цхьана махкахочун цIе а, цо шена Симончинин метод бахьана долуш рак лазарх дарба хилла бохуш дуьйцу видео а.
Цу стеган карарчу хенахь хьал муха ду хатта а, цуьнга шега шена дарба хиларх дийцита а Iалашонца иза лехча Маршо Радион корреспондентана карийра, иза тIехь волу видео интернетера дIаяккхина хилар. Цо шега телефон тоьхчахьана ша хьанна а хьоьхур ду и дарба муха дан деза аьлла, нахалахь цо яржийна шен телефон кхин болх беш а яц.
Ши бутт хьалха Симончинега Москохара дIа шен кIентан анализийн гочдарш дIа а тесна, цо сихха схьадуьйла, ша операци а йийр ю, дарба а дийр ду аьлла Серберчу Белграде яхнера Сулейманова Зулихан.
Амма шаьш дIабаьхьана некъ кхочуш ца хилира бохуш дуьйцу цо: "Цо тхуна шен и метод йийцира, цхьана баттахь ах баттахь дарба дан деза аьлла. Тхо доьлхучу хенахь цо ша операци йийр ю аьлла дахана дара, амма цо ша операци йийр яц, цкъа хьалха соданашца дарба аш ца дахь, элира".
Иза шайна дукха еха хан хийтира, бохуш кхин дIа а дуьйцу цо: "И тхуна дукха еха хан хийтира, соданех тешна Iен. ТIеоьцург 200 евро ахча делира оха цунна. Дарба чекхдаьллачул тIаьхьа Албанехь йийр ю ша элира цо операци. Тхо тхайна цигахь гинчух инзардевлла цIадахара".
Симончинин клиникехь лоьрийн а, цIеналлин а стандарташ кхочушйечух тера ца хийтира шена боху Сулеймановас: "Клиника аьлла хIума а дацара иза, дIо цхьа гIалин йистехь цхьа ледаро меттиг яра иза. Вуно чIогIа боьха яра цигахь. Iоьхкуш болчу нахе хьожуш стаг а вацара. Иштта шайн цхьа дог диллина баьхкина нах бар цу чохь. Тхоьца жимма саца а велла, цхьанхьа тIаьхьавуьсуш санна дIавахара и Симончини. Тхо а "дера деза вай кхузара сихха дIадаха" аьлла, цIадаьхкира".
Клиникехь шена гинчу кхечу пациентех лаьцна иштта дийцира Сулеймановас: "Тхоьца еана цхьа зуда яра, цо хьалхехь операци а йина, соданаш хIиттош дарба дан цIаяхана хилла йолу. Юха а и лазар меттах а даьлла, операци яйта юхаеана яра иза. Цунах тешна, цо гIоле хир ю хьуна аьлла, дарба дина яра иза. Цуьнга хIинца Симончинис ша операци йийр яц аьллера, иза яларан кхерам бу аьлла. Иштта дог доьхна, чIогIа во хьал долуш цIаеара и наний, йоIIий"
Симончинин клиникехь цхьа а европахо ца гира шена боху Сулеймановас, Оьрсийчуьрий, Советан пачхьалкхе хиллачу мехкашкарий нах бара цигахь берриш а: "Оьрсийчуьра беана доьзал бара цигахь, Молдавера доьзал а бара шайн цомгуш йолу йоI ялош беана, Украинера нах а бара. Европахой суна цигахь ца гира. Цхьа кхо сахьт хан яьккхира оха цигахь, цу нахаца къамелаш а деш. Массо хIуманах дог диллина, вуно чIогIа лазар долуш нах бара цига баьхкинарш".
Симончинин метод дуьненчохь лоьраша а, медицинерчу Iилманчаша а цатешамца а, емалйъярца а тIеоьцуш ю, хIунда аьлча онкологи содан инфузешца тоян йиш ю бохург Iилмано тIечIагIдеш дац. Адамийн сатийсамна а, церан йишйохарна тIехь а саяккхар санна лору иза говзанчаша.