"ЧВК Вагнер" кхоьллинчу Пригожин Евгенийна "конкуренци йеш", пачхьалкхан даржера ша дIаваьлча шен долахь тIеман компани йелла дагахь ву ша аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Хьалхо Пригожинца цхьаьна массарна а хезаш критика йира Кадыровс Оьрсийчоьнан тIеман министраллина.
Телеграм-каналехь хIоттийначу постехь регионалан куьйгалхочо дIахьедина, "ЧВК Вагнера" компанис "тоьшалла дина тIеман агIор ша пайден хилар", "Путинан повар" санна гоьваьллачу бизнесхчух ваша а олуш.
ТIеман талламбечу институтана (ISW) хетарехь, Кадыров тIехIуттур вац Пригожинна цуьнан тIеман министраллана дуьхьалваларехь. И жамIаш гучудевллера урхаллица "исбаьхьа тайна юкъаметтигаш" хиларх Кадыровн дIахьедарш тIехь.
Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь билгалдаккхарца "Путинан гIашсалти" ву ша олучу Кадыровс дIагайтира Пригожинна тIетар. Цул совнах церан структураш ю цхьаьна болх беш: хууш ду, Нохчийчухула тIаме хьийсина "лаамхой" нислуш хилар "ЧВК Вагнеран" тобанашлахь.
Стохка гIадужу-баттахь Кадыровс керла пост хIоттийра, "ЧВК Вагнеран" куьйгалхочух "хьомсара ваша", "ша бакъволу тIемло" иза ву аьлла. Цуьнца цхьаьна шога критика йира цо украинхойн Лиман дIайеллачу оцу заманчохь "Центр" армин буьйррала деш хиллачу инарлина Лапин Александрна. Цо йинчу критикана хIетахь тIетайра Пригожин а.
Херсон дIайеллачул тIаьхьа Пригожина а, Кадыровс а мелхо а хастийра Украинехь Оьрсийчоьнан эскарийн тобанан куьйгалхо хилла инарла Суровикин Сергей.
- Лазартнехь хиллачу нохчийн спецназан командир Алаудинов Апти волчу веара Пригожин. Кадыровс бахарехь, цуьнга дIаделлачу кехатца цунна дIовш дала гIоьртинера.
- Къаьстина Нохчийчуьра Украинерчу тIаме хьийсош хилар ницкъаллин структурийн белхахой, омран гурашкахь мобилизаци кхайкхийна нах, иштта лаамхой олурш а. Оу юкъанна бакъонашларйархоша масийттазза дIахьедира, бертаза тIекхуьйкхуш хиларх – ницкъахоша лечкъийна кегийрхойх салтий беш хиларх, иштта, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарнаш а. Нохчийчуьра бахархой нуьцкъаша Украинаца болчу тIаме хьийсорах хаамаш кхочу Оьрсийчоьнан Iедалхоша мобилизаци йирзина бохушшехь а.
- Украинаца тIом болийначу юьххьехь Iаламат дукха нохчий бу "даймохк Iалашбан баха" лууш, Кадыровс дIахьединехь а, тIаьххьарчу беттанашкахь цо кхин дуьйцу, иза а нохчийн маттахь. Мехкан Iедалхоша дера медиакампани йолийна, тIаме баха ца луучу лаамхошна дуьхьал, - майралла, дин а ца тоьа аьлла, бехкаш дехкира цо царна.
- "ЧВК Вагнера" – Оьрсийчоьнан официалехь доцу тIеман дакъа ду, цуьнан эскархоша дакъалецира Шемарчу а, Африкерчу а, Украинерчу а тIемашкахь. Оьрсийчоьнан низамашкахь магош йац долара тIеман компанеш.