Домодедовехь лаьцна Нохчийчуьра гей нохчийн Iедалхошка дIавелла

"Домодедово" аэропортехь лацар (гайтаман сурт)

Москварчу "Домодедово" аэропортехь лаьцна Нохчийчуьра гей Арсамиков Идрис вуьгу меттиг а ца буьйцуш, дIавигина. Цунах лаьцна хаамбина Къилбаседа Кавказера ЛГБТ-нахана а, церан гергарчарна а гIо дечу СК SOS кризисан тобано.

Кхаарин буса лаьцна Арсамиков Идрис полицино, Нохчийчуьра Москва иза кхаьчча. Кавказ.Реалиин редакцига СК SOS тобано дийцарехь, шо сов хаьлха Нидерландашкара цIа веанера иза шен да веллачу тезета. Нидерландашка дIаваханера иза борша стагаца уьйра хилла аьлла Нохчийчохь лаьцна, тIехь ницкъбинчул тIаьхьа. Ден тезетан ван пурба деллашехь, нохчийн ницкъахоша схьадаьккхинера цуьнгара арахьарчу мехкашкахь лела паспорт а, кхиндолу кехаташ а, иштта Нидерландийн Iедалша делла документаш а цхьаьна. Нохчийчохь шо даьккхинчул тIаьхьа, регионера дIаваха сацам хиллера цуьнан Москва а вахана, цигахь лаьцна иза полисхоша.

Цуьнца зIе хадале хьалха, 28 шо долу Арсамиков ларийнера бакъонашларйархошка дIахаийта, ша дозанхоша лармичу вигиний. Полисхоша хаамбинера цуьнга, цунна тIаьхьа бахкийтина нохчийн ницкъаллин структурашкара белхахой, Нохчийчохь цуьнан хиллачу "цхьацца проблемашна тIехула" ду цуьнан лацар аьлла.

Шена тIаьхьабовлар дузу Арсамиковс шен ориентацица доьзна. Нохчийчохь иза вен тарло, билгалдоккху бакъонашларйархоша.

"Лаьцначуьнца къамел ца дайтина адвокате, шайн белхало уллохь а волуш, цаца болчу неIарехула бен. Цул тIаьхьа дIавигина иза нохчийн ницкъахоша. Хетарехь, Арсамиков Шелковскан кIоштарчу ОМВД вуьгуш ву",- дийцина Кавказ.Реалиига "СК SOS" кризисан тобанан векало Мирошникова Александрас.

Иза лацаран бахьанаш ца хаийтина адвокате, "Нохчийчуьра ориентировка" ю алар доцург, билгалдоккху цо.

"Ориентировкица стаг лацар низамашкахь магош дац, хIунда аьлча, и стаг лехамашкахь вац адвокаташа бохушшехь, Москварчу белхахоша шайн нохчийн коллегашка дIавелла иза", - тIетоьхна кризисан тобанан векало.

Арсамиковна тIаьхьа Домодедоверчу декъе веанчу опертиван белхахочо ца гайтина цхьана а кепара документаш аэропортера полицин белхахошна, дуьхьал велира адвокаташна ша вовзийта а, лаьцначун статусах информаци йала а.

Воьхна кхерам тесначу Арсамиковна тIе лоьраш балийра. СК SOS кризисан тобанан группехь дийцарехь, цунна ориентировка кечйинчу Шелковскан кIоштан полицин куьйгалхочо хьалхо Нохчийчохь иза лаьцча ток йеттийтинера цунна, гей ву алий, мукIарло де бохуш.

Нохчийн полисхоша Арсамиковна ницкъбина хиларх дIахьедар чуийцира Москварчу полисхоша.

Бакъонашларйархоша чIагIдо, Арсамиков бехкеван тарло баккхийчу барамашкахь курхалла лелорна. Нохчийчуьра Шелковскан кIоштара ОМВД-н хьаькамо йазйина цунна ориентировка, ткъа бехкзуламан гIуллакх доьллуш дIахьедар йаздина 2021-чу шеран гIуран-баттахь, Арсамиков Нидерландашкахь волчу заманчохь, хаамбина СК SOS тобано.

  • Нохчийн Iедалхой кест-кеста тIаьхьабуьйлу республикерчу ЛГБТ-юкъараллин векалшна. Цунах лаьцна информаци йара Австрерчу экспертан, дуьненаюкъарчу бакъонийн профессоран Бендек Вольфганан Европан Кхеташонан кхерамзаллин организацина (ОБСЕ) леринчу рапортехь. Нохчийн гейшна дуьхьал йолийна кампани юьйзира цо махкарчу а, иштта федералан а Iедалхойн позицица. Царна тIаьхьабийларна жоьпалла Кадыров Рамзанна а, парламентан спикерна Даудов Мохьмадна а тIехь ду элира цо.
  • Бакъоларйаран организацеша а, ООН-о а, Евроберто а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а кхайкхамбира Оьрсийчоьне, ЛГБТ-юкъараллийн векалшна тIелетарш, тIаьхьабийларш, ницкъбар леррина талла аьлла. Оьрсийчоьнан юстицин министралло таллам бинчул тIаьха дIахьедира, Нохчийчохь гейш хаабелла бац, йа церан бакъонаш талхийна меттигаш а аьлла.