Дронаш лелон Iамор бу Нохчийчохь дешархой

Нохчийчуьра цхьахйолчу школехь, гайтаман сурт

Нохчийчоьнан урхалло хийцамаш бина дронаш лелон Iамо леррина классаш (кружокаш), центраш кхолларх йолчу концепцина йукъахь. Цуьнца догIучу документана куьгйаздина мехкан премьер-министро Даудов Мохьмада.

ХIинца оцу кепара леррина классаш схьайоьллур йу Гуьмсера номер 12 йолчу школехь а, Гребенская станицера номер 1 йолчу школехь а. Концепцихь билгалдаьккхина, дешаран хьукматаш "лаккхара хаарш долчу хьехархойх йуьзна" хилар, уьш кийча бу дронаш кечъйан, уьш арахеца, царех пайдаэца а Iамо, церан лицензи а йу тIетоьхначу дешаран хьелаш хIиттон. Школашкахь ишта хила йезаш йу йоьхна дронаш тойан станцеш а, 3D-принтерш а, жима, амма коьрта дронаш гIиттон зонаш а.

Тан редакцино бинчу хаамашца, Нохчийчуьра дешаран, Iилманан министралло бархI дрон эцна махкара школашкара лерринчу кружокашкахь лело. Оцу Iалашонашна республикан бюджетера 43,7 миллин сом хьажийнера.

  • Школашкахь дронаш лелоран урокаш хӀинца дӀахьо тӀетоьхначу дешаран дакъош санна. Масала, Дагестанерчу Цмурская олучу йуккъерчу школехь кӀиранах масийттазза тӀетоьхначу урокашкахь гулбо дешархой, цигахь, кхечу хӀуманашца цхьаьна, БПЛА-ш вовшахтоха а, дӀасалела а Ӏамадо. Iамораш дӀахьо къоман "Дешар" проектан гурашкахь кхоьллинчу "Кванториум" цӀе йолчу берийн техникан парко.
  • ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Ӏедалша 1,3 миллион сом дойур ду пилот чохь воцчу кеманийн 20 оператор Ӏаморна, аьлла, къастийра Кавказ.Реалии сайта тӀехь, бюджетера ахча латточу республикан "Дуккха а функцеш йолчу кегийрхойн центран" документацига хьаьжна.